Jeremiah 40
Ярми-ЯхӀу Гадал-ЯхӀу волчохь сацар
1Рама-гӀалахь Бавелан паччахьан гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана иза дӀалаьцначуьра мукъаваьккхинчул тӀаьхьа, Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Набузар-Аданна иза, буржалш а тоьхна, Бавеле дӀабига новкъабаьхна Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а болчу йийсархошна юкъахь карийнера. 2ГӀаролхойн хьаькамо, Ярми-ЯхӀу царна юкъара схьа а ваьккхина, цуьнга элира: «Хьан Везачу Дала хӀокху меттигна хӀара бохам бийр бу аьлла. 3Ткъа хӀинца Ша аьлларг Везачу Эло кхочушдина. И дерриг а хилла, аша Цунна хьалха къинош летийна дела а, аша Цо бохучуьнга ла ца доьгӀна дела а. 4Аса тахана хьан куьйгех тоьхначу хӀокху буржалех мукъавоккху хьо. Хьайна соьца Бавеле дӀаван лаахь, дӀавола, аса Ӏуналла дийр ду хьуна тӀехь. Нагахь хьайна цига дӀаван ца лаахь, кхузахь саца мегар ду хьуна. ХӀара дерриг а латта хьуна хьалха Ӏуьллуш ду, хьайна луъучу метте дӀаваха пурба ду хьуна». 5Ярми-ЯхӀу новкъа валале, Набузар-Адана кхин а элира: «Я хьайна лаахь, Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу гӀо, Бавелан паччахьо массо а ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашна тӀехь хьаькам хӀоттийна волчу. Хьайн халкъана юкъахь цуьнца саца мегар ду хьуна. Я хьайна луъучу метте дӀагӀо». Ярми-ЯхӀуна яа хӀума а, совгӀаташ а дӀа а делла, Набузар-Адана иза аравалийтира. 6Ярми-ЯхӀу МицӀпа-гӀалахь сецначу Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу вахара. Шайн махкахь дисинчу шен халкъана юкъахь сецира иза.ЯхӀуд-мехкан куьйгалхо волу Гадал-ЯхӀу
(ТӀаьххьарнаш 25:22-24)
7 aЯхӀудхойн эскаран хьаькамашна а, иштта кху махкахь бисина болчу тӀемалошна а, кхечу нахана а дӀахезира, Бавелан паччахьо Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу мехкан куьйгалхо хӀоттийна аьлла. Бавеле дӀа ца буьгуш бисина болчу мехкан уггар къечу божаршна а, зударшна а, берашна а тӀехь цо Ӏуналла дан деза бохуш, хезира царна. 8Уьш берриш а Гадал-ЯхӀу волчу МицӀпа-гӀала баьхкира. Царна юкъахь Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал а, Къаьрхьин кӀентий Йохьан а, ЯхӀуната а, Танхьуматан кӀант Сари-ЯхӀу а, НатӀупатарчу Ӏейпин кӀентий а, маӀхахочун кӀант Яъзан-ЯхӀу а, иштта царна уллора берш а бара. 9Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу царна хьалха чӀагӀонаш еш вара: «Ма кхера хашадхошна гӀуллакх дан. ХӀокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтӀахь а хила, тӀаккха шуна дика хир ду. 10Ткъа со МицӀпа-гӀалахь соцур ву, кхуза схьаоьхуш болчу хашадхошна хьалха шух лаьцна жоп а луш. Ткъа аша аьхкенан стоьмаш схьалахьабе, чагӀар а, даьтта а даккха, и массо а кхача кхабанаш чохь латта а бе, шаьш дӀалаьцначу гӀаланашкахь а Ӏе». 11Массо а Муаби-махкахь а, Ӏаммин-махкахь а, Эдом-махкахь а, иштта кхечу мехкашкарчу яхӀудхошна дӀахезира Бавеларчу паччахьо цхьаболу нах ЯхӀуд-махкахь битина аьлла, царна тӀехь куьйгалла дан Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу а хӀоттош. 12Шаьш бевдда дӀабаханчу массо а меттигашкара яхӀудхой Гадал-ЯхӀу волчу МицӀпа-гӀала схьагулбелира. Шаьш юхадирзинчул тӀаьхьа цара дуккха чагӀар а, аьхкенан стоьмаш а гулдира.Гадал-ЯхӀу вер
(ТӀаьххьарнаш 25:25, 26)
13Цу хенахь Къаьрхьин кӀант Йохьан а, иштта аренгахь лелаш болу кхиболу тӀемалойн хьаькамаш а Гадал-ЯхӀу волчу МицӀпа-гӀала баьхкира. 14Цара элира Гадал-ЯхӀуга: «Хьуна хууш дуй, Ӏамминхойн паччахь БаӀалси хьо вен гӀерташ вуйла? Цо Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал хьо вен ваийтина». Амма Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу царах ца тийшира. 15ТӀаккха Къаьрхьин кӀанта Йохьана къайлаха цуьнга элира: «Суна пурба лохьа Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал вен. Цунах лаьцна цхьанна а хуур дац. Цуьнга хьо хӀунда воьйтур ву оха? Цо иза дахь, хьуна гонах схьагулбелла болу массо а яхӀудхой маьӀ-маьӀӀехь дӀасаборжуьйтур бара, ткъа ЯхӀуд-махкахь бисинчу нахана бохам бийр бара». Амма Ахьикхаман кӀанта Гадал-ЯхӀус Къаьрхьин кӀанте Йохьане элира: «Ма делахь иза, хӀунда аьлча ахьа ИсмаьӀалах аьлларг бакъ дац».16
Copyright information for
CheCAC2012