‏ Jeremiah 31

Исраилан халкъ йийсарера юхадалор

1«Цу заманахь, – боху Везачу Эло, – Со Исраилан халкъан массо а тайпанийн Дела хир ву, ткъа уьш Сан къам хир ду». 2Везачу Эло иштта боху: «Туьрах кӀелхьарбевллачу нахана яьссачу аренгахь Везачу Элан дика карийна. Исраилан халкъ шена синтем лохуш лелара». 3Генначу меттехь Везачу Эло, суна хьалха дӀа а хӀоьттина, соьга элира: «Массо а ханна болчу безамца дезаделла хьо Суна, Исраилан халкъ, Аса хьоьга кховдийна Сан хедар боцу безам. 4Аса юха а меттахӀоттор ду хьо, йоӀстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахӀоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргӀанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду. 5Ахьа юха а Шамран-махкарчу лаьмнашкахь кемсийн бошмаш кхиор ю, ткъа кемсаш лелош болчара шаьш кхиийначу кемсех шайна пайда а оьцур бу. 6Цхьа де догӀур ду, гӀаролхоша Эпрайм-лаьмнашкара дӀакхайкхор деш: „ХьалагӀовтта, вайн Веза Дела волчу, Цийон-лам тӀе хьаладевр ду вай“».

7ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Сакъералуш, Якъубан тӀаьхьенна эшарш лекха,
мохь бетта къаьмнийн уггар сийлахьчунна.
Массарна а хезаш, цунна хастамаш бе,
иштта ала: „КӀелхьардаккхахьа, Веза Эла,
Хьайн къам, Исраилан халкъах дисинарг!“
8Къилбаседерачу махкара Аса схьабалор бу уьш,
дуьненан йистошкара Аса схьагулбийр бу уьш.
Цаьрца цхьаьна бӀаьрзениг а, астагӀниг а,
берах ерг а, бер деш ерг а хир ю.
Йоккхачу тобанца уьш юхабоьрзур бу кхуза.
9Белха а боьлхуш, уьш схьабогӀур бу,
доӀанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу.
Хишна уллохула, аттачу некъаца дӀабуьгур бу Аса уьш,
церан когаш а тийсалур бац.
Аса буьгур бу уьш, хӀунда аьлча Со Исраилан Да ву,
ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву».

10Халкъаш, ладогӀалаш Везачу Элера болчу хааме, хӀордан йистехь дехаш долчу генарчу къаьмнашка иза дӀахаийталаш:
«Исраилан халкъ дӀасадаржийначо иза схьа а гулдийр ду.
Ӏуьно шен жа санна, Цо иза лардийр ду».
11Везачу Эло Якъубан тӀаьхье мехах паргӀатйоккхур ю,
цуьнан чул ницкъ болчеран карара схьа а йоккхур ю.
12Цийон-лам тӀе а деана, Исраилан халкъ доккхадеш лелар ду,
ирсах дуьзна хир ду церан юьхьсибат,
Везачу Эло мел деллачунна:
кӀа, керла чагӀар, зайтдаьтта,
жена а, бежана а юкъара кӀорнеш.
Хих тоам хилла йолу беш санна хир бу уьш,
ткъа церан дог кхин доьхна хир дац.
13«Оцу хенахь зудабераш халхадевр ду,
къонахой а, баккхийнаш а самукъане хир бу.
Церан гӀайгӀанех Аса сакъерар дийр ду.
Сингаттаман метта Аса царна синтем а, ирс а лур ду.
14Аса динан дайшна токхе кхача лур бу,
Сан къам Сайн дикачух дузур а ду», –
боху Везачу Эло.

Везачу Эло Исраилан халкъах къинхетам бар

15 aИштта боху Везачу Эло: «Аз хеза Рами чохь,
инзаре мохь, тийжар хеза.
Рахьал
Рахьал – иза Якъубан зударех цунна дукхаезаш ерг яра. Цунах Юсупан а, Бен-Яманан а тайпанаш схьадевллера. Кхузахь Рахьал дерриг а Исраилан халкъ санна ю.
йоьлху шен берашна,
амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа,
хӀунда аьлча цуьнан бераш дӀадевлла ду».

16Амма Везачу Эло боху: «Йоьлхучуьра саца, хьайн бӀаьрхиш а дӀадаха,
ахь бинчу балхана хьуна совгӀат дийр ду, –
боху Везачу Эло. – Хьан бераш
мостагӀийн лаьттара юхадоьрзур ду.
17Хьан хиндолчунна бу сатийсам, –
боху Везачу Эло. – Хьан бераш
шайн махка юхадоьрзур ма ду.

18Суна билггал хезна Эпрайман халкъ
Эпрайман халкъ – ХӀушаӀ-пайхамаран тептар тӀехь санна, иза Исраилан къилбаседера пачхьалкх бохург ду. Оцу пачхьалкха чу Исраилан халкъах итт тайпа догӀура, ткъа Эпрайман тайпа царах цхьаъ дара.
леткъаш:
„Аьрха эса санна, со нисдина,
Ахь со кара ма Ӏамийнера!
ХӀинца со юхадерзадехьа,
тӀаккха со Хьуна тӀе юхавоьрзур вара,
хӀунда аьлча Хьо сан Веза Дела ву.
19Хьох дӀадирзинчул тӀаьхьа, со дохко а даьлла.
КараӀамийначул тӀаьхьа некха тӀе куьйгаш деттара ас,
хӀунда аьлча юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, со сийсаздинера,
айса жимчохь летийна къинош бахьана долуш“.

