Jeremiah 36
Делан цӀийнан кертахь Баруха тептар дӀадешар
1 aЯхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀанта ЯхӀу-Якхама олалла до доьалгӀа шо долуш, Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера иштта хаам кхечира: 2«Хьарчийна тептар схьа а эций, Исраилан къомах а, ЯхӀудан къомах а, массо а кхечу къаьмнех а лаьцна Аса хьоьга мел дийцинарг дӀаязде. Юши-ЯхӀу паччахьаллехь волуш Со хьоьга дуьххьара вистхиллачу хенахь дуьйна хӀара де тӀекхаччалц Аса хьайга бина хаамаш дӀаязбе. 3ЯхӀудан къомана дӀахаза а мега, Ас царна мел бан леринчу бохамах лаьцна, тӀаккха шаьш лелош долчу вочу некъаш тӀера дӀабовла а тарлора уьш. Иза иштта хилча, Ас церан массо а къиношна а, зуламашна а гечдийр дара». 4ТӀаккха Ярми-ЯхӀус Нери-ЯхӀун кӀант Барух схьакхайкхира. Везачу Эло шега мел аьлла дешнаш Ярми-ЯхӀус дӀа а олуш, Баруха уьш хьарчийначу тептар тӀе дӀаяздора. 5Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀус элира Барухе: «Со Везачу Элан цӀийнан керта ваха йиш йолуш вац: цу чу вахар суна дихкина ду. 6Цундела наха марха кхобучу дийнахь Везачу Элан цӀа долчу гӀо, ас дӀадуьйцучу хенахь айхьа дӀаяздина Везачу Элан дешнаш гулбеллачарна дӀа а деша. Уьш ахьа дӀадеша деза шайн гӀаланашкара Ярушалайме схьагулбеллачу массо а яхӀудхошна. 7Цара Везачу Эле шайн дехарш дан ма мега, уьш шайн вочу новкъах дӀабовла ма мега, хӀунда аьлча Везачу Эло оцу къомана дӀакхайкхийна оьгӀазалла а, дералла а чӀогӀа йоккха ю». 8Нери-ЯхӀун кӀанта Баруха дерриг а шега Ярми-ЯхӀу-пайхамаро ма-аллара дира. Цо Везачу Элан цӀийнан кертахь тептар тӀехь дӀаяздина долу Везачу Элан дешнаш аз айина дӀадийшира. 9ЯхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьаллехь волчу пхоьалгӀачу шеран уьссалгӀачу баттахь Ярушалайман бахархошка а, иштта ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкара Ярушалайм-гӀала даьхкинчу массо а адамашка а Везачу Элан хьалха марха кхаба дӀакхайкхийра. 10Цу хенахь Баруха, гулбеллачу массо а нахана а хезаш, Везачу Элан цӀа долчохь хьарчийначу тептар тӀера Ярми-ЯхӀун дешнаш дӀадийшира. Йозанча волчу Шапанин кӀентан Гамар-ЯхӀун цӀа чуьра и тептар дӀадоьшуш вара Барух. Цуьнан цӀа лакхарчу кертахь, Везачу Элан цӀийнан керлачу кевнна уллохь дара.Тептар баьччанашна хьалха дӀадешар
11Тептар тӀера дӀадоьшуш долу Везачу Элан массо а дешнаш хезаш вара Шапанин кӀентан Гамар-ЯхӀун кӀант Мика-ЯхӀу. 12Иза паччахьан гӀалина чохь долчу йозанчин цӀа чу велира. Цигахь мехкан массо а баьччанаш бара Ӏаш: паччахьан йозанча волу Эли-ШамаӀ а, ШамӀа-ЯхӀун кӀант Дали-ЯхӀу а, Ӏахбаран кӀант Эли-Ната а, Шапанин кӀант Гамар-ЯхӀу а, Хьанан-ЯхӀун кӀант ЦӀадукъ-ЯхӀу а, иштта кхиболу мехкан баьччанаш а. 13Нахана хьалха тептар тӀера Баруха дӀадоьшуш шена хезна массо а дешнаш Мика-ЯхӀус мехкан баьччанашна дӀадийцира. 14ТӀаккха мехкан баьччанаша Барух волчу Хушин кӀант волчу Шалам-ЯхӀун кӀентан Натан-ЯхӀун кӀант ЯхӀуди вахийтира цуьнга иштта вистхила: «Халкъана хьалха дӀадешна долу тептар схьа а эций, соьца схьавола», – аьлла. Нери-ЯхӀун кӀант Барух, и тептар схьа а эцна, уьш болчу схьавеара. 15Цара цуьнга, охьа а хаий, шайна хозуьйтуш и тептар дӀадеша элира. Баруха иза дӀадийшира. 16Цу тӀехь дерг шайна хезча, баьччанаша, кхерамца вовшашка а хьаьвсина, Барухе элира: «И дерриг а паччахье дӀадийца деза оха». 17Цара Барухе хаьттира: «Дийцал, муха дӀаяздина ахьа и дешнаш? Ярми-ЯхӀус ма-аллара, яздиний ахьа уьш?» 18Баруха цаьрга элира: «Цо шен багахула хӀара дешнаш схьааьлча, аса уьш шекъанца хӀокху хьарчийначу тептар тӀе дӀаяздина». 19ТӀаккха баьччанаша Барухе элира: «Хьо Ярми-ЯхӀуца цхьаьна дӀалачкъа веза, цхьаьнгге а шаьшшиъ мичахь ву дӀа а ца хоуьйтуш».Паччахьо тептар дагор
