Jeremiah 38
Ярми-ЯхӀу гӀу чу кхоссар
1Матанин кӀантана Шапат-ЯхӀуна а, Пашихьуран кӀантана Гадал-ЯхӀуна а, Шалам-ЯхӀун кӀантана ЯхӀукалана а, Малки-ЯхӀун кӀантана Пашихьурна а хезира, Ярми-ЯхӀус массо а халкъе иштта дешнаш дӀакхайкхош: 2«Иштта боху Везачу Эло: „ХӀокху гӀалахь виснарг туьро, я мацалло, я Ӏожаллин уьно вуьйр ву, амма, гӀалара ара а ваьлла, хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цуьнан дахар цунна хӀонс санна хир ду, ткъа иза вехар ву“. 3Везачу Эло кхин а боху: „ХӀара гӀала, шеко йоцуш, Бавелан паччахьан кара дӀалур ю, цо иза схьа а йоккхур ю“». 4ТӀаккха баьччанаша паччахье элира: «Ярми-ЯхӀу вен везаш ву, хӀунда аьлча цо дуьйцучо кху гӀалахь бисинчу тӀемалойн а, иштта гӀалин бахархойн а майралла дӀайоккху. Цо вайна лоьрург дика дац, вон ду». 5ТӀаккха ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо баьччанашна жоп делира: «Иза шун карахь ву, ткъа со аша дечунна дуьхьал хӀумма а дан йиш йолуш вац». 6Цара Ярми-ЯхӀу, схьа а лаьцна, гӀаролхойн кертахь яьккхинчу паччахьан кӀентан Малки-ЯхӀун гӀунна чу кхоьссира. Ярми-ЯхӀу, машшаш а дихкина, цу гӀунна чу охьавоссийтира. Цу гӀунна чохь, сазз бен, хи дацара. Иштта саззи юкъа охьавоьссира Ярми-ЯхӀу. 7Паччахьан цӀа чохь гӀуллакх деш волчу Ӏабайд-Малик цӀе йолчу цхьана хушахочунна хезна Ярми-ЯхӀу гӀу чу хаийна хиларх лаьцна. Цу хенахь паччахь Бен-Яманан кевнехь хиъна Ӏаш хилла. 8Паччахьан цӀа чуьра ара а ваьлла, Ӏабайд-Малика, цунна тӀе а вахана, элира: 9«Сан олахо волу паччахь! Цу наха динарг вон ду, Ярми-ЯхӀу гӀунна чу а кхоьссина. Иза цу чохь мацалла лийр ма ву, хӀунда аьлча кху гӀалахь кхин бепиг дац». 10ТӀаккха паччахьо хушахо волчу Ӏабайд-Малике омра дина: «Хьайца кхузара ткъе итт стаг схьа а эций, Ярми-ЯхӀу гӀунна чуьра хьалаваккха, иза валале». 11Ӏабайд-Малика, шеца нах схьа а эцна, паччахьан цӀийнан чӀоь-цӀенна кӀелахь йолчу чоьнна чуьра тиша тӀелхигаш а, ца оьшуш йолу кӀадинан кескаш а схьа а эцна, уьш Ярми-ЯхӀу чохь волчу гӀу чу тӀергаш а тесна, чу яхийтира. 12Хушахо волчу Ӏабайд-Малика элира Ярми-ЯхӀуга: «ХӀара тиша тӀелхигаш а, кӀадинан кескаш а хьайн пхьаьрса кӀел а яхкий, царна тӀехула муш бахийта». Ярми-ЯхӀус шега де ма-аллара дира. 13Машшашца хьала а озийна, цара гӀунна чуьра хьалаваьккхира Ярми-ЯхӀу. ТӀаккха иза гӀаролхойн кертахь Ӏийра.ЦӀадукъ-ЯхӀу Ярми-ЯхӀух дагавалар
