Jeremiah 29
Ярми-ЯхӀус Бавелехь болчу йийсархошка дахьийтина долу кехат
1 aЯрушалаймера Ярми-ЯхӀу-пайхамаро кехат дахьийтира Набухди-Нецара Ярушалаймера Бавеле дӀабигна болчу йийсархойх бисина болчу къаношка а, иштта динан дайшка а, пайхамаршка а, цигахь долчу массо а халкъе а. 2И кехат дахьийтира паччахь волу Яхун-ЯхӀу, цуьнан нана а, Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а паччахьан кертара ялхой а, тхьамданаш а, иштта дечиган а, аьчка пхьераш а Ярушалаймера дӀабигинчул тӀаьхьа. 3Ярми-ЯхӀус и кехат дӀаделира Шапанин кӀанте ЭлиӀасига а, Хьалкхи-ЯхӀун кӀанте Гамар-ЯхӀуга а. ЯхӀудхойн паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀус уьш Бавел-махкахь волчу Набухди-Нецар-паччахьна тӀе дӀабахийтинера. Цу кехатан чулацам хӀара бара: 4«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Ярушалаймера Бавеле дӀабахийтинчу массо а йийсархошка иштта боху: 5„Шайна цӀенош а дай, цу чохь Ӏе, бошмаш дӀа а йогӀа, цу тӀера стоьмаш а баа. 6Зударий а балабе, шайна кӀентий а, зудабераш а кхиаде. Шайн кӀенташна зударий а балабе, зудабераш маре а дахийта, церан дуккха а кӀентий а, зудабераш а хилийта, шаьш кӀезиг ца хилийта а, шайн тӀаьхье дебийта а. 7Аса шаьш дӀадахийтина йолчу гӀалин машар а, беркат а совдаккха гӀерта, и гӀала Везачу Эле йоьхуш доӀанаш а де, хӀунда аьлча цу гӀалахь беркат хилча, шуна а беркат хир ду“. 8Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн юкъахь болчу пайхамаршка а, пал туьйсучаьрга а шаьш ле ма дайта. Шайн омрица гӀенаш гушболчеран гӀенех а ма теша. 9Цара Сан цӀарах харцкхайкхамаш бо. Уьш Ас баийтина бац“, – боху Везачу Эло. 10 bИштта боху Везачу Эло: „Шу Бавелехь долу кхузткъе итт шо кхаьчначул тӀаьхьа Со шун аьтто бан хьожур а ву, Айса шух лаьцна аьлла долу дешнаш кхочуш а дийр ду, шу хӀокху метте схьа а дерзош. 11ХӀунда аьлча шуна лерина йолу Сан ойланаш Суна бен ца хаьа, – боху Везачу Эло. – И Сан ойланаш шуна аьттонна ю, шуна вонна яц, сатийсамах дуьзна долу хиндерг шуна дӀадала лерина ю уьш. 12Шу Соьга кхойкхуш, доӀанаш деш, Со волчу догӀучу хенахь, Аса шуьга ладугӀур ду. 13 cАша Со лохур а ву, Со шуна карор а ву. Нагахь санна аша Со доггах лахахь, 14Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дӀалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дӀадигначу метте юхадалор ду Аса шу“. 15Аша ала мегар ду: „Везачу Эло Бавелехь а ма белла тхуна пайхамарш“. 16Амма Везачу Эло Даудан гӀанта тӀехь Ӏаш волчу паччахьах лаьцна а, иштта кху гӀалахь дехаш долчу йийсаре дигаза дисинчу хьан къомахойх лаьцна а иштта боху. 17Царах лаьцна массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса кестта оцу адамашна тӀе тӀом а, мацалла а, Ӏожаллин ун а хьажор ду, Аса уьш яа мегаш ца хиллал телхина йолу вон инжираш санна бина дӀахӀиттор бу. 18Со царна туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца тӀаьхьавер ву. Дуьнен чохь йолу массо а пачхьалкхаш кхераелла хир ю, шайна цу халкъана динарг гича. Аса уьш дӀа мел лаьхкинчу массо а