‏ Jeremiah 19:1-6

Йохийна кхаба

1Везачу Эло иштта элира: «Куьпчичуьнгара поппарх йина кхаба эца. Халкъана юкъара а, динан дайшна юкъара а къаной хьайца схьаэца. 2 aЙоьхначу Кхабин кевнна уллорачу Бен-ХӀинам-тогӀи йолчу а гӀой, Аса хьайга аьн дерг халкъе дӀадийца. 3Цаьрга дӀаала: „ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахьаш а, Ярушалайман бахархой а! Шуьга массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала боху: хӀокху лаьтта тӀе Аса боккха бохам кхочуьйтур бу. И хӀума хезна волчу муьлххачу а стеган лере зов догӀур ду. 4Цара Со а витина, хӀара хийра меттиг яр бахьана долуш хир ду и хӀума. Шайна а, шайн дайшна а, иштта яхӀудхойн паччахьашна а бевзаш боцучу харцделанашна цара сагӀанаш дохура. ХӀара меттиг бехк боцучеран цӀийца юьзира цара. 5 bГунаш тӀехь цара БаӀална сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий, БаӀална лерина долу дагоран сагӀа санна, цӀерца багорхьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. 6Цундела, варелаш! – боху Везачу Эло, – тӀекхочур ю цхьа зама, адамаша хӀокху меттиган Тупат, я Бен-ХӀинам-тогӀи аьлла, цӀе йоккхур йоцу. Кху меттиган цӀе Байаран ТогӀи аьлла хир ю.
Copyright information for CheCAC2012