‏ Jeremiah 19

Йохийна кхаба

1Везачу Эло иштта элира: «Куьпчичуьнгара поппарх йина кхаба эца. Халкъана юкъара а, динан дайшна юкъара а къаной хьайца схьаэца. 2 aЙоьхначу Кхабин кевнна уллорачу Бен-ХӀинам-тогӀи йолчу а гӀой, Аса хьайга аьн дерг халкъе дӀадийца. 3Цаьрга дӀаала: „ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахьаш а, Ярушалайман бахархой а! Шуьга массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала боху: хӀокху лаьтта тӀе Аса боккха бохам кхочуьйтур бу. И хӀума хезна волчу муьлххачу а стеган лере зов догӀур ду. 4Цара Со а витина, хӀара хийра меттиг яр бахьана долуш хир ду и хӀума. Шайна а, шайн дайшна а, иштта яхӀудхойн паччахьашна а бевзаш боцучу харцделанашна цара сагӀанаш дохура. ХӀара меттиг бехк боцучеран цӀийца юьзира цара. 5 bГунаш тӀехь цара БаӀална сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий, БаӀална лерина долу дагоран сагӀа санна, цӀерца багорхьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. 6Цундела, варелаш! – боху Везачу Эло, – тӀекхочур ю цхьа зама, адамаша хӀокху меттиган Тупат, я Бен-ХӀинам-тогӀи аьлла, цӀе йоккхур йоцу. Кху меттиган цӀе Байаран ТогӀи аьлла хир ю. 7Оцу меттехь Аса ЯхӀуд-махкарчу а, Ярушалаймерчу а наха мел леринарг дохор ду. Аса уьш мостагӀийн туьре хӀаллакбойтур бу, уьш байъа гӀерташ болчеран кара Аса уьш дӀалур бу, ткъа церан декъий олхазарийн а, акхаройн а даар хилла дӀахӀуттур ду. 8Аса йохийна дӀайоккхур ю хӀара гӀала, цунах берриш а кхаьрдар бу. Цунна уллохула тӀех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, кхузахь мел бина бохамаш шена гича. 9МостагӀийн ардангаша, нах байа а гӀерташ, го бийр бу гӀалина. ГӀалахь мацалла а хӀоьттина, нах чӀогӀа дог доьхна хир бу. Аса цаьрга вовшийн декъий доуьйтур ду. Наха ур-атталла шайн кӀентий а, йоӀарий а буур бу“.

10Хьайца болчарна хьалха кхаба йоха а яй, 11цаьрга дӀаала: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ХӀара къам а, хӀара гӀала а юха меттахуттийла доцуш, кхаба йохош санна, дохор ду Ас. Белларш Тупатехь а дӀабухкур бу, кхечу меттехь уьш дӀабохка меттиг ца хиларна. 12И хӀума дийр ду Аса кху меттигна а, цуьнан бахархошна а, – боху Везачу Эло. – ХӀара гӀала Тупатах тарйина дӀахӀоттор ю Аса. 13Ярушалаймера цӀенош а, яхӀудхойн паччахьийн цӀенош а – шайн цӀенойн тхевнашна тӀехь стигалийн ницкъашна кӀур тоьхна а, кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш даьхна а долу массо а цӀенош – Тупат санна, Далла хьалха боьха хир ду“».

14Делера болу хаамаш бан Везачу Эло ша вахийтина йолчу Тупатера Ярми-ЯхӀу юхавирзича, иза, Делан цӀийнан керта а вахана, дерриге а халкъе вистхилира: 15«Иштта боху массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала: „Хьовсал, хӀокху гӀалина а, цунна гонах йолчу ярташна а Аса хьалха аьлла болу массо а бохамаш бийр бу, хӀунда аьлча уьш бухахьа а бевлира, Сан дешнашка царна ладогӀа а ца лиира“».
Copyright information for CheCAC2012