Jeremiah 4
1Иштта боху Везачу Эло: «ТӀедерза хьайна лаахь, Суна тӀедерза, ва Исраилан халкъ. Массо а дегаза цӀу Суна хьалхара дӀаваккхал, кхидӀа ца тилаяйттал, 2нийсонца а, бакъдолчуьнца а, догцӀеналлица а дийна волчу Везачу Элах чӀагӀонаш ел. ТӀаккха Везачу Эло къаьмнаш декъалдийр ду, ткъа Цунах цара дозаллаш а дийр ду». 3 aВезачу Эло ЯхӀудан а, Исраилан а халкъашка боху: «Шайн латта аха, коканаш юккъехь хӀу а ма де. 4Веза Эла волчу Сан дуьхьа сунтде, ЯхӀудан халкъ! Шайн дегнаш тӀера пардо дӀа а даьккхина, уьш цӀан а дина, сунтбина хила, Ярушалайман бахархой! Шу иштта ца лелахь, Сан дералла, цхьаьнгге а сацалур йоцу сийна цӀе санна, летар ю, аша мел лелийнарг бахьана долуш».ЯхӀуд-махка чугӀортар
5ЯхӀуд-махкахь массарна а дӀахаийта,Ярушалаймехь массо а стаге дӀакхайкхаде:
«Коьман маӀа а лоькхуш, орца даккха!
Мохь а хьоькхуш, массанхьа а дӀаала:
„Дерриш а цхьана метте схьагулло,
чӀагӀйина йолчу гӀаланашка дӀагӀур ду вай“.
6Байракхца хаам бе, Цийоне дӀагӀо алий!
Хье ца луш, кхерам боцучу дӀадовда,
хӀунда аьлча Аса къилбаседехьара доуьйту
шу долчу хӀаллакьхилар а, боккха бохам а.
7Лом шен боьлак чуьра арадаьлла,
халкъ хӀаллакдийриг шен некъ бан волавелла.
Цо шен хӀусам йитина,
шун латта дассорхьама.
Шун гӀаланаш хӀаллакйийр ю,
царна чохь адамаш а хир дац.
8Шайна тӀе сингаттаман духар доха,
мохь бетташ, тийжарца делха,
хӀунда аьлча Везачу Элан дералла
ЯхӀудан халкъана тӀера дӀа ца йирзина».
9«И бохам тӀекхаьчначу дийнахь, – боху Везачу Эло, – паччахьан а, тхьамданийн а дегнаш тохалур ду, динан дай инзарбевр бу, ткъа пайхамарш Ӏадийна хир бу». 10ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъ ледеш хилла те Ахьа, цаьрга: „Шу долчохь машар хир бу“бохуш, церан логе тур хӀоттийнашехь?» 11Эццахь ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе хӀара дешнаш кхочур ду: «Бовха мох хьокхур бу яьссачу аренгахь йолчу ерзинчу лакхенашкара Сан хьомечу халкъана тӀе. Иза ялта цӀандечу хенахь хьокхуш болу эсала мох санна хир бац. 12Ялта цӀандаллал тӀех чӀогӀа мох Сайн омрица хьоькхур бу. ХӀинца Ас-Айса кхел билгалйоккхур ю оцу халкъана!»
ЯхӀуд-махкана гонах мостагӀий хилар
13Ӏаьржа марха санна, тӀегӀерташ ву мостагӀа. Цуьнан гӀудалкхаш, йилбазмох санна, сиха ю, цуьнан говраш аьрзунел а сиха ю. Аса элира: «Маржа яӀ! Ма хӀаллакьхир ду вай!» 14«Ярушалаймхой, шайн даг тӀера вониг дӀацӀанде, Соьга шаьш кӀелхьардахийтархьама! Мел латто еза аша шайн дегнашна чохь зуламе ойланаш? 15ЛадогӀа, хӀун боху Дан-гӀаларчу хаамчо. Вон кхаъ бу Эпрайман гунаш долчуьра веанчу стага беънарг. 16Халкъашка хаам бе, Ярушалайме а дӀахаийта: генарчу махкара эскархой тӀегӀерташ бу, ЯхӀудан гӀаланашна тӀе тӀеман маьхьарий хьоькхур ду. 17МостагӀаша Ярушалаймана го бийр бу, гӀаролхоша кха ма-ларддара, хӀунда аьлча Цуьнан халкъ Суна дуьхьал гӀаьттина», – боху Везачу Эло. 18«И бохам шуна тӀебеъна аша мел лелийнарг бахьана долуш. Аша лелийна болу харцнекъаш бахьана долуш беана шуьга хӀара къаьхьа бала. И бала чӀогӀа шун дагах а кхетар бу».Ярми-ЯхӀун тийжам
19«Сан кийра! Богуш бу сан кийра!Дог лазадоккхуш боккха бала бу соьгахь.
