‏ Jeremiah 34

ЦӀадукъ-ЯхӀуга дина дӀахьедар

1 aВезачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар а, цуьнан мел долу эскар а, цуьнан куьйга кӀел йолу массо а пачхьалкхаш а, дерриг а къаьмнаш а Ярушалаймана а, цунна гонах йолчу ярташна а дуьхьал тӀом беш долчу хенахь: 2«Иштта боху Исраилан Везачу Дала: „Ваха а гӀой, яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуга дӀаала, иштта боху Везачу Эло: ‘Ас кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дӀалур ю, тӀаккха цо иза цӀарца ягор ю. 3Хьо а вер вац цуьнан куьйга кӀелара. Схьа а лаьцна, хьо а цуьнан кара дӀалур ву, хьан бӀаьргашца Бавелан паччахь гур ву хьуна, юьхь-дуьхьал цуьнца къамел дийр ду ахь. ТӀаккха хьо Бавеле дӀавуьгур ву’. 4Делахь а, ладогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу! Везачу Эло хьох лаьцна иштта боху: ‘Хьо туьро вуьйр вац. 5Хьо маьрша лийр ву. Хьол хьалха паччахьаллехь хилла болу хьайн дайн сийнна хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягош ма-хиллара, дӀавуллучу хенахь хьан сийнна а изза дийр ду, ткъа хьуна тийжаш хир бу, ‹Маржа-яӀ, тхан паччахь!› бохуш. Цу тӀехь Ас дош ло хьуна’“», – боху Везачу Эло.

6Ярми-ЯхӀус и хаам Ярушалаймехь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахье дӀаэлира. 7Цу хенахь Бавелан паччахьан эскар Ярушалаймца а, ЯхӀуд-махкахь массо а схьалацаза йисинчу гӀаланашца а тӀом беш дара. ЯхӀуд-махкара чӀагӀйинчу гӀаланашна юкъахь схьалацаза Лахиш-гӀала а, Ӏазекхи-гӀала а бен ца йисинера.

Леш паргӀатбахар

8Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира, ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо Ярушалайман массо а бахархошца, шайн леш паргӀатбохур бу аьлла, барт бинчул тӀаьхьа. 9Массара а Ӏебархой болу божарех а, зударех а болу леш паргӀатбаха безаш бара. Цхьаннен а шайн къомах болу а, ЯхӀудан тайпанах болу а леш шайгахь сецо бакъо яцара. 10Массо а баьччанаша а, дерриг а халкъо а шайгахь болу божарий-леш а, иштта зударий-леш а паргӀатбаха а, уьш кхин йийсарехь шайгахь латтор боцу а барт тӀеэцнера. И барт а бина, массара а шайн леш дӀахецнера. 11Амма, ойла а йина, шаьш паргӀатбаьхна болу леш юхабало хӀиттинера уьш. Цара хьалха шайн леш хилла болу божарий а, зударий а юха а леш бина дӀахӀиттийнера.

12ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга: 13«Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Шу Мисар-махкара лоллехь долчуьра арадаьхначу дийнахь Ас шун дайшца барт бира. Аса цаьрга аьллера: 14 b‘ХӀора ворхӀалгӀа шо дӀа мосазза долу, шуна ша воьхкина волу шайн къомах волу Ӏебархо дӀахеца веза аша. Цуьнга шайна ялх шарахь болх байта, тӀаккха иза мукъаваккха’. Амма цара Соьга ла ца дуьйгӀира, цара Со тидаме а ца ийцира. 15Аша хӀинцца, дохко а девлла, Суна нийса хеташ дерг леладора: аша хӀорраммо а шайн къомах волу лай паргӀатвер ву элира. Сан цӀе лелош долчу цӀийнан кертахь, Суна хьалха и хӀума кхочушдан аша барт а бира. 16Амма хӀинца шайн дегнаш юха хийцира аша, Сан цӀе сийсаз а йоккхуш. Аша шайна луъучу дӀабаха паргӀатбаьхна болу божарех а, зударех а болу леш шайна юхабалийра, уьш юха а шайна муьтӀахь а бина“. 17Цундела Везачу Эло боху: „Аша Соьга ла ца дуьйгӀира, шайн къомах болчарна паргӀато а луш. Цундела Аса паргӀато лур ю туьрана а, Ӏожаллин уьнна а, мацаллина а, – боху Везачу Эло, – шу дайъийтархьама. Аса шуна дечунна дуьненан массо а пачхьалкхаш Ӏадийна лаьттар ю. 18Суна хьалха бина барт а бохийна, бертан тӀедожораш кхочуш ца диначаьрца Со иштта хир ву: барт чӀагӀбеш хадийна долчу а, шина эханна юккъехула шаьш девлла долчу а эсана диннарг царна а дийр ду Аса. 19Цу эсанан шина эханна юккъехула бевлла болу ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а баьччанаш а, паччахьан кертара ялхой а, динан дай а, иштта дерриг халкъ а 20уьш байа гӀерташ болчу церан мостагӀашка Аса дӀалур бу. Церан декъий стигаларчу олхазарийн а, лаьттарчу акхаройн а даар хилла дӀахӀуьттур ду. 21Аса яхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу а, цуьнан баьччанаш а уьш байа гӀерташ болчу церан мостагӀийн кара дӀалур бу. Аса уьш Бавелан паччахьан эскаран кара дӀалур бу, и эскар хӀинца шуьца тӀом беш долчуьра юхадаьллехь а. 22Ас омра дийр ду, – боху Везачу Эло, – уьш и гӀала йолчу юхабахкийта. Цара, тӀе а летта, иза схьа а йоккхур ю, цӀарца ягор а ю. ЯхӀуд-махкара гӀаланаш Аса яссор ю, цигахь цхьа а адам а хир дац дехаш“».
Copyright information for CheCAC2012