14ТӀаккха ЦӀадукъ-ЯхӀус шена тӀекхайкхира Ярми-ЯхӀу. Везачу Элан цӀийнан кертан кхоалгӀа ков долчу схьавалийра Ярми-ЯхӀу. Паччахьо элира: «Ас хӀинца цхьа хӀума хоттур ду хьоьга, ткъа ахьа, хӀумма а къайла ца доккхуш, суна жоп дала деза». 15Ярми-ЯхӀус ЦӀадукъ-ЯхӀуга элира: «Ас хьайна жоп делча, ахьа со вуьйр ма ву, ткъа ас хьайна хьехар дича, ахьа иза дӀаоьцур дац». 16Амма ЦӀадукъ-ЯхӀус къайлаха Ярми-ЯхӀуна чӀагӀо йира: «Вайна хӀара дахар кхоьллина а, дийна а волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас: ас вуьйр вац хьо, иштта хьо вен гӀерташ болчу нехан кара дӀа а лур вац аса». 17ТӀаккха Ярми-ЯхӀус элира ЦӀадукъ-ЯхӀуга: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: „Нагахь хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна караводахь, хьан са дийна хир ду, хӀара гӀала а цӀарца ца ягош юьсур ю. Хьо а, хьан доьзал а кхоийна хир бу. 18Амма хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна кара ца водахь, хӀара гӀала церан кара дӀа а лур ю, цара хӀара цӀарца ягор а ю, ткъа хьо царах кӀелхьар а вер вац“». 19Амма ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо Ярми-ЯхӀуга элира: «ХӀинцале а хашадхошкахьа бевллачу яхӀудхойн кара со дӀаваларх а, цара со сийсазваккхарх а кхоьру со». 20ТӀаккха Ярми-ЯхӀус элира: «Хашадхойн тӀемалоша хьо шайгахьа бевллачу яхӀудхошка дӀалур вац. Везачу Эло соьгахула хьайна бохучуьнга ладогӀахьара ахьа! Ахьа иза дахь, дерриг а дика хир ду хьоьца, хьо а дийна вуьсур ву. 21Нагахь ахьа хьо церан кара ца водахь, хир ду аьлла Везачу Эло суна дӀадиллинарг хӀара ду: 22ЯхӀудхойн паччахьан цӀа чохь бисина болу зударий хашадхойн хьаькамаш болчу дӀабуьгур бу. Оцу зударша, хьох бела а буьйлуш, эр ду: „Хьан тешамечара хьо ле ма вина,хьан доттагӀаша хьо къера ма хилийтина.
Хьан когаш саззи юкъа ма бахана,
хьан доттагӀий хьуна гена ма бевлла“.
23Берриш а хьан зударий а, бераш а, дӀа а бигина, хашадхошна дӀалур бу. Хьо а вер вац церан карара: хашадхойн паччахьо хьо схьалоцур ву, ткъа хӀара гӀала цӀарца ягор ю». 24ТӀаккха ЦӀадукъ-ЯхӀус элира Ярми-ЯхӀуга: «ХӀара дешнаш цхьана стагана а ма хаийта, хьо ца валийтархьама. 25Сан баьччанашна дӀахаа мега ас хьоьца къамел дина хилар. Цара, схьа а баьхкина, хьоьга хатта тарло: „Бакъдерг схьадийца, хӀун элира ахьа паччахье а, паччахьо хьоьга хӀун элира а? Тхох къайла ма даккхалахь шаьшшиннан хилла къамел, тӀаккха оха хьо вуьйр вац“. 26Нагахь иштта хилахь, ахьа цаьрга ала: „Со паччахье дехар деш вара, ЯхӀунатин цӀийнан набахти чохь валийта, со цига ма вахийта бохуш“». 27Массо а баьччанаш Ярми-ЯхӀу волчу баьхкира, цара цуьнга хеттарш дира. Шега паччахьо ма-бохху, жоп делира царна Ярми-ЯхӀус. ХӀумма а ца олуш, уьш дӀабахара, паччахьца аса дина къамел цхьанна а ца хезна дела. aЯрми-ЯхӀу гӀаролхой болчу кертахь Ӏийра, Ярушалайм дӀалоцу де тӀекхаччалц.
Ярушалайм йожар
Ярушалайм дӀалацар иштта дара.28
Copyright information for
CheCAC2012