Jeremiah 31:31-34
31 aТӀекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан тӀаьхьенца а, ЯхӀудан тӀаьхьенца а керла барт бен долу. 32Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хӀунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, – боху Везачу Эло. – 33 bХӀара денош дӀадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тӀаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тӀехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. 34 cХӀораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Ӏамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хӀунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тӀера къечунна тӀекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».
Copyright information for
CheCAC2012