‏ Jeremiah 33:14-16

14 a«ТӀекхочур ду, – боху Везачу Эло, – Ас Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а дина дика ваӀда кхочушден денош. 15Цу деношкахь а, цу заманахь а Аса Даудан тӀаьхьенах Сайн лаамехь йолу цхьа зӀийдаг кхиор ю. Цо хӀокху лаьтта тӀехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. 16Оцу деношкахь ЯхӀудан халкъ паргӀат хир ду, ткъа Ярушалайман бахархой сашортехь Ӏийр бу. ГӀалин цӀе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“».
Copyright information for CheCAC2012