‏ Jeremiah 22

ЯхӀудхойн паччахьан цӀенна Ярми-ЯхӀус бина хаам

1Везачу Эло иштта боху: «ЯхӀудхойн паччахьан цӀа а гӀой, цигахь хӀара дешнаш дӀаала: 2„Дауд-паччахьан тӀаьхьенах волу яхӀудхойн паччахь, ладогӀа Везачу Элера болчу хааме – ахь а, хьан тхьамданаша а, хӀокху кевнехула дӀасалелаш долчу хьан халкъо а ладогӀа! 3Иштта боху Везачу Эло: ‘Бакъдерг а, нийсо а лелае, гӀело йинарг гӀело еш волчух ларве, тӀевеаначу стагана гӀело ма е, иза дӀа а ма тетта, бай а, бисина Ӏаш болу зударий а ларбе, бехк боцучун цӀий а ма Ӏанаде хӀокху меттехь. 4Шайга аьлларг деш шу хилахь, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах болу паччахьаш хӀокху паччахьан цӀенойн кевнехула чуоьхур бу. Уьш шайн тхьамданашца цхьаьна, гӀудалкхашна а, говрашна а тӀе а хийшина, кхузахула чубогӀур бу. 5 aАмма хӀокху дешнашка аша ла ца догӀахь, Аса Сайх дуй боу, – боху Везачу Эло, – хӀара цӀа Аса дассор ма ду’“».

6ЯхӀудхойн паччахьан цӀийнах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «ГалӀад-мохк я Ливанун-лам санна хаза хьо Суна хетахь а, шен гӀаланашкахь цкъа а адам дехаш йоцу яьсса аре санна йийр ю Аса хьох. 7Аса шуна шу хӀаллакден берш бохур бу шуна дуьхьал, хӀораннан а карахь герз а долуш. Ткъа цара хьан уггар дика долу баганан дитташ, схьа а дохуш, цӀерга кхуьссур ду.

8Кхечу къаьмнех дуккха а наха, шаьш хӀокху гӀалина уллохула тӀехдуьйлучу хенахь, вовшашка хоьттур ду: „ХӀунда дина те Везачу Эло хӀокху тайпана гӀуллакх хӀокху йоккхачу гӀалина?“ 9Царна жоп луш, эр ду: „Иза дина, шайн Везачу Дала бина барт дӀа а теттина, кхечу деланашна Ӏибадат а деш, царна Ӏамал а еш, уьш лелла дела“».

Шалумах лаьцна болу Делера хаам

10Веллачу паччахьах белхар а ма хӀиттаде,
иза дӀакхалхарх тийжарш а ма хӀиттаде.
ХӀетте а, даггара тийжа цуьнан кӀантана,
хӀинца йийсаре дӀавуьгуш волчу,
иза кхин цкъа а цӀа ца верзарна а,
ша вина мохк цунна кхин ца гарна а.

11 bВезачу Эло яхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀантах Шалумах
Шалум – цуьнан кхин цӀе «Юахьаз» ю.
(шен да волчу Юши-ЯхӀул тӀаьхьа паччахь а хилла иза, кху меттера йийсаре дӀавигна а ву) лаьцна иштта боху: «Иза цкъа а кху метте юхавоьрзур вац.
12Иза мисархоша ша дӀавигначу меттехь лийр а ву, цунна хӀара мохк кхин гур а бац».

