‏ Jeremiah 42

Халкъо Ярми-ЯхӀуга, шайна тӀера доӀа де аьлла, дина дехар

1Уьш КӀамхӀамехь севцначу хенахь, Къаьрхьин кӀант Йохьан а, цуьнца ХӀушаӀ-ЯхӀун кӀант Язан-ЯхӀу
Язан-ЯхӀу – цуьнан «Ӏазар-ЯхӀу» боху кхин а цӀе йолуш яра (дешахьа 43:2).
а, иштта кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц долу дерриг а халкъ а Ярми-ЯхӀу-пайхамар волчу дахара.
2Цара цуьнга элира: «Тхан дехаршка ладогӀахьа, Ярми-ЯхӀу. Дийна дисначу тхуна тӀера доӀа дехьа хьайн Везачу Деле. Хьуна гуш ду-кх, Ярми-ЯхӀу, дуккха а хилла долу тхо кӀеззиг бен ца дисар. 3ДоӀа дехьа, хьан Везачу Деле тхо даха деза некъ а гайтахьара, оха хӀун дан деза а дийцахьара алий».

4ТӀаккха Ярми-ЯхӀу-пайхамаро царна жоп делира: «Аша бохуш дерг со хезаш ву, аса шун Везачу Деле доӀа а дийр ду, аша соьга ма-деххара. Везачу Элера сайна хезнарг, цхьа а хӀума къайла а ца доккхуш, шуьга дӀа а дуьйцур ду».

5Цара Ярми-ЯхӀуга элира: «Веза Эла бакъволу а, тешаме а теш тхуна дуьхьал хуьлийла, хьан Везачу Дала тхан дуьхьа хьуна луш долчу массо а дешнашка хьаьжжина тхо ца лелахь. 6И хаам дика хилахь а, вон хилахь а, оха хьо вохуьйтучу тхан Везачу Дала бохучуьнга ладугӀурш хир ду тхо. Тхан Везачу Деле тхо ладугӀуш делахь, тхуна диканиг хир ма ду».

Ярми-ЯхӀус динчу доӀанна жоп далар

7Итт де даьлча, Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. 8Цо Къаьрхьин кӀант Йохьан а, цуьнца болу тӀеман хьаькамаш а, иштта кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц долу дерриг а халкъ а ша волчу дӀакхайкхира. 9Ярми-ЯхӀус цаьрга элира: «Шайн дехар дӀадала аша со тӀевахийтинчу Исраилан халкъан Везачу Дала боху: 10„Нагахь санна шу хӀокху лаьтта тӀехь совцахь, Аса шу юхаметта а хӀоттор ду, дохор а дац. Аса шу дӀа а дугӀур ду, орамашца схьа а дохур дац, хӀунда аьлча Со хӀинца дохковаьлла Ас шуна баьккхина бохам бахьана долуш. 11Ма кхера шаьш кхоьруш волчу Бавелан паччахьах. Шу цунах ма кхера, – боху Везачу Эло, – хӀунда аьлча Со шуьца ву, Ас шу кӀелхьардохур а ду. 12Аса шух къинхетам бийр бу, Бавелан паччахь шуьца къинхетаме а хуьлуьйтуш. Цо шуна шайн махка юхадерза могуьйтур ду“.

13Шайн Везачу Дала бохучуьнга ла а ца дугӀуш, аша иштта ала тарло: „Тхо дуьсур дац ЯхӀуд-махкахь. 14Тхо Мисар-махка дӀа а гӀур ду, цигахь Ӏийр а ду, цу меттехь тхох тӀом а хьакхалур бац, тӀаме кхойкхуш долу коьман маӀан аз тхуна хезар а дац, цигахь тхуна мацалла а гур яц“. 15Нагахь аша иштта алахь, ЯхӀуд-махкахь дийна бисинарш, тӀаккха аша Везачу Элера болчу хааме ладогӀа деза. ЛадогӀа шайга Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло бохучуьнга: „Нагахь санна аша Мисар-махка дӀадаха а, цигахь Ӏан а баккъал сацам бинехь, 16шу кхоьруш долу тур цигахь шуна тӀаьхьакхуьур ду, шу къаьхкаш йолу мацалла цигахь, Мисар-махкахь, шуна тӀекхочур ю, ткъа цигахь шу лийр а ду. 17ХӀора Мисар-махка ваха сацам бинарг, цигахь а я тур, я мацалла, я Ӏожаллин ун бахьана долуш лийр ву. Царах цхьа а дийна вуьсур вац. Аса царна бан леринчу бохамах цхьа а кӀелхьарвер вац“.

18Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Сайн оьгӀазалла а, дералла а Ярушалаймерчу бахархошна тӀе ерзийна хиларе терра, Сайн дералла Аса шуна тӀе охьаӀанор ю, шу Мисар-махка дӀадахча. Наха шун цӀе яккхарца неӀалт а эр ду, шуна динчунна нах инзар а бевр бу, шух кхаьрдар а бу, нахана шу дола а хетар ду. Кхин цкъа а хӀара меттиг а гур яц шуна“.

19Ва ЯхӀуд-махкахь дийна биснарш, Везачу Эло шуьга элира: „Мисар-махка ма гӀолаш“. Цундела ас шуьга чӀогӀа дӀахьедар до, 20шу шайгара гӀалат далийта дохку, ткъа цу гӀалато шу Ӏожалле далор ду. Аша со шун Веза Дела волчу вахийтира, соьга иштта олуш: „Тхуна тӀера вайн Везачу Эле доьхуш доӀа дехьа. Цо мел аьлларг тхоьга дӀаалахьа, ткъа оха иза кхочушдийр ду“. 21Тахана аса шуьга Везачу Элера болу хаам дӀакхачийра, амма шуна ца лаьа, Цо соьгахула шайга аьлларг а деш, Цуьнга ладогӀа. 22ХӀинца хаа ду шуна: шаьш даха дӀадаха шуна охьаховша лууш йолчу меттехь туьро а, мацалло а, Ӏожаллин уьно а хӀаллакдийр ду шу».
Copyright information for CheCAC2012