Jeremiah 23
Хиндолчух сатийсар
1«Декъаза бу, Сан уьстагӀий хӀаллак а деш, дӀаса а лоьхкуш лелаш болу Ӏуй», – боху Везачу Эло. 2Цундела Шен къомана тӀехь Ӏуналла дан дезаш болчу Ӏуйшка Исраилан Дела волчу Везачу Эло боху: «Аша Сан уьстагӀий дӀасалаьхкина, аша царна Ӏуналла а ца дина. Цундела Аса таӀзар дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – 3Аса уьш дӀалаьхкина болчу массо а мехкашкара Сайн дисина долу жа схьа а гулдийр ду, шайн дежийле юха а дерзор ду. Цигахь церан бераш хир ду, церан тӀаьхье стам а лур ю. 4Аса цунна тӀехь дола дийр долу Ӏуй дӀахӀиттор бу. ТӀаккха уьш, кхера а ца кхоьруш, къемат а доцуш, лелар бу, царах цхьа а вийна хир вац», – боху Везачу Эло. 5 a«ТӀекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тӀаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зӀийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хӀокху лаьтта тӀехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. 6Цо олалла дечу деношкахь ЯхӀудан халкъ паргӀат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Ӏийр ду. Цуьнан цӀе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“. 7Иштта, тӀекхочур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхинчу дийна волчу Везачу Элах адамаша кхин чӀагӀо йийр йоцу. 8Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дӀабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йийр ю цара. Оцу хенахь и халкъ шен лаьтта тӀехь дехар ду».Харцпайхамарех лаьцна Делера болу хаам
9ХӀара дешнаш пайхамарех лаьцна ду.Сан дог кийрара схьаэккха доллуш ду,
сан даьӀахкаш егош ю,
со чагӀаро вахийна волу стаг санна ву,
Веза Эла а, Цуьнан деза дешнаш а бахьана долуш.
10Далла тешаме боцучарах мохк буьзна.
Церан дахар вочунна тӀедирзина ду,
цара харцонца нахана шайн ницкъ бо.
Везачу Элан неӀалт хилар бахьана долуш,
латта тийжаш ду, яьссачу аренгахь йолу
дежийлаш якъаелла Ӏохкуш ю.
11«Пайхамарш а, динан дай а Ӏеса бу, – боху Везачу Эло, –
ур-атталла Сайн цӀа чохь а церан Ӏесалла хааелла Суна.
12Цундела церан некъ царна хир бу,
боданехь нах шоьршуьйтуш болу.
ДӀа а теттина, цигахь уьш охьаэгар бу.
Царна таӀзар дечу деношкахь
Аса царна бохамаш хуьлуьйтур бу, –
боху Везачу Эло. –
13Шамранан пайхамаршна юкъахь
иштта дегаза хӀума гина Суна:
цара БаӀалан цӀарах хаамаш бо.
Сан Исраилан халкъ ледеш ду цара.
14 bЯрушалайман пайхамаршна юкъахь
иштта ирча хӀума гина Суна:
ямарта а хуьлуш, цара харцонаш лелайо.
Зуламхошна цара гӀо дар бахьанехь,
цхьа а шен Ӏесаллех дӀа ца воьрзу.
Суна хьалха уьш берриш а Седам-гӀалин бахархой санна бу,
ткъа Ярушалаймера нах Суна Ӏамор-гӀалин бахархой санна бу».
15ХӀара боху массо а ницкъийн Везачу Эло оцу пайхамарех лаьцна: «Аса сагал-буц йоуьйтур ю цаьрга,
дӀаьвше хи а молуьйтур ду,
хӀунда аьлча Ярушалаймера пайхамаршна тӀера
массо а лаьтта тӀехь Ӏесалла яьржина».
16Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Шайга хаамаш беш болчу пайхамаршка ла ма догӀа. Цара шу эрначу сатийсарех дузу. Цара беш берш шайн дегнаш чохь кхоьллинарш бу, Везачу Элера хаамаш бац. 17Цара массо а хенахь Сох ца бешаш болчаьрга олу: „Везачу Эло боху: шу долчохь машар хир бу“, ткъа шайн аьрхачу дегнашца лелаш болчаьрга цара олу: „Шуьга бохам богӀур бац“». 18Царна юкъара мила ву Везачу Элан стигаларчу гуламехь лаьттинарг, Везачу Эло бохург гуш а, хезаш а волу? Царна юкъара мила ву, Цуьнга ла а доьгӀна, Цо бохург дӀахезнарг? 19Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тӀейогӀуш ю, иза Ӏесачеран коьрта тӀе, йилбазмох санна, южур ю. 20Везачу Элан оьгӀазалла дӀаер яц, Ша мел дан леринарг чекхдаккхалц. ТӀедогӀуш долчу деношкахь шу цунах дика кхетар ду. 21Везачу Эло боху: «И пайхамарш Аса бахкийтина бац, амма уьш, Сан геланчаш санна, бевдда лела. Аса царна хӀумма а ца дийцира, амма цара Сан цӀарах хаамаш бина. 22Уьш Сан стигаларчу гуламехь хиллехьара, цара Сан дешнаш Сан халкъе дӀакхачийна а хир дара, цара и халкъ шен вочу некъа тӀера юьстахдалийтина а хир дара, зуламе гӀуллакхаш дечуьра сацийна а хир дара. 23Со шуна уллохь волуш бен вац те Дела? – боху Везачу Эло. – Со шуна генахь хилча а ву шуна Дела, Со массанхьа а ву! 24ДӀалачкъалур вуй стаг Суна ца гучу меттехь? – боху Везачу Эло. – Стигалахь я лаьттахь Со воцу меттиг ю ткъа? – боху Везачу Эло. – 25Суна хезна Сан цӀарах харцхаамаш беш болчу пайхамарша бохург. Цара олу: „Суна гӀенах гина, суна гӀенах гина“. 26Мел дахлур ду иза? Дукха лелар буй те и пайхамарш харцдерг а дуьйцуш, шайн дегнашкара болу хаамаш а беш? 27Вовшашка дуьйцучу гӀенаша Сан халкъе Сан цӀе йицйойтур ю моьтту царна, БаӀал бахьана долуш церан дайшна Сан цӀе йицъелла ма-хиллара. 28ГӀан гина волчу пайхамаро, шена гӀенах гинарг гӀан ду аьлла, дийца деза, амма шегахь Сан дош долчо, иза ма-дарра дӀадийца деза. Кегаш цӀена кӀа ма дац! – боху Везачу Эло. – 29Соьгара болу хаам цӀе санна бу, – боху Везачу Эло, – иза тарх йохош йолу варзап санна бу. 30Иза иштта хилча, – боху Везачу Эло, – вовшашкара Сан дешнаш лечкъадеш болчу пайхамаршна дуьхьал ву Со. 31Иштта, – боху Везачу Эло, – шайгара хаамаш беш белахь а, Соьгара и хаамаш бу бохуш болчу пайхамаршна дуьхьал ву Со. 32Харцонех дуьзна гӀенаш дӀадуьйцучу пайхамаршна дуьхьал ву Со, – боху Везачу Эло. – ГӀенаш дӀа а дуьйцуш, шайн харцонашца а, Ӏехорца а цара Сан халкъ тиладо. И пайхамарш Аса бахкийтина а бац, Аса къобалбина а бац. Сан халкъана цхьа а тайпана аьтто ца боккху цара», – боху Везачу Эло.
Везачу Элера болу мохь
33«ХӀокху халкъо, я пайхамаро, я динан дас „Везачу Элан хааман мохь хӀун бу?“аьлла, хаттар дахь, ахьа, Ярми-ЯхӀу, цаьрга ала деза: „Шу Везачу Элан хала мохь бу, иза Цо охьа а тосур бу“, – боху Везачу Эло. – 34Нагахь санна пайхамаро, я динан дас, я халкъо „Везачу Элера мохь бу“алахь, аса цу стагана а, цуьнан цӀенна а таӀзар дийр ду. 35Цундела вовшашка а, вашас веше а иштта ала: „ХӀун жоп делира Везачу Эло?“, я „ХӀун элира Везачу Эло?“ 36Ткъа „Везачу Элера мохь“боху дешнаш цкъа а шайгара ма хазийта, хӀунда аьлча и мохь Везачу Элера бу шаьш алахь а, иза стага ша кхоьллина дешнаш бен дац. Иштта, „Везачу Элера мохь“боху дешнаш а далош, дийна волу Дела а, массо а ницкъийн Веза Эла а, вайн Дела а Волчун дешнаш харцахьа туьду аша. 37Ахьа иштта хатта деза пайхамаре: „Муха жоп делира Везачу Эло?“я „ХӀун элира Везачу Эло?“ 38Амма аша „Везачу Элера болу мохь бу сан“алахь, Везачу Эло иштта боху: Аса шуна „Везачу Элера болу мохь бу сан“ала дихкинера, амма аша, Соьга ла а ца дугӀуш, и дешнаш даладо. 39Цундела беза мохь санна долу шу Аса, хьала а айина, дӀакхуьссур ма ду. Шу а, шун дайшна Аса дӀаелла гӀала а Аса Сайна уллора дӀатоттур ю. 40Аса цкъа а йицлур йоцу юьхьӀаьржо а, гуттара а хир йолу сийсазалла а тӀейоуьйтур ю шуна».
Copyright information for
CheCAC2012