ЯхӀу-Якхамах болу Делера хаам

13Декъаза ву шен паччахьан цӀенош хьарамлонца дийриг,
цӀенойн лакхара чоьнаш харцонца йийриг,
шен махкахошка маьхза къахьоьгуьйтург,
цара бинчу балхана алапа ца лург.
14Цо боху: «Аса сайна доккха цӀа дийр ду,
шена чохь паргӀат чоьнаш а йолуш».
Цо даккхий кораш а доху,
пенаш баганан дечигца кечдо,
царна цӀен басар а хьокху.
15Кхечарал айхьа баганан диттах дико чоьнаш кечйича,
хьо паччахь хир ву моьтту хир ду хьуна?
Хьан ден, кхечеран санна, даар-малар дара,
амма цо нийсо а, бакъдерг а лелайора,
ткъа цундела цуьнан аьтто хуьлура.
16Къен а, миска а волчун гӀуллакх
цо нийсонца къастадора.
Цундела иза дика вехаш вара.
Иза дац те Со вовзар? –
боху Везачу Эло. –
17Амма хьан бӀаьргаш а, дог а
харцахьа хьайна са яккха а,
бехк боцучеран цӀий Ӏано а,
нахана гӀело а, ницкъ бан а
бен тӀедерзийна дац.

18 dЦундела Везачу Эло яхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀантах ЯхӀу-Якхамах лаьцна иштта боху: «Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац:
„Маржа-яӀ сан ваша! Маржа-яӀ сан йиша!“
Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац:
„Маржа-яӀ сан олахо! Маржа-яӀ сан паччахь!“
19Хьо, вир дӀа-ма-йоллара, дӀавуллур ву,
хьан дакъа, Ярушалайман кевнал
ара а даьккхина, охьакхуссур ду».

Ярушалаймах лаьцна Делера болу хаам

20«Ливанунан лаьмнаш тӀе а валий, мохь тоха!
Башан-махкахь мохь а бетта, Ярушалайман халкъ,
Ӏабариман лаьмнаш тӀера хьан аз а айде,
хӀунда аьлча массо а хьан бартхой эшийна бу.
21Хьо сашортехь бехачу хенахь,
Ас хьоьга дӀахьедира,
амма ахьа ладугӀур дац элира.
Хьо къона долчу хенахь дуьйна а
ахьа ла ца дугӀура Аса бохучуьнга.
22Хьан массо а баьчча мохо дӀахьур ву,
ткъа хьан бартхой йийсаре буьгур бу.
ТӀаккха хьо юьхьӀаьржачу хӀуттур ву,
айхьа мел лелийна зуламаш бахьана долуш.
23Ливанунерчу дечигах йинчу гӀалахь вехаш волу хьо,
баганан диттан дечигах динчу цӀеношкахь Ӏаш волу хьо,
ма узарш дийр ду ахь, хьайна бохам тӀебеача,
берах хьийзо зудчун лазарш санна хир бу иза!»

ЯхӀу-Яхинна йо Делан кхел

24 e«Дийна волчу Сох чӀагӀо йо Аса, – боху Везачу Эло, – яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Якхаман кӀант ЯхӀу-Яхин, хьо Сан аьтту куьйган пӀелгара мухӀар хилча а, Аса хьо цу тӀера схьа а ваьккхина, 25хьан са лоьхуш болчеран кара а дӀалур ву, иштта хьо кхоьруш волчу бавелхойн паччахьан Набухди-Нецаран а, хашадхойн кара а дӀалур ву. 26Аса хьо а, хьо вина йолу хьан нана а шу дуьнен чу девлла доцучу хийрачу махка кхуьссур ду, цигахь шу лийр ду. 27Хьуна хьайн махка юхаверза луур ду, амма хьо цига юхавоьрзур вац».

28ЯхӀу-Яхин цӀе йолу хӀара стаг йохийна кхаба санна я цхьанна а ца оьшу кхаба санна ву те? ХӀунда лаьллина те иза шен доьзалца царна бевзаш а боцучу хийрачу махка дӀа? 29Ва ЯхӀудан латта! Аса хьоьга чӀогӀа доьху,
Везачу Элера болчу хӀокху хааме ладогӀа!

30Иштта боху Везачу Эло: «ДӀаязде цу стагах лаьцна,
тӀаьхье йоцуш волчу стагах санна,
шен дахарехь аьтто кхин хир боцучух санна,
хӀунда аьлча цуьнан тӀаьхьенах цхьаммо а,
Дауд-паччахьан цӀийнах ша хиларна,
ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дийр ду».
Copyright information for CheCAC2012