Jeremiah 44
Мисар-махкахь бехаш болчу яхӀудхойх лаьцна долу Везачу Элан дош
1Мисар-махкахь Ӏаш болчу яхӀудхошка дӀаала беза хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера. Уьш Мигдол-гӀалахь а, Тахьпанхьас-гӀалахь а, Нуп-гӀалахь а, мехкан къилберачу декъахь а баха хевшинера. ХӀара бу и хаам: 2«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шуна гина Ас Ярушалаймана а, иштта массо а ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашна а бина болу бохамаш. Уьш хӀинца яссаелла, цигахь вехаш цхьа а стаг а вац, 3цигахь дехаш хиллачу адамаша дина долу вонаш бахьана долуш. Я царна а, я шуна а, я шун дайшна а хьалххе бевзаш ца хиллачу кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, царна Ӏамал а еш, Со оьгӀазвахийтира цара. 4Мосуьйттазза шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, Сайн цӀарах дӀаала: ‘Ма леладе Суна ца дезаш долу и дегаза хӀума’. 5Амма цара пайхамаршка ла а ца дугӀура, уьш тергал а ца бора. Шаьш лелош долчух уьш дӀа ца бирзира – кхечу деланашна сагӀанаш дечуьра ца совцура уьш. 6Цундела Сан дералла а, оьгӀазалла а охьаӀанайира, ЯхӀуд-махкара гӀаланаш а, Ярушалайман урамаш а дагош. Иштта уьш дохийна дӀадехира, ткъа уьш хӀинца а дассаделла лаьтташ ду“. 7Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хӀинца а боху: „Шаьш Ӏожалле далош долу доккха вониг хӀунда леладо аша? Аша дийриг бахьана долуш ЯхӀудан къомера божарий а, зударий а, даккхий а, кегий а бераш а хӀаллакдо, шайн къоман тӀаьхье а ца юьтуш. 8Шайн куьйгашца бинчу цӀушна Ӏамал а еш, шаьш цигахь Ӏан дӀадаханчу Мисар-махкахь кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, Со оьгӀаз хӀунда вохуьйту аша? Шу шаьш хӀаллакдеш ма ду, дуьненан массо а къаьмнашна хьалха наха шун цӀе яккхарца неӀалт эр ду, царна шу дола хетар ду. 9Шуна дицделла те шайн дайша а, яхӀудхойн паччахьаша а, церан зударша а лелийна долу зуламаш, аша шаьш а, шун зударша а ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалайман урамашкахь а лелийна долу вон хӀуманаш? 10Таханлерчу денна тӀекхаччалц шу, шаьш кӀезиг а хеташ, Суна хьалха ларамах дуьзна дац, шуна а, шун дайшна а Аса беллачу Сан товрат-хьехамца а, Сан парзашца а ца лелара шу“. 11Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса сацам бина, шуна тӀе вониг даийта. Кхузахь болу массо а яхӀудхой хӀаллакбийр бу Аса. 12Мисар-махка кхалха а, цигахь Ӏан а сацам бина ЯхӀуд-махкахь дийна биснарш Аса дӀабохур бу. Уьш массо а Мисар-махкахь дӀакхелхар бу! КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц уьш туьраца а, мацаллица а хӀаллакьхир бу. Наха церан цӀе яккхарца неӀалт эр ду, царна динчунна нах Ӏадийна хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола а хетар бу. 13Аса Ярушалаймана таӀзар ма-дарра, туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца таӀзар дийр ду шух болчу Мисар-махкахь бехаш болчарна. 14Мисар-махкахь Ӏан цига дӀабаханчу яхӀудхойх дийна бисинчарах цхьа а кӀелхьарвер а вац я дийна а вуьсур вац, ЯхӀуд-махка юхаверзархьама. Шайн махка юхадерза шаьш сатуьйсуш делахь а, Ӏожаллех кӀелхьарваьлла масех стаг воцург цхьа а цӀа воьрзур вац“». 15ТӀаккха шайн зударша кхечу деланашна сагӀанаш дохуш хилар хууш болу массо а божарий а, цигахь лаьтташ болчу зударшца цхьаьна Ярми-ЯхӀуга бистхилира. Цигахь йоккха адамийн тоба яра. Царна юкъахь бара къилбаседехьара а, къилбехьара а Мисар-махкахь бехаш болу яхӀудхой. Цара Ярми-ЯхӀуна жоп делира: 16«Оха ладугӀур дац ахьа Везачу Элан цӀарах тхуна беанчу хааме. 