Jeremiah 30
Дала Шен къомана йина чӀагӀонаш
1Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира: 2«Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Аса хьайга аьлла долу массо а хӀума тептар тӀе дӀаязде, 3хӀунда аьлча тӀекхочуш ду, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан а, ЯхӀудан а долу, Сайн халкъан аьтто юхаметтахӀоттор долу денош. Аса и халкъ юха а церан дайшна Айса деллачу лаьтта тӀе схьадалор ду, и латта церан долахь а хир ду“». 4ХӀара дешнаш Везачу Эло Исраилан а, ЯхӀудан а халкъах лаьцна аьлла ду. 5«Иштта боху Везачу Эло: „Кхерабелла, боьлхуш болчеран аьзнаш хезаш ду.Къематан гӀовгӀа хезаш ю, машар а бац.
6Хаттар а дай, ойла е:
боьршачу стага бер дой?
Дера ца до. Иштта хилча, хӀунда го Суна
хӀора боьршачу стеган куьйгаш церан гай тӀехь,
бер деш йолчу зудчун санна?
Церан яххьаш бос байна а хӀунда ю?
7ЭхӀ, ма къемате хир ду и де,
цхьа а де цунах тарлур а дац.
Якъубан тӀаьхьенна иза гӀайгӀане зама хир ю,
амма оцу гӀайгӀанех и тӀаьхье кӀелхьаръер ю“».
8«И де тӀекхаьчна, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Аса Исраилан а, ЯхӀудан а халкъийн кочара дукъ дохор ду, Аса шун буржалш а дӀадохур ду. Кхечу къаьмнаша Сан къоме шайна кхин гӀуллакх дойтур дац. 9Амма уьш шайн Везачу Далла а, Аса царна хӀоттор волчу, Даудан тӀаьхьенах волчу шайн паччахьна а гӀуллакх деш лелар бу. 10 aТкъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, кхера ма ло, –
боху Везачу Эло, – ма къахка, Исраилан халкъ.
Аса хьо генарчу махках кӀелхьар а доккхур ду,
шаьш йийсаре дӀадигначу махкара
хьан тӀаьхьенаш паргӀат а йохур ю.
Якъубан тӀаьхье юхайоьрзур ю,
уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу.
Шуна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац,
11хӀунда аьлча Со шуьца ву,
шу кӀелхьардохур ду –
боху Везачу Эло. –
Шу дӀасалаьхкина мел долу къаьмнаш
Аса билггал хӀаллакдийр делахь а,
шу хӀаллак ца деш дуьтур ду.
Шуна таӀзар ца деш Аса шу дуьтур дац,
амма Аса нийсонца шуна таӀзар дийр ду».
12Иштта боху Везачу Эло Шен халкъе: «Хьан чевнна дан дарба дац,
хьан йоьхна меттиг меттахӀотталур яц.
13Кхелехь къасто дезачу хьан гӀуллакхна гӀайгӀа бан цхьа а вац,
хьан цамгар дӀаерзо иштта цхьа а вац.
Хьуна дан дарба а дац.
14Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла,
цу къаьмнашна бала бац, хьуна хӀуъа хилча а.
МостагӀчо санна, Аса хьуна тоьхна,
луьрачо санна, Аса хьуна таӀзар дина,
хӀунда аьлча хьан бехк боккха бу,
ткъа ахь летийна къинош алссам ду.
15Хьайн чевнашна хӀунда бо ахь латкъамаш,
хьайн лазарна дан дарба доццушехь а?
Веза Эла волчу Аса дина ду иза,
хӀунда аьлча хьан бехк боккха бу,
ткъа ахь летийна къинош алссам ду.
16Хьо мел дӀакхоллурш шаьш дӀакхаьллина хир бу.
Хьан мел болу мостагӀий шаьш хир бу йийсарехь.
Хьох хӀонс мел йоккхурш шаьш хӀонс хилла дӀахӀуьттур бу.
Хьуна талор мел дийраш Аса талорхошка дӀалур бу.
17Аса хьуна могушалла юхалур ю,
хьан чевнаш а тойийр ю, –
боху Везачу Эло, –
хӀунда аьлча хьан мостагӀаша боху:
„Цийон юхатеттина ма ю,
цунах цхьаммо а гӀайгӀа ма ца бо“».
18Амма Везачу Эло боху: «Аса Якъубан тӀаьхьенан аьтто юхаметтахӀоттор бу,
цуьнан мел болчу доьзалх къинхетам а бийр бу.
ГӀала юхаметтахӀоттийна хир ю ша хиллачу гу тӀехь,
ткъа гӀалин гӀап шен хьалха хиллачу меттехь лаьттар ю.
19Кхузара схьа хезаш хастамаш беш йолу эшарш хир ю,
массо а маьӀӀера схьахезаш самукъане аьзнаш а хир ду.
Аса церан тӀаьхье совйоккхур ю,
церан терахь жимлур дац,
Аса церан цӀе йохуьйтур ю,
цхьа а къам цаьрга лакхара хьоьжур дац.
20Сан къоман бераш тохара санна Ӏийр ду,
цуьнан гулам Суна хьалха дӀахӀуттур бу.
Цунна гӀело ечарна Аса таӀзар дийр ду.
21Цуьнан баьчча оцу къомах схьавер ву,
халкъан олахо царна юкъара хир ву.
Аса Сайна тӀеозавойтур ву иза,
ткъа иза Сайна улло валор ву,
хӀунда аьлча Суна улло ван
шен са ца кхоош мила ваьхьар ву? –
боху Везачу Эло. –
22Шу Сан къам хилла дӀахӀуьттур ду,
ткъа Со шун Дела хир ву».
23Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тӀейогӀуш ю, иза Ӏесачеран коьрта тӀе, йилбазмох санна, южур ю. 24Везачу Элан оьгӀазалла дӀаер яц, Цо дан мел леринарг чекхдаккхалц. ТӀедогӀуш долчу деношкахь шу цунах кхетар ду.
Copyright information for
CheCAC2012