Jeremiah 26:1-6
Ярми-ЯхӀу кхеле валар
1 aЯхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Якхаман паччахьаллин хьалхарчу шарахь Везачу Элера хаам кхечира. 2Цо элира: «Везачу Элан цӀийнан керта дӀа а хӀоттий, Цуьнан цӀенна уллохь Далла Ӏибадат дан баьхкина болчу а, ЯхӀуд-махкарчу болчу а массо а нахе вистхила. 3Шайга бохучуьнга ла а доьгӀна, шаьш лелаш болчу вочу некъа тӀера дӀаберза мегара уьш. ТӀаккха Аса, дохко а ваьлла, цара лелийначу вочунна Айса бан лерина болу бохам царна бийр бацара. 4Цаьрга ала: „Везачу Эло иштта боху: Аса шайна белла болчу товрат-хьехамца а лелаш, аша Соьга ладогӀа деза! 5Аса дукхазза а шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла ца дугӀура. ХӀинца церан дешнашка аша ладогӀа деза! 6 bШу иштта ца лелахь, тӀаккха Аса хӀокху Сан дезачу цӀенна Шилун-гӀалина диннарг дийр ду. ТӀаккха дуьнен чохь долчу массо а халкъаша хӀокху гӀалин цӀе яккхарца неӀалташ бохур ду“».
Copyright information for
CheCAC2012