‏ Jeremiah 35

Ярми-ЯхӀу а, рахбихой а

1 aЯхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьалла дечу хенахь Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хӀара хаам беара: 2«Рахбихой болчу а гӀой, цаьрга вист а хилий, уьш Везачу Элан цӀийнан кертахь долчу цхьана чоьнна чу кхайкха, царна чагӀар а ло». 3Аса, Хьабацин-ЯхӀун кӀант волчу Ярми-ЯхӀун кӀант Яъзан-ЯхӀу сайца схьа а эцна, цуьнан массо а вежарий а, кӀентий а – дерриг а рахбихойн тукхам – 4Везачу Элан цӀа долчу далийра. Йигдал-ЯхӀун кӀант волчу а, Делан стаг волчу а Хьанан-пайхамаран мурдийн цӀа чу балийра ас уьш. И чоь ЯхӀуд-мехкан элий соцуш йолчу чоьнна уллохь а, иштта кевнан гӀаролхо волчу Шалуман кӀант МаӀсей-ЯхӀун чоьнна тӀехула а яра. 5ТӀаккха Аса, рахбихойн доьзална хьалха кедаш а, чагӀарх юьзна йолу масех кхаба дӀа а хӀоттийна, элира: «Мала чагӀар».

6Амма цара элира: «Оха чагӀар ца молу, хӀунда аьлча Рахбин кӀант а, тхан дайн да а волчу ЯхӀу-Надаба тхуна тӀедиллина: „ЧагӀар ма малалаш цкъа а, я аша а, я шун бераша а. 7ЦӀенош а ма де, хӀу дӀа а ма де, кемсийн бошмаш а ма кхиае, уьш шайн долахь а ма хилийта, ткъа шаьш даим четарш чохь Ӏе. ТӀаккха дехха дахалур ду шу шаьш арадевлла лелачу лаьтта тӀехь“, – аьлла. 8Оха ладуьйгӀира тхан да а, Рахбин кӀант а волчу ЯхӀу-Надаба бохучуьнга. Оха а, тхан зударша а, тхан кӀенташа а, йоӀарша а цкъа а чагӀар ца молу. 9Оха иштта тхайна чохь Ӏан цӀенош а ца до, тхан кемсийн бошмаш а яц, я кхаш а, я цу тӀехь йолуш хӀума а яц тхан. 10Тхо хӀинццалц а четарш чохь дехаш ду. Иштта, массо а хӀуманна тӀехь тхан да волчу ЯхӀу-Надаба тӀедиллинарг кхочушдина оха. 11Делахь а, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар кху лаьтта тӀе гӀоьртича, оха элира: „Дуьйло, Ярушалайме дӀагӀо вай, хашадхойн а, арамхойн а эскарх кӀелхьардовлархьама“. Цундела тхо Ярушалаймехь дехаш ду».

12Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀуга хаам кхечира Везачу Элера: 13«Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Ваха а гӀой, Соьгара хаам ЯхӀуд-махкарчу халкъана а, Ярушалайман бахархошна а дӀабовзийта: ‘Аса бохучуьнга муха ладогӀа деза хӀокху масалх Ӏама шуна ца лаьа те? – боху Везачу Эло. – 14Рахбин кӀанта ЯхӀу-Надаба шен тӀаьхьенна, чагӀар ма мала аьлла, тӀедиллинарг кхочушхуьлуш схьадогӀуш ду. Уьш таханлера де тӀекхаччалц чагӀар ца молуш схьабогӀуш бу, шайн ден весет кхочуш а деш. Ткъа Со юх-юха а шуьга дуьйцуш Ӏаш ву, амма аша Соьга ла ца дугӀу. 15Аса шу долчу юх-юха а массо а Сайн ялхой болу пайхамарш бохуьйтура дӀаала: ‹ДӀадовла шайн вочу некъаш тӀера, сацаде шаьш лелош долу хӀуманаш, дӀадовла кхечу деланашна тӀаьхьара, царна Ӏамал а еш. Аша Аса бохург дахь, Ас шуна а, шун дайшна а деллачу хӀокху лаьтта тӀехь дехар ду шу›. Амма аша Ас шайга бохучуьнга ла ца дугӀура. 16Рахбин кӀентан ЯхӀу-Надабан тӀаьхьено шайн дас шайга дина весет кхочушдо, ткъа хӀокху къомо Соьга ла ца доьгӀна’. 17Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала боху: ‘ЯхӀудан халкъана а, Ярушалаймехь болчу массо а бахархошна а Айса бийр бу аьлла мел болу бохамаш бийр бу, хӀунда аьлча цара Ас шайга мел баьхначуьнга ла ца доьгӀна, Ас шайга кхайкхича, цара Суна жоп ца делла’“».

18Ткъа рахбихошка Ярми-ЯхӀус элира: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Шайн да волчу ЯхӀу-Надабе аша ладугӀура, цо мел дина весет аша кхочуш а дора, иштта массо а хӀуманна тӀехь цо ма-аллара шу лелара. 19И хӀума бахьана долуш, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Рахбин кӀант волчу ЯхӀу-Надабан тӀаьхьенах гуттаренна а Суна гӀуллакх деш волу, милла хилла а, цхьаъ хир ву“».
Copyright information for CheCAC2012