Jeremiah 37
ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо Ярми-ЯхӀуга дехар дар
1 aБавелан паччахь волчу Набухди-Нецара, ЯхӀу-Якхаман кӀентан ЯхӀу-Яхинан метта, ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дан Юши-ЯхӀун кӀант ЦӀадукъ-ЯхӀу охьахаийра. 2Я ЦӀадукъ-ЯхӀус а, я цуьнан ялхоша а, я цу пачхьалкхехь болчу наха а ла ца дугӀура пайхамар волчу Ярми-ЯхӀугахула Везачу Эло аьллачуьнга. 3ЦӀадукъ-ЯхӀус Шалам-ЯхӀун кӀант ЯхӀукал а, МаӀсей-ЯхӀун кӀант динан да волу Цапни-ЯхӀу а вахийтира Ярми-ЯхӀу-пайхамар волчу дӀаала: «Тхуна тӀера доӀа дехьа вайн Везачу Деле». 4Ярми-ЯхӀу хӀинца а набахти чу воьллина вацара, цундела иза шена луъучу метте ваха йиш йолуш вара. 5Эццахь пирӀунан эскар Мисар-махкара арадаьлла хилла, ткъа Ярушалайм дӀалацархьама го бина лаьтташ долу хашадхойн эскар, и хӀума шайна дӀахезча, Ярушалаймана уллора юхаделира. 6ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхӀу-пайхамаре: 7«Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тӀе ваийтинчу ЯхӀуд-мехкан паччахье иштта дӀаала: „Хьуна гӀоьнна арадаьлла долу пирӀунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду. 8Ткъа хашадхой, Ярушалайме юха а бирзина, хӀокху гӀалина дуьхьал кхин цкъа а тӀом беш дӀахӀуьттур бу. Схьа а яьккхина, иза цӀергахь ягор ю цара“. 9Иштта боху Везачу Эло: „Шаьш-шайга Ӏеха ма лолаш, хашадхой шаьш долчуьра дӀагӀур бу бохуш, хӀунда аьлча уьш дӀагӀур бац. 10Аша шайна дуьхьал тӀом беш долу хашадхойн эскар дерриг а хӀаллакдахь а, царах чевнаш хилла тӀемалой бен шайн четаршкахь бисина ца хилахь а, цара, хьала а гӀевттина, шайн четаршна чуьра ара а бевлла, хӀара гӀала цӀарца ягор яра“».Ярми-ЯхӀу дӀалацар
11ПирӀунан эскар схьагӀортарна, хашадхойн эскар Ярушалаймана уллора дӀадаьллачул тӀаьхьа, 12Ярми-ЯхӀу Ярушалаймера Бен-Яман-махка дӀаваха хӀоьттира, цигахь доьзалан лаьттан шен декъан дола дархьама. 13Амма иза Бен-Яманан кевне кхаьчча, цигарчу гӀаролхойн хьаькамо Хьанан-ЯхӀун кӀентан Шалам-ЯхӀун кӀанта Йираъ-ЯхӀус Ярми-ЯхӀу-пайхамар сацийра: «Хьо хашадхошкахьа вала воллуш ма ву!» – аьлла. 14Ярми-ЯхӀус цуьнга элира: «Иза бакъ дац. Со хашадхошкахьа вала воллуш вац». Амма цо цуьнга ла ца дуьйгӀира. Йираъ-ЯхӀус иза, дӀа а лаьцна, баьччанаш болчу дӀавигира. 15Ярми-ЯхӀуна оьгӀазбаханчу баьччанаша, цунна етта а йиттина, йозанча волчу ЯхӀунатин цӀа чу воьллира, хӀунда аьлча цу цӀийнах цара набахти йинера. 16Ярми-ЯхӀу цу цӀийнан уггар бухарчу чоьнна чу воьллира, цу чохь дуккха хан а яьккхира цо. 17Цул тӀаьхьа ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо, цунна тӀаьхьа нах а бахийтина, иза схьавалавайтира. Шен паччахьан цӀахь паччахьо цуьнга къайлаха хаттар дира: «Везачу Элера хаам хиллий?» Ярми-ЯхӀус жоп делира: «Хилла. Хьо Бавелан паччахьан кара дӀалур ву», – аьлла. 18Ярми-ЯхӀус ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахье элира: «Стенна бехке ву со хьуна а, хьан баьччанашна а, хӀокху халкъана а хьалха, аша набахти чу воллал? 19Мичахь бу шуьга: „Бавелан паччахь хьуна а, хӀокху махкана а тӀелетар вац“, – бохуш, хаамаш бина болу шун пайхамарш? 20Ткъа хӀинца ладогӀахьа соьга, сан олахо волу паччахь, хьайга дехар дан пурба лохьа суна. Ма вигийтахьа со йозанча волчу ЯхӀунатин цӀа: ахьа иза дахь, со цигахь лийр ву». 21ЦӀадукъ-ЯхӀус омра дира, Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чуволла, гӀалахь долу бепиг чекхдаллалц цунна хӀора дийнахь бепиг доттуш болчийн урамера бепиг а луш. Иштта, Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чувоьллина Ӏаш вара.
Copyright information for
CheCAC2012