Jeremiah 41
1 aВорхӀалгӀачу баттахь Эли-ШамаӀан кӀентан Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу веара. Иза МицӀпа-гӀала веара, шеца кхин итт стаг а волуш. ИсмаьӀал паччахьан цӀийнах вара, иза иштта паччахьан эскаран хьаькамех цхьаъ вара. Гадал-ЯхӀуца цхьаьна иза а, цуьнца берш а хӀума юуш Ӏийра. 2Натан-ЯхӀун кӀанта ИсмаьӀала а, цуьнца хиллачу итт стага а, хьала а гӀевттина, тарраш а тоьхна, вийра Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу. Цу тайпана Бавелан паччахьо мехкан куьйгалхо вина дӀахӀоттийнарг вийнера. 3ИсмаьӀала иштта Гадал-ЯхӀуца МицӀпа-гӀалахь хилла болу массо а яхӀудхой а, цигахь хилла болу хашадхойн тӀемалой а байира. 4Гадал-ЯхӀу вийначу шолгӀачу дийнахь, и хӀума цхьанна а хаале, 5МицӀпа-гӀала Шехемара а, Шилунера а, Шамранера а везткъа стаг веара, кӀен сагӀанаш а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а яхьаш, Везачу Элан цӀа долчохь сагӀа даккхархьама. Цара массара а шайн мажош дӀаяьшнера, шайна тӀера хӀуманаш а этӀийнера, шайна чевнаш а йинера. 6Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал, МицӀпа-гӀалара ара а ваьлла, велха а воьлхуш, царна дуьхьал веара. Цо элира: «Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу гӀо». 7ГӀалин юккъе кхаьчча, ИсмаьӀала а, цуьнца болчара а уьш, байа а байина, гӀунна чу кхиссира. 8Амма цу нахана юкъахь хиллачу иттаммо элира ИсмаьӀале: «Ма дайахьа тхо, хӀунда аьлча тхан къайлаха дӀалачкъийна кӀа а, мукх а, зайтдаьтта а, моз а ду. Уьш оха кха тӀехь къайладаьхна ду». Кхечу нахаца цхьаьна уьш байаран метта ИсмаьӀала уьш дийна битира. 9Цо Гадал-ЯхӀу бахьана долуш байина нах чукхиссина йолу гӀу Аса цӀе йолчу паччахьо яьккхина хилла, исраилхойн паччахь волчу БаӀшах ша ларвайтархьама. Натан-ЯхӀун кӀанта ИсмаьӀала и гӀу ша байинчу нехан декъех хьалаюьзна. 10ИсмаьӀала дерриг а МицӀпа-гӀалахь дисина долу халкъ дӀалецира. Царна юкъахь паччахьан йоӀарий а, иштта МицӀпа-гӀалахь дисина кхин халкъ а дара. Уьш гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Ахьикхаман кӀантана Гадал-ЯхӀуна, дола де аьлла, дӀабелла бара. Йохьанан кӀант ИсмаьӀал, уьш дӀа а лаьцна, Ӏамминхой болчу ваха новкъа велира. 11Амма Къаьрхьин кӀантана Йохьанна а, массо а цуьнца болчу тӀеман хьаькамашна а Натан-ЯхӀун кӀанта ИсмаьӀала динчу дерриг а зуламех лаьцна дӀахезира. 12ТӀаккха уьш, шайца кхин а нах схьа а эцна, Натан-ЯхӀун кӀантаца ИсмаьӀалца лата бахара. Уьш цунна ГавӀонехь болу боккха Ӏам болчохь тӀаьхьакхиира. 13Йохьан а, цуьнца болу тӀеман хьаькамаш а шайна гича, ИсмаьӀал волчохь йийсарехь долчу халкъан чӀогӀа самукъаделира. 14ИсмаьӀала МицӀпа-гӀалахь йийсаре дигна долу дерриг а халкъ, юха а дирзина, Къаьрхьин кӀант Йохьан волчу дӀадахара. 15Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал, шеца бархӀ стаг а волуш, Йохьанах ведда, Ӏамминхой болчу дӀавахара. 16ТӀаккха Йохьана а, цуьнца болчу тӀеман хьаькамаша а МицӀпа-гӀалара дийна мел бисинарш дӀабигира. Цара уьш ИсмаьӀалан куьйгах кӀелхьарбехира, шаьш Гадал-ЯхӀу вийначул тӀаьхьа. Цара дӀабигира ГавӀон-гӀалара шайца схьа мел баьхкина болу нах: божарий а, тӀемалой а, зударий а, бераш а, паччахьан кертара нах а. 17Уьш Байтлахам-гӀалина уллохь йолчу Гейрут-КӀамхӀам йолчохь севцира, цигара Мисар-махка дӀабаха дагахь, 18хашадхой бахьана долуш. Уьш кхоьрура хашадхойх, хӀунда аьлча Бавелан паччахьо ЯхӀуд-махкана тӀехь куьйгалхо хӀоттийна волу Гадал-ЯхӀу вийнера ИсмаьӀала.
Copyright information for
CheCAC2012