Jeremiah 24
Инжираш чохь йолу ши тускар
1 aВезачу Эло суна дуьхьал сурт хӀоттийра, Шен цӀенна хьалха лаьтташ долу инжираш чохь йолу ши тускар а гойтуш. (Иза дара бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецара яхӀудхойн паччахьан ЯхӀу-Якхаман кӀант Яхун-ЯхӀу яхӀудхойн тхьамданашца а, аьчка а, дечиган а пхьерашца а Ярушалайм-гӀалара Бавел-махка йийсаре вигначул тӀаьхьа.) 2Цхьана тускар чохь яра хьалххе хуьлуш ерш санна йолу дика инжираш, ткъа вукху тускар чохь яа ца маггал телхина вон инжираш яра. 3ТӀаккха Везачу Эло соьга хаьттира: «ХӀун го хьуна, Ярми-ЯхӀу?» Аса жоп делира: «Суна инжираш го. Дика инжираш чӀогӀа дика ю, ткъа вон инжираш яа а мегарг ца хиллал телхина ю». 4ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: 5«Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „ХӀара дика инжираш санна, мостагӀаша кхузара дӀадигна долу а, Айса хашадхойн махка дӀадаийтина долу а ЯхӀудан халкъ дика хетар ду Суна. 6Церан диканна Аса церан терго йийр ю, уьш хӀокху махка юха а балор бу. Аса уьш юхаметта а хӀиттор бу, бохор а бац. Аса уьш дӀабугӀур а бу, орамашца схьабохур а бац. 7Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дӀадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хӀунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“. 8Ткъа яа мегаш ца хиллал телхина йолчу вон инжирашца санна, – боху Везачу Эло, – Со хир ву яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуца а, цуьнан тхьамданашца а, иштта хӀокху махкахь бисина болчу я Мисар-махкахь бехаш болчу Ярушалаймера шаьш кӀелхьарбаьхначаьрца а. 9Дуьненан массо а пачхьалкхашна Аса царах инзаре а, вон а хӀума дийр ду. Аса уьш дӀалаьхкина йолчу массо а меттехь атта хоьтуьйтур бу, царах масалш а далош, нах кхордуьйтур бу, церан цӀераш а йохуш, неӀалташ кхайкхадойтур ду. 10Аса туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца хӀаллакбийр бу уьш, церан дайшна деллачу лаьтта тӀехь уьш хӀаллакьхилла дӀабовллалц».
Copyright information for
CheCAC2012