‏ Jeremiah 27

Ярми-ЯхӀун кочара дукъ

1 aЯхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам
Ӏебархойн тептар тӀехь: ЯхӀу-Якхам. Цхьадолчу тептарш тӀехь: ЦӀадукъ-ЯхӀу.
паччахь хилла дӀахӀоьттинчу дуьххьарчу заманахь Везачу Элера хӀара хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга.
2Везачу Эло соьга иштта элира: «Ярми-ЯхӀу, цӀоканан моханех а, дукъойх а хьайна дукъ а дай, иза хьайна тӀедилла. 3И саннарш Эдомерчу а, Муаби-махкарчу а, Ӏамминарчу а, Цора-гӀаларчу а, ЦӀаданарчу а паччахьашна а дахьийта. Уьш Ярушалайме яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу гархьама баьхкинчу векалшкахула дӀадахьийта. 4ХӀара дешнаш цу паччахьашка дӀаалар цу векалшна тӀедилла: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: шайн паччахьашка иштта дӀаала: 5‘Сайн боккхачу ницкъаца а, тӀекховдийначу куьйгаца латта а, адамаш а, лаьтта тӀера бежанаш а кхоьллина Аса. Сайна мел луучун кара Аса и латта дӀало. 6Ткъа хӀинца Аса хӀара массо а хӀума Сайн лай волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дӀало. Аса аренан акхарой а цунна гӀуллакх дан дӀало. 7Массо а халкъаш цунна а, цуьнан кӀантана а, цуьнан кӀентан кӀантана а гӀуллакх деш хир ду. Иза иштта хир ду, Бавел эшна хир йолу заман тӀекхаччалц. ТӀаккха дуккха а къаьмнаша а, сийлахьчу паччахьаша а Бавел-мохк муьтӀахь бийр бу.

8Нагахь санна цхьа къам я пачхьалкх Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дуьхьал далахь, цуьнан дуькъана хьалха шен ворта охьа а ца таӀош, цу къомана Аса туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца таӀзар дийр ду, – боху Везачу Эло, – и къам Аса Набухди-Нецаре кхоччуш хӀаллакдайтталц. 9Ла ма догӀа шайн пайхамаршка а, пал туьйсуш болчаьрга а, гӀенаш туьдуш болчаьрга а, бозбунчашка а, жинашца тайначаьрга а. Цара боху: ‹Шу Бавелан паччахьна муьтӀахь хила ца деза›. 10Цара шуьга харцдерг дуьйцу, шу шайн лаьтта тӀера гена дӀалахкийтархьама. Аса шу дӀалохкур дара, ткъа шу хӀаллакьхир дара. 11Бавелан паччахьан дукъ тӀе а эцна, цунна гӀуллакх деш сецна муьлхха а къам Аса шен лаьтта тӀехь дуьтур ду. Иза, шен лаьтта тӀехь гӀуллакх а деш, цу тӀехь дехар ду’, – боху Везачу Эло“».

12И хаам а аса ЯхӀудан паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуга дӀакхачийра. Аса элира: «ОхьатаӀае шайн ворта Бавелан паччахьан дукъана хьалха, цунна а, цуьнан халкъана а гӀуллакх а деш саца – дийна дуьсур ду шу. 13ХӀунда хуьлуш ду хӀаллак хьо а, хьан къам а тур а, мацалла а, Ӏожаллин ун а бахьана долуш? Везачу Эло и дерриг а Бавелан паччахьна муьтӀахь ца хиллачу къомана хир ду аьлла ма ду. 14Ла ма дийгӀийша шайга: „Бавелан паччахьан кара шу гӀур дац“, – бохуш болчу пайхамаршка. Цара шуна бо хаамаш харц бу. 15Уьш Аса баийтина бац шу долчу, – боху Везачу Эло. – Цара Сан цӀарах харцхаамаш бо. Цундела Аса шу дӀалохкур а ду, ткъа шу хӀаллак а хир ду – шу а, шуна харцхаамаш беш болу пайхамарш а».

16Динан дайшка а, дерриг халкъе а аса элира: «Иштта боху Везачу Эло: „‘Везачу Элан цӀа чуьра дӀаяьхьна йолу пхьегӀаш кестта Бавел-махкара юхаерзор ю’, – бохуш болчу шайн пайхамаршка ла ма догӀа. Цара шуна харцхаамаш бо. 17Цаьрга ла а ца дугӀуш, Бавелан паччахьна муьтӀахь хила, тӀаккха шу дийна дуьсур ду. ХӀара гӀала, къапалг а йина, хӀунда хӀаллакйина яра? 18Нагахь санна уьш пайхамарш а белахь, цаьргахь Сан дош а делахь, цара массо а ницкъийн Везачу Эле шайн доӀанашца деха деза Везачу Элан цӀа чохь а, яхӀудхойн паччахьан цӀа чохь а, Ярушалаймехь а йисина йолу еза пхьегӀаш Бавеле дӀа ма яхьийта аьлла“».

19Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху цӀестан бӀогӀамех а, цӀестан хӀордах а, цӀестан кӀелхӀотторгех а, иштта хӀокху гӀалахь йисначу кхийолчу хӀуманех лаьцна. 20(Уьш Набухди-Нецара ша яхӀудхойн паччахьан ЯхӀу-Якхаман кӀант Яхун-ЯхӀу а, ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а цӀеяхана болу массо а нах Бавеле дӀабуьгучу хенахь цига дӀа ца яьхьнера.) 21Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Шен дезачу цӀа чохь а, яхӀудхойн паччахьан цӀа чохь а, Ярушалайм-гӀалахь а йисначу хӀуманех лаьцна иштта боху: 22«Уьш Бавеле дӀахьур ю, царна тидам бан беза Аса сацам бечу денна тӀекхаччалц уьш цу гӀалахь а хир ю, – боху Везачу Эло. – Цул тӀаьхьа Аса оцу метте уьш юха йоуьйтур ю».
Copyright information for CheCAC2012