20Эпрайман халкъ Сан хьоме кӀант вац ткъа?
Суна дукхадезаш долу бер дац ткъа иза?
Иза кест-кестта Аса нисван везаш велахь а,
массо а хенахь безамца дагавогӀу Суна иза.
Сан кийра иза бахьана долуш карзахбуьйлуш бу,
Аса цунах къинхетам а бийр бу», – боху Везачу Эло.
21ДӀахӀоттае хьайн некъан билгалонаш,
некъ каро тӀулгаш хьайна охьадахка.
Тидам бе хьо леллачу некъан,
хьо дӀадуьгуш хиллачу тачанан.
ЙоӀстаг санна долу Исраилан халкъ,
юхадерза хьайн гӀаланашка.
22Дукха лелар дуй хьо дӀасауьдуш,
тешаме йоцу йоӀ санна долу халкъ?
Везачу Эло дуьнен чохь керланиг кхуллу:
зудчо шен майра кӀелхьарвоккхур ву.

Делан халкъан хиндолу дика дахар

23Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса халкъан аьтто юхаметтахӀоттабича, ЯхӀуд-махкахь а, цуьнан гӀаланашкахь а хӀара дешнаш кхин цкъа эр ду: „Везачу Эло декъалбойла хьо, беза лам
Беза лам – иза Ярушалайм-гӀалахь болу Цийон-лам бу.
,
нийсо шена тӀехь Ӏаш йолу меттиг“.

24ЯхӀуд-махкахь кхин цхьаьна Ӏаш хир бу гӀаланийн нах а, ахархой а, жаш дажош болу жаӀуй а. 25ХӀора кӀадвеллачу стеган Аса хьогалла йойур ю, ткъа хӀора гӀелвелларг Аса кхачанах вузор ву».

26Со, сама а ваьлла, гонах дӀасахьаьжира: сайн гӀан чӀогӀа тайра суна.

27«ТӀейогӀур ю зама, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а мехкашна тӀехь, ахархочо ялта кхиош санна, адамаш а, дийнаташ а кхуьуьйтур йолу. 28ДӀаяханчу хенахь Со хьожуш вара и халкъ орамашца дӀадаккхийта а, дохийта а, кагдайта а, хӀаллакдайта а, цунна тӀе бохамаш байта а. Иштта, хиндолчу хенахь хьоьжур ву Со уьш меттахӀиттадайта а, лаьтта тӀе дӀадогӀийта а, – боху Везачу Эло. – 29 eЦу хенахь адамаша бохур дац: „Дайша муьста кемсаш йоу,
ткъа берийн цергаш леха“.

30Амма хӀора стаг ша летийна долу къинош бахьана долуш лийр ву. Муьста кемсаш мел йиъначух лаьцна аьлча, ша-шен цергаш а лехар ю.

31 fТӀекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан тӀаьхьенца а, ЯхӀудан тӀаьхьенца а керла барт бен долу. 32Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хӀунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, – боху Везачу Эло. – 33 gХӀара денош дӀадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тӀаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тӀехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. 34 hХӀораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Ӏамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хӀунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тӀера къечунна тӀекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».

35Иштта боху Везачу Эло: «Аса малх дийнахь схьакхоьтуьйту,
ткъа беттаса а, седарчий а буса схьакхоьтуьйту.
ТулгӀенаш чӀогӀа гӀоьргӀуьйтуш,
хӀорд карзахболуьйту Аса,
Сан цӀе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.
36И дерриг а Суна хьалха кхочуш ца хуьлуш
сецнехьара, – боху Везачу Эло, –
Исраилан тӀаьхье гуттаренна а
Сан халкъ хуьлучуьра дӀаер яра».

37Везачу Эло иштта боху: «Лакхахь йолу стигалш юстур бен яцахьара,
лахахь болу лаьттан бух толлур бен бацахьара,
Аса Исраилан массо а тӀаьхье дӀатоттур яра
цара мел лелийна хӀума бахьана долуш», –
боху Везачу Эло.

38«ТӀейогӀуш ю Ярушалайм Сан дуьхьа юхаметтахӀоттон йолу зама, – боху Везачу Эло. – Ерриг а гӀала юхаметтахӀоттор ю Хьананиалан бӀаьвнна тӀера дуьйна Сонерчу кевнна тӀекхаччалц. 39Дохалла дустаран тӀийраг Сонерачу кевнна тӀера ГӀарабан гуна тӀе а кхочий, ГуӀа-метте дӀайоьрзур ю. 40Декъий дӀадухкуш йолу а, юкъ тӀекхуссуш йолу а тогӀи, иштта малхбалехь долчу Кхидрун-хина тӀе а, къилбаседехь долчу Говрийн кевнна тӀе а кхаччалц йолу аренаш а Везачу Элан еза меттигаш хилла дӀахӀуьттур ю. Ткъа Ярушалайм-гӀала цхьана а заманахь орамашца дӀаяьккхина я йохийна кхин хир яц».
Copyright information for CheCAC2012