Вист ца хуьлуш ца Ӏало со,
хӀунда аьлча суна коьман маӀа хезна,
тӀеман маьхьарий суна ма хезна.
20Цхьа бохам вукху бохамна тӀаьхьа богӀу.
Массо а мохк дамардарц хилла Ӏуьллуш бу.
ЦӀеххьана сан четарш хӀаллакдина,
цуьнан шаршуш бӀаьрганегӀар тохале йоьхна.
21Дукха гур юй те суна тӀеман байракхаш,
дукха хезар дуй те коьман маӀан аьзнаш?»
22Везачу Эло боху: «Сан халкъ сонта ду.
Цунна Со ца вевза.
Сонта бераш санна ма ду иза.
Сан халкъ кхетам боцуш ма ду.
Цуьнан вон дан говзалла кхочу,
амма дика дан цунна ца хаьа».
Бала тӀебаран сурт хӀоттар
23Со лаьтте дӀахьаьжира: иза даьсса а, кегарин а дара.Со стигала хьалахьаьжира:
ткъа цуьнан нур дацара.
24Лаьмнашка дӀахьаьжира со:
уьш дегош дара,
ткъа гунаш техкаш лаьтташ дара.
25Со гонах дӀасахьаьжча,
цигахь цхьа а адам дацара,
стигалара олхазарш а дӀадаханера.
26Со дӀахьаьжча, токхе лаьттах яьсса аре хилира,
ткъа цуьнан массо а гӀаланаш йохийна лаьттара,
Везачу Элан дераллин оьгӀазло бахьана долуш.
27Везачу Эло элира: «Мохк хӀаллакьхир бу,
амма массо а хӀума хӀаллакдийр дац Аса.
28Цундела латта гӀайгӀа еш хир ду,
стигал бодане хилла дӀахӀуттур ю,
хӀунда аьлча иза Аса аьлла а ду,
Аса чӀагӀдина а ду.
Цу хӀуманна Со дохко а ца ваьлла,
Айса аьллачунна тӀера а вер вац».
29Шайна дошлойн а, секхаӀад кхоссархойн а гӀовгӀа хезча,
массо а гӀаланашкара нах дӀабовдур бу:
цхьаберш хьехаш чохь дӀаловчкъур бу,
вуьш терхеш тӀе хьалабевр бу.
Массо а гӀаланаш яссалур ю,
шайна чохь дийна адам а доцуш.
30Яссийна хинйолу гӀала, хьо хӀун деш ю?
ЦӀен духарш хӀунда духу?
Дашо туьтеш хьайна тӀе хӀунда ухку?
БӀаьргашна басарш хӀунда хьоькху?
Хьо хазъяр эрна ду хьуна!
Хьан безаргаша хьо йитина,
хӀинца хьо ен гӀерташ бу уьш!
31Суна берах хьийзочу зудчун аз хезаш санна хета.
И аз дуьххьара бер деш йолчу зудчун санна ду.
Иза Цийонан йоӀан ▼
▼Цийонан йоӀ – иза Ярушалайм-гӀала ю.
аз санна ду.Са а лоцуш, куьйгаш хьала а дахийтина,
цо боху: «Маржа-яӀ! Сан са малделла
дӀадолу байа баьхкинчу нахана хьалха!».
Copyright information for
CheCAC2012