Jeremiah 2
Дала Исраилан халкъана гӀайгӀабар
1Везачу Элан дош кхечира соьга: 2«Ярми-ЯхӀу, ваха а гӀой, Ярушалайман халкъе дӀахьедар де. Цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Къоначу хенахь хьо тешаме хилар дагадогӀу Суна,хьо къона нускал долуш Со везара хьуна.
Хьо Суна тӀаьхьахӀоьттина догӀура яьссачу аренгахула –
тӀе хӀу тасаза долчу лаьтта тӀехула.
3Исраилан халкъ Везачу Элана лерина схьакъастийна дара,
дуьххьара болу стом санна, Цуьнан долахь бен дацара.
Иза мел кхоллург бехке хетара,
ткъа царна тӀе бохам боуьйтура’ – боху Везачу Эло“».
Исраилан халкъан дайша летийна къинош
4Якъубан тӀаьхье а, Исраилан тӀаьхьенан массо а тайпанаш а, ладогӀа Везачу Элера болчу хааме! 5Везачу Эло иштта боху: «ХӀун зулам гина шун дайшна Соьгара,уьш Суна херабовллал? Суна гена а бевлла,
хӀумма а йоцучу цӀушна суждане а оьхуш,
шайх а хӀумма а йоцург хилла царах.
6Цара хӀунда ца хаьттина: „Мичахь ву
вай Мисар-махкара арадаьхна волу Веза Эла?
Шена тӀехь гӀамарш а, Ӏаннаш а долчу,
ша екъа а, Ӏаьржачу бодане а долчу,
шена тӀехула цхьа а некъахо ца вогӀучу,
шена тӀехь цхьа а Ӏаш воцучу яьссачу аренгахула
схьадалийна волу Веза Эла мичахь ву хӀинца?“
7Аса шу токхечу лаьтта тӀе схьадалийра,
цуьнан ялта а, дика хӀуманаш а шуьга яийта.
Амма аша, схьа а даьхкина, Сан латта бехдира,
Сан долахь долчух аша дегаза меттиг йира.
8Динан дайша а ца хоттура: „Мичахь ву Веза Эла?“– аьлла,
ткъа Ӏелам нах а Со вовза лууш бацара.
Исраилан баьччанаш Суна дуьхьал бевллера,
ткъа пайхамарша БаӀалан цӀарах хаамаш бора,
хӀумма а йоцучу цӀушна суждане оьхура.
9Цундела Аса юха а шуна бехк тӀебуьллу, – боху Везачу Эло. –
Шун тӀаьхьенна а бехк тӀебуьллур бу Аса.
10Даха а гӀой, Хитаман гӀайренаш тӀехь а хьовса,
иштта Къедар-гӀала стаг а вахийтий, цигахь а талла,
хӀоьттина цигахь шу долчохь долу хьал.
11Хьовса, хийциний цхьана а къомо шайн деланаш,
церан метта кхин деланаш а лехна,
уьш цхьана а тайпана деланаш боццушехь?
Амма Сан къам шайн сийлаллин Делах дӀа а къаьстина,
хӀумма а йоцучу цӀушна тӀедирзина.
12Тамаша бейша хӀокху хӀуманна, стигалш,
Ӏадаяй, инзарйовлийша!» – боху Везачу Эло. –
13«Сан къомера ши зулам даьлла:
дийна хи чохь долу шовда санна волу Со а витина,
цара шайна чохь хи соцуш йоцу йохийна гӀунаш яьхна».
Далла тешаме цахиларна хилларг
14«Исраилан халкъ лай ду?Я дуьнен чу долучу хенахь лай хилла ду?
Иза кхечарна ижу хилла дӀа хӀунда хӀоьттина?
15Цунна гӀигӀ деш дӀахӀиттинчу къоначу лоьмаша,
ижу а яьккхина, гӀовгӀа йора.
Исраилан мохк бассийна цара.
ГӀаланаш ягийна, царна чохь халкъ а ца дисина.
16Нуп-гӀалин а, Тахьпанхьас-гӀалин а
бахархоша хьан хьеюкъ дӀаяьшна.
17Амма хьоьга беъначу баланан бахьана хьо хьуо ду.
Хьан Веза Дела волчу Аса хьо нийсачу новкъахула далош дара,
амма хьо Суна уллора дӀаделира.
18Мисар-махка а даьхкина, Нил чуьра хи маларх
хӀун пайда хир бу хьуна?
Ашур-махка а даьхкина, Эпрат чуьра хи маларх
хӀун пайда хир бу хьуна?
19Ахьа мел динчу воно хьуна таӀзар дийр ду,
хьан тешнабехке хиларо хьуна тӀехдеттар ду.
Ойла ехьа, хаа ду хьуна,
Везачу Элах хьо дӀакъаьстина хилар а,
Суна хьалха хьо ларамах дуьзна цахилар а,
мел вон а, къаьхьа а ду иза», –
боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло.
