Jeremiah 43
Ярми-ЯхӀу Мисар-махка дӀавигар
1Ярми-ЯхӀус церан Везачу Дала шега дӀаала мел аьлларг дерриг а халкъе дӀаэлира. 2ТӀаккха ХӀушаӀ-ЯхӀун кӀанта Ӏазар-ЯхӀус а, Къаьрхьин кӀанта Йохьана а, иштта цигахь болчу массо а кӀоршамечу наха а Ярми-ЯхӀуга элира: «Ахьа бохург бакъ дац. Тхан Везачу Дала ца ваийтина хьо тхоьга: „Шу Мисар-махка даха дӀа ма гӀо“– ала. 3Нери-ЯхӀун кӀанта Баруха хьо тхуна дуьхьалвала иракара ма хӀоттийна, тхо, хашадхойн кара дӀа а делла, цаьрга дайъийтархьама а, я Бавел-махка йийсаре дӀадигийтархьама а». 4Иштта Къаьрхьин кӀанта Йохьана а, тӀеман хьаькамаша а, дерриг а халкъо а, ЯхӀуд-махкахь саца аьлла, Везачу Эло шайга аьллачуьнга ла ца дуьйгӀира. 5 aКъаьрхьин кӀанта Йохьана а, тӀеман массо а хьаькамаша а, шаьш дӀасалаьхкина долчу массо а къаьмнашкара ЯхӀуд-махкахь дахархьама юхадирзина долу дерриг а дийна дисина долу адам схьа а гулдина, Мисар-махка дӀадигира. 6ГӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀантехь Гадал-ЯхӀугахь шайн дола дан дитина болу массо а божарий а, зударий а, бераш а, паччахьан зудабераш а, иштта Ярми-ЯхӀу-пайхамар а, Нери-ЯхӀун кӀант Барух а шайца дӀабигира. 7Цу наха Везачу Элера болчу хааме ла ца дуьйгӀира, уьш Мисар-махкахь йолчу Тахьпанхьас-гӀала дӀабахара. 8Тахьпанхьас-гӀалахь Ярми-ЯхӀуга хӀара хаам кхечира Везачу Элера: 9«Масех боккха тӀулг а лахий, Тахьпанхьас-гӀаларчу пирӀунан цӀенна чу воьдучу меттигна хьалха йолчу майданан поппар буха дӀадохка уьш, берриг а яхӀудхочунна гуччохь. 10Ахьа и хӀума деш гуш болчу яхӀудхошка ала: „Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хӀара боху: ‘Ас Сан лай волчу Бавелан паччахье Набухди-Нецаре кхуза схьакхайкха бохуьйтур бу. Ас цуьнан паччахьан гӀант кхузахь Айса дӀадоьхкина долчу тӀулгаш тӀехь дӀахӀоттор ду. Цу тӀулгаш тӀехь Набухди-Нецара шен паччахьан четар дӀахӀоттор ду. 11Иза, кхуза схьа а веана, Мисар-махкана тӀелетар ву. Ӏожаллина леринарг Ӏожаллина гӀур ву, йийсаре вигийта леринарг йийсаре гӀур ву, ткъа туьро вен леринарг туьра кӀел гӀур ву. 12Набухди-Нецара мисархойн деланийн цӀеношкахь цӀе латор ю, цигара цӀуш я багор бу, я йийсаре дӀабуьгур бу. ЖаӀуьно шен бедар мезех цӀан ма-ярра, Мисар-мохк цӀанбийр бу цо, цул тӀаьхьа маьрша цигара ара а вер ву. 13Набухди-Нецара Ана-гӀалахь долчу харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш дохор ду, ткъа мисархойн харцделанийн цӀенош цӀарца дагор ду’“».
Copyright information for
CheCAC2012