17Тхаьш аьлларг оха билггал кхочушдийр ду: оха цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш а дохур ду стигаларчу зуда-паччахьна, ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а тхо а, тхан дай а, тхан куьйгалхой а, тхан паччахьаш а, тхан баьччанаш а ма-леллара лелар а ду. Оцу хенахь тхан даа хӀума а хуьлура, тхан аьтто а хуьлура, тхуна тӀе вонаш а ца догӀура. 18Амма тхо стигаларчу зуда-паччахьна цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш дохучуьра севцича, тхан хӀумма а дацара, ткъа тхо туьро а, мацалло а хӀаллакдеш дара». 19Цул тӀаьхьа зударий бистхилира. Цара элира Ярми-ЯхӀуга: «Стигаларчу зуда-паччахьна оха цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш дохучу хенахь тхан майранашна иза хууш ца хилла те? Цуьнан сибатехь оха хьокхамаш а доттуш, цунна чагӀаран сагӀанаш а дохуш, цара тхуна пурба ма лора!» 20ТӀаккха Ярми-ЯхӀус шена иштта жоп деллачу дерриг халкъе а – божаршка а, зударшка а – элира: 21«Везачу Элана диц ца делла аша а, шун дайша а, паччахьаша а, шун баьччанаша а, мехкан халкъо а ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а кхечу деланашна сагӀанаш дохуш хилар. Цуьнан дагахь иза лаьтташ ма ду. 22Везачу Эле кхин са ца тохаделира аша лелочу зуламечу а, дегазчу а гӀуллакхашна. Цундела шун латта тахана дохийна а, дассаделла а, тӀехь Ӏаш адам а доцуш, лаьтташ ду, ткъа наха цуьнан цӀе яккхарца неӀалт олу. 23Кхечу деланашна аша сагӀанаш дахар а, Везачу Элана дуьхьал къинош летор а, Цо беллачу товрат-хьехамца а, парзашца а, сацамашца а шу ца лелар а бахьана долуш тахана гуш болу и бохам шуна тӀебаийтина бу». 24Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀус, леррина зударшка вист а хуьлуш, массо а нахе элира: «Мисар-махкахь Ӏаш болу массо а яхӀудхой, ладогӀа Везачу Элан даше! 25Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Аша а, шун зударша а шаьш шайн багахула схьааьлларг шайн куьйгашца чӀагӀдина. Аша боху: ‘Стигаларчу зуда-паччахьна цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш дийр ду аьлла йолу чӀагӀо оха билггал кхочушйийр ю’. Шаьш делла дош дан ма-дезза кхочушде! Шаьш йина чӀагӀонаш билггал ларъе! 26Амма ладогӀалаш Везачу Элера болчу хааме, Мисар-махкахь мел бехаш болу яхӀудхой: ‘Сайн сийлахьчу цӀарах Ас чӀагӀо йо, – боху Везачу Эло, – массанхьа а Мисар-махкахь вехаш волчу цхьана а яхӀудхочо кхин цкъа а Сан цӀарах чӀагӀо йийр яц, ‹Дийна волчу Хьалдолчу Элах чӀагӀо йо ас› – бохуш 27Аса цу нехан тергам бийр бу, амма царна гӀо дархьама бийр бац, уьш хӀаллакбархьама тергал беш хир ву. Мисар-махкахь бехаш болу яхӀудхой я мацалло хӀаллакбийр бу, я туьро бойур бу, царах кхин цхьа а стаг ца виссалц. 28КӀеззиг нах юхабоьрзур бу Мисар-махкара ЯхӀуд-махка, туьрах кӀелхьар а бевлла. ТӀаккха Мисар-махкахь баха схьабаьхкина болчу дийна бисинчу берриг а яхӀудхошна хуур ду, хьенан дешнаш хилла бакъ – Сан я церан. 29Кхузахь Аса шуна таӀзар а дийр ду, шуна бохам а боккхур бу аьлла Сан дешнаш чӀогӀа дуйла шуна хоуьйтуш, – боху Везачу Эло, – хӀара билгало гойтур ю шуна. 30 aАса Мисар-мехкан паччахь волу ХьупраӀ-пирӀун вен гӀерташ болчу цуьнан мостагӀийн кара дӀалур ву иза, – боху Везачу Эло, – яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу Аса иза вен лоьхучу цуьнан мостагӀа волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дӀа-ма-валлара’“».
Copyright information for
CheCAC2012