Jeremiah 39
1ЯхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волу уьссалгӀачу шеран уьтталгӀачу баттахь Бавелан паччахь Набухди-Нецар, дерриг а шен эскар а далош, Ярушалаймана го а бина, дӀахӀоьттира. 2Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волчу цхьайтталгӀачу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀачу дийнахь гӀалин пенех мостагӀаша Ӏуьрг даьккхира. 3Бавелан массо а мехкан баьччанаш, гӀалина чу а баьхкина, Юккъерачу кевнна хьалха охьахевшира. Царна юкъахь Самгар-кӀоштан куьйгалхо Нургал-Шар-Эцар а, тӀеман коьрта хьаькам Сар-Сахим а, кхечу тайпана тӀеман хьаькам Нургал-Шар-Эцар а, иштта массо а кхиболу Бавелан паччахьан баьччанаш а бара. 4ЯхӀудхойн паччахь а, цуьнца болу тӀемалой а, уьш шайна гича, буьйсанна гӀалара ара а бевлла, бевдда дӀабахара. Уьш, паччахьан бешахула, шина пенна юккъехь долчу кевнах чекх а бевлла, Ӏариба-тогӀи ▼▼Ӏариба-тогӀи – иза Йордан-хин тогӀи ю.
йолчу дӀабахара. 5Амма хашадхойн эскар царна тӀаьхьаделира. Уьш ЦӀадукъ-ЯхӀуна тӀаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тӀевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гӀалин махкахь йолчу Рабила-гӀалахь вара. Цигахь цо ЦӀадукъ-ЯхӀуна кхел йира. 6Циггахь, Рабила-гӀалахь, Бавелан паччахьо а ЦӀадукъ-ЯхӀуна хьалха цуьнан кӀентий байира. Иштта ЯхӀуд-махкара баьччанаш а байира цо. 7Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀу, бӀаьргаш а баьхна, буржалш а тоьхна, Бавеле дӀавига кечвира. 8Хашадхоша паччахьан цӀа а, иштта Ярушалаймехь долу цӀенош а дагийра, гӀалин гонахара пенаш а охьаэгийра. 9ГӀалахь бухадисина долу халкъ а, шегахьа бевлларш а паччахьан гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Бавеле дӀабигира. 10Шайн долахь цхьа а хӀума а доцуш болчу къечу нахах цхьаберш гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана ЯхӀуд-махкахь битира, царна кхаш а, кемсийн бошмаш а дӀа а елла. Ярми-ЯхӀу арахецар
11Ткъа Ярми-ЯхӀух лаьцна Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Аданехула тӀедиллинера: 12«Иза схьа а лахий, цуьнан дола де. Цунна цхьа а тайпа вон а ма де, амма цо мел аьлларг де», – аьлла. 13ГӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана а, тӀеман коьрта хьаькам волчу Набуш-Забана а, тӀеман хьаькам волчу Нургал-Шар-Эцара а, иштта кхиболчу хашадхойн тӀеман хьаькамаша а Ярми-ЯхӀу лаха нах бахийтира. 14Оцу наха Ярми-ЯхӀу, гӀаролхойн кертара схьа а эцна, Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант волчу Гадал-ЯхӀун кара дӀавелира, цуьнга иза шен цӀа дӀавигийтархьама. Ярми-ЯхӀу шен халкъана юкъахь ваха висира.Ӏабайд-Маликана сатийсам хилар
15Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чувоьллина волчу хенахь, цуьнга Везачу Элера хаам кхаьчнера: 16«Ярми-ЯхӀу, ваха а гӀой, хушахо волчу Ӏабайд-Малике хӀара дешнаш дӀаала: „Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘ХӀокху гӀалина, диканиг а ца деш, бохам бийр бу аьлла долу Сайн дешнаш кхочушдан хӀоьттира Со. Иштта хилча, хьан бӀаьргашна хьалха иза кхочушхир ду. 17Амма хьо Аса кӀелхьарвоккхур ву, – боху Везачу Эло. – Хьо кхоьручу нехан кара дӀалур вац хьо. 18Ас хьо кӀелхьарвоккхур ву, хьо туьрах лийр вац, хьан дахар хӀонс санна хир ду хьуна, хӀунда аьлча хьо сох тешна дела’, – боху Везачу Эло“».
Copyright information for
CheCAC2012