20И тептар паччахьан йозанча волчу Эли-ШамаӀан чохь а дитина, кертахь волчу паччахьна тӀе бахара баьччанаш. Цара и массо а хӀума паччахье дӀадийцира. 21Паччахьо ЯхӀуди вахийтира, и тептар схьада аьлла. Паччахьан йозанча волчу Эли-ШамаӀера и тептар схьа а эцна, ЯхӀудис иза схьадеара. Цо, паччахьна а, цунна уллохь лаьтташ болчу массо а баьччанашна а хозуьйтуш, иза дӀадийшира. 22И шадерг а шеран уьссалгӀачу баттахь дара, цундела паччахь ша Ӏа доккхуш хуьлучу цӀа чохь вара. Иза, шена хьалха кхерчахь йогуш цӀе а йолуш, Ӏаш вара. 23ЯхӀудис хьарчийначу тептар тӀехь яздинчух кхо-биъ бӀогӀам дӀа мосазза боьшу а, паччахьо цо дӀадешнарг, жимачу уьрсаца схьа а хададой, цӀерга кхуссура. Цо иштта дира, и дерриг а тептар цӀергахь дагийна дӀадаллалц. 24Я паччахь а, я цуьнан берриг ялхой а, цу тептар тӀера дешнаш шайна хезча, кхера а ца белира, цара шайна тӀера бедарш а ца этӀийра. 25Эли-Натас а, Дали-ЯхӀус а, Гамар-ЯхӀус а дехарш динехь а, паччахье и тептар ма дагаде бохуш, амма цо цаьрга ла ца дуьйгӀира. 26Паччахьо шен кӀанте Ярахьмиале а, Ӏазриалан кӀанте Сари-ЯхӀуга а, Ӏабдиалан кӀанте Шалам-ЯхӀуга а омра дира, йозанча волу Барух а, Ярми-ЯхӀу-пайхамар а схьалаца аьлла, амма Везачу Эло и шиъ къайлаваьккхинера.Ярми-ЯхӀус кхин тептар яздар
27ЯхӀу-Якхам-паччахьо Ярми-ЯхӀун багара схьадаьлла а, Баруха дӀаяздина а дешнаш тӀехь долу тептар дагийначул тӀаьхьа, Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга: 28«Хьарчийна керла тептар схьа а эций, цу тӀе яхӀудхойн паччахьо ЯхӀу-Якхама дагийначу тептар тӀехь хилла долу дешнаш дӀаязде. 29ЯхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀу-Якхаме дӀаала: „Иштта боху Везачу Эло: ахьа хӀара тептар дагийна: ‘ХӀунда яздина ахьа кху тӀе Бавелан паччахь схьа а веана, цо хӀара латта хӀаллакдийр ду, цу тӀехь мел долу адамаш а, хьайбанаш а дойуш?’ – аьлла. 30Цундела иштта боху Везачу Эло ЯхӀу-Якхамах лаьцна: ‘Цуьнан тӀаьхьенах цхьаммо а, Даудан тӀаьхьенах волчо санна, паччахьалла дийр дац. Цуьнан дакъа дийнахь хуьлучу йовхоне а, буьйсанна хуьлучу шелоне а охьакхуссур ду. 31Ас таӀзар дийр ду ЯхӀу-Якхамна а, цуьнан тӀаьхьенна а, иштта цуьнан ялхошна а цара лелийна харцо бахьана долуш. Ас царна а, Ярушалаймерчу бахархошна а, иштта ЯхӀуд-махкарчу нахана а Айса мел бийр бу аьлла болу бохамаш бийр бу’“». 32Ярми-ЯхӀус, хьарчийна тептар схьа а эцна, йозанча волчу Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀаделира. Цул тӀаьхьа яхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀу-Якхама дагийначу тептар тӀехь мел хилла дешнаш Ярми-ЯхӀус дӀа а олуш, Баруха уьш керлачу тептар тӀе дӀаяздира. Цу дешнаш тӀе цу тайпана кхин а дуккха а кхидолу дешнаш а дара дӀаяздина.
Copyright information for
CheCAC2012