Халкъ Везачу Элана Ӏибадат дарх къехкар
20«Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна.Ахьа бохура: „Хьуна муьтӀахь хир вац со!“
Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тӀехь а,
хӀора луьста гаьннаш долчу диттана кӀелахь а,
кхахьпаллица кхечу деланашна Ӏибадат дора ахь.
21Аса-Айса хьо юьйгӀира, тоьлла таьлланг санна,
ма тешаме кемсийн хӀу дара хьо!
Муха хилла хьох вон хьожа йогӀу
акха а, хийра а кемсийн таьлланг?
22Хьуо дикка цӀандан гӀертахь а,
хьайна тӀе дуккха а саба хьекхахь а,
хьан къинан заралла Суна хьалха лаьтта, –
боху Хьалдолчу Эло. –
23Муха эр ду: „Со бех ца вира аса.
Со БаӀал-деланийн лорах ца лелла“?
ТогӀи чохь хьо леларе хьажал,
айхьа лелийначух дикка кхетал!
Хьо, аьрха стен эмкал санна,
хьайн некъаш дӀакхоьхьуш яра.
24Хьо акха виркхел санна ю, яьссачу аренгахь Ӏан Ӏемина йолу,
шен хьайна хиларехь мерӀуьргашца хӀаваъ муьйлуш йолу.
Хьаьнга юхаозалур ю иза, сел чӀогӀа лууш хилча?
Иза оьшуш мел йолчу виро ша кӀадъян ца еза –
оре еанчу хенахь иза атта карор ю.
25Исраилан халкъ, хьайн когашка мачаш ма йохаяйта,
хьайн къамкъаргана хьогалла ма гайта,
кхечу деланашна тӀаьхьа а уьдуш.
Амма ахьа элира: „Са ма тийса!
Суна кхечу къаьмнийн деланаш беза,
со царна тӀаьхьа лелар ду“».
Халкъана таӀзар дар догӀуш хилар
26«Къола дечохь схьалаьцначу къуьнна эхь хетийтаре терра, юьхьӀаьржачу хӀоьттина Исраилан тӀаьхье – къам а, паччахьаш а, баьччанаш а, церан динан дай а, пайхамарш а. 27Цаьрга дечиган гериге: „Хьо сан да ву“алалур ду, ткъа тӀулге а алалур ду: „Ахьа со вина“, хӀунда аьлча цара Суна шайн юьхьан метта букъ берзийна. Ткъа шайна бохам тӀебеача, цара бохур ду: „Тхо кӀелхьардахахьа!“ 28ТӀаккха Ас шуьга эр ду: „Мичахь бу ахьа хьайна бина болу деланаш?“Хьо баланашкахь долчу хенахь цаьрга, схьа а баьхкина, даккхийта хьо кӀелхьар, хӀунда аьлча хӀора хьайн гӀалин цӀарах цхьацца дела ву хьан, ЯхӀудан халкъ. 29Шу Соьца стенна къийсало? Шу массо а Суна дуьхьал гӀевттина, – боху Везачу Эло. – 30Шун къомана Ас таӀзар дар эрна хилла, исраилхой, хӀунда аьлча наха шаьш нис ца байтина. Цоьстучу лоьмо санна, аша таррашца шайн пайхамарш хӀаллакбина». 31Ва Исраилан тӀаьхье, тидам бе Везачу Элан дешнашка: «Яьсса аре я Ӏаьржачу боданан латта санна Исраилан халкъана вара Со ткъа? Иштта хӀунда боху Сан къомо: „Тхо кхерсташ ду, ткъа Хьо волчу юхадоьрзур дац!“? 32Зудаберана шен жовхӀарш диц ца ло. Нускална шен доьхка а диц ца ло. Амма Сан халкъана Со диц ца даллал дукхазза вицлора. 33Ма дика хаьа хьуна, ЯхӀудан халкъ, безаргаш хьайна лаха. Уггар вон зударий а хьох Ӏама мега! 34Хьан бедарийн юьхах хьакхаделла бехк боцучу къечу адамийн цӀий ду, къола дечохь ахь уьш ца лаьцнехь а. И массо а къинош ахь летийнехь а, 35боху ахьа: „Сан бехк бац. Дела суна оьгӀаз гӀур вац“. Ахьа „Сан бехк бац“бахарна Аса кхел йийр ю хьуна. 36ХӀунда лела хьо хьайн некъаш хуьйцуш? Мисар-махкаца барт а беш, хьо юьхьӀаьржачу хӀуттур ду, Ашур-махко ма-хӀоттора. 37ЮьхьӀаьржачу а хӀоттийна, Мисар-махкара а хьо дӀагӀур ду. Хьо тешна Ӏаш берш Веза Эла волчу Аса дӀа-ма-теттина. Цаьрца хьан аьтто хир бац».
Copyright information for
CheCAC2012