Jeremiah 28
Ярми-ЯхӀу а, Хьанан-ЯхӀу а
1 aОццу шарахь, яхӀудхойн паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀус олалла дечу дуьххьарчу заманахь – доьалгӀачу шеран, пхоьалгӀачу баттахь цуьнан паччахьаллехь – ГавӀонера пайхамар волу Ӏазуран кӀант Хьанан-ЯхӀу соьга вистхилира. Везачу Элан цӀийнан кертахь а волуш, динан дайшна а, массо а халкъана а хьалха Хьанан-ЯхӀус соьга элира: 2«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса дохор ду Бавелан паччахьан дукъ. 3Ши шо далале, Аса оцу метте юхаяхьар ю Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Везачу Элан цӀа чуьра Бавеле дӀаяьхьна йолу ерриге а хӀуманаш. 4ЯхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Якхаман кӀант Яхун-ЯхӀу а, ЯхӀуд-махкара Бавеле дӀабигна болу массо а йийсархой а Аса хӀокху метте юхаберзор бу, – боху Везачу Эло. – Аса дохор ду Бавелан паччахьо яхӀудхошна тӀедиллина долу дукъ“». 5ТӀаккха Ярми-ЯхӀу Везачу Элан цӀийнан кертахь болчу динан дайшна а, массо а нахана хьалха пайхамар волчу Хьанан-ЯхӀуга вистхилира. 6Ярми-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Иштта хуьлийла иза, Везачу Эло иштта нисдойла иза! Везачу Элан цӀийнан хӀуманаш а, массо а йийсархой а Бавелера хӀокху метте юха а берзош, Везачу Эло кхочушдойла ахьа Делан цӀарах аьлла долу дешнаш! 7Амма ахьа ладогӀалахь аса хӀинца хьоьга массарна а хозуьйтуш олучуьнга. 8Хьол а, сол а хьалха хиллачу пайхамарша, хиндолчух лаьцна Делера болу хаамаш шаьш бечу хенахь, дуккха а мехкашна а, яккхийчу пачхьалкхашна а тӀом а, бохам а, ун а хир ду аьлла. 9Нагахь санна цхьана пайхамаро, машар хир бу аьлла, схьакхайкхош хилча, иза, баккъал Везачу Эло ваийтина пайхамар ву аьлла, тӀелоцуш ца хилла, цо аьлларг кхочушхиллалц». 10ТӀаккха пайхамар волчу Хьанан-ЯхӀус Ярми-ЯхӀун кочара дукъ, схьа а даьккхина, дохийра. 11Массо а халкъана хьалха Хьанан-ЯхӀус хӀара дешнаш элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Оццу тайпана Аса, ши шо далале, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран дукъ а дохор ду, массо а къаьмнийн кочара схьа а даьккхина“». Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀу-пайхамар шен новкъа дӀавахара. 12Хьанан-ЯхӀу-пайхамаро Ярми-ЯхӀу-пайхамаран кочара дукъ дохийначул тӀаьхьа, Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга: 13«Ваха а гӀой, Хьанан-ЯхӀуга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ахьа дохийнарг дечиган дукъ ду, ткъа ахьа динарг бахьана долуш, цуьнан метта аьчка дукъ хир ду’. 14Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Аса аьчка дукъ дуьллур ду цу массо а къаьмнийн коча, уьш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран куьйга кӀелахь хилийта. Уьш цунна гӀуллакх деш лелар ду. Аса аренан акхарой а цунна дӀаелла’“». 15Ярми-ЯхӀу-пайхамаро элира Хьанан-ЯхӀу-пайхамаре: «ЛадогӀал соьга, Хьанан-ЯхӀу, хьо Везачу Эло ваийтина вац. Ткъа ахьа хӀара халкъ харцхаамах тешийтина. 16Цундела Везачу Эло иштта боху: „Аса кху дуьнен чуьра дӀавуьгур ву хьо, Хьанан-ЯхӀу. Хьо кху шарахь лийр ву, хӀунда аьлча ахьа кхайкхийнарг бахьана долуш нах Везачу Элана дуьхьалбевр бу“». 17Цу шеран ворхӀалгӀачу баттахь Хьанан-ЯхӀу-пайхамар велира.
Copyright information for
CheCAC2012