къаьмнашна юкъахь наха церан цӀе яккхарца неӀалт эр ду, царна динчунна нах инзарбевлла хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола хетар бу. 19Иза царна хир ду цу наха Соьга ла ца доьгӀна дела, – боху Везачу Эло. – Цара ла ца дугӀура Аса шайга дукхазза а Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула бахьийтинчу хаамашка. Ткъа йийсаре дӀадигна долчу аша а оцу хаамашка ла ца дугӀура“, – боху Везачу Эло. 20Ткъа аша, массо а Аса Ярушалаймера Бавеле дӀабахийтинчу йийсархоша, Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа. 21Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Сан цӀарах шуна харцхаамаш бечу Къули-ЯхӀун кӀантах Ахьабах а, МаӀсей-ЯхӀун кӀантах ЦӀадукъ-ЯхӀух а лаьцна иштта боху: „Уьш Аса Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран кара дӀалур бу, ткъа цо уьш шун бӀаьргашна хьалха хӀаллакбийр бу. 22Бавелехь йийсарехь болчу массо а яхӀудхоша, царах масал а далош, шаьш неӀалт кхайкхочу хенахь иштта бохур ду: ‘Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цӀергахь вагийна волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуний, Ахьабний диннарг дойла шуна Везачу Эло’. 23Цу шина пайхамаро Исраил-махкахь дегаза гӀуллакхаш дора: шайн уллорачеран зударшца хьарам лелара, Сан цӀарах хаамаш бора, Аса шайна и хаамаш ца беллехь а, уьш харцхаамаш белахь а. И хӀума Суна хууш ду, Со цунна теш а ву“, – боху Везачу Эло».ШамӀа-ЯхӀун кехат
24Нахьлимхо волчу ШамӀа-ЯхӀуга дӀаала: 25«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Ахьа дерриге а Исраилан халкъе а, иштта динан да волчу МаӀсей-ЯхӀун кӀанте Цапни-ЯхӀуга а, массо а кхиболчу динан дайшка а хьайгара кехаташ дахьийтира. Цу тӀехь яздина дара: 26‘Хьо Везачу Эло ЯхӀу-ЯдаӀана метта динан да вина дӀахӀоттийра, хьоьга Везачу Элан цӀийнан керта тӀехь куьйгалла дайта а, иштта хӀора, ша пайхамар ву бохуш, хьераваьлча санна лелаш верг набахти чу воллийта а. И санна волчу стагана, буржал а тоьхна, коча гӀомат йолла еза. 27Ахьа тӀех хӀунда ца диттира Ӏанатотхо волчу Ярми-ЯхӀуна, шайна юкъахь, иза пайхамар ву бохуш, лелаш хилча? 28Цо тхо долчу Бавеле а хӀара хаам баийтина: ‹Шун йийсарехь хилар деха хир ду. Шайна цӀенош а дай, цу чохь Ӏе, бошмаш дӀа а йогӀа, цу тӀера стоьмаш а баа›’“». 29Динан да волчу Цапни-ЯхӀус и кехат Ярми-ЯхӀу-пайхамарна дӀадешча, 30Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира: 31«Ярми-ЯхӀу, Бавелехь болчу массо а йийсархошка хӀара хаам бахьийта: „Иштта боху Везачу Эло нахьлимхо волчу ШамӀа-ЯхӀух лаьцна: ‘ШамӀа-ЯхӀус шуна Делера болуш санна хаамаш бора, амма иза Аса ваийтина вацара. Цо шу харцхаамех тешийтира’. 32И хӀума дар бахьана долуш, Веза Эла волчу Аса иштта боху: ‘Аса билггал нахьлимхо волчу ШамӀа-ЯхӀуна а, цуьнан тӀаьхьенна а таӀзар дийр ду. Шуна юкъахь цуьнан тӀаьхьенах цхьа а вуьсур вац, ткъа цунна гур дац Аса Сайн къомана дан лерина долу дика, – боху Везачу Эло, – хӀунда аьлча цо халкъ Везачу Элана дуьхьалдаьккхира’“».
Copyright information for
CheCAC2012