Jeremiah 46
Кхечу къаьмнех болу хаамаш
1Ярми-ЯхӀу-пайхамаре кхечу къаьмнех лаьцна болу Везачу Элера хаамаш хӀорш бу.Мисархой эшорах лаьцна болу хаам
2 aИ хаам Мисаран къомах а, Мисаран паччахь волчу Наху-пирӀунан эскарх а лаьцна бу. Цуьнан эскар Эпрат-хина йистехь лаьттачу КӀаркамиш-гӀалина уллохь эшийнера. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Наху-пирӀунан эскар эшийра яхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгӀачу шарахь. ХӀара бара оцу эскарх лаьцна Везачу Элера болу хаам: 3«Мисаран эскаран хьаькамаш кхойкху:„Шайн жима а, доккха а турсаш кечдай,
тӀом бан арадовла.
4Дошлой, шайн говраш тӀе нуьйраш а тахкий,
царна тӀе а ховший, шайн гӀемаш дӀатахка.
Иштта гӀаьгӀнаш тӀедуха,
гоьмукъаш а ирде“.
5Уьш, кхера а белла, юхабевлла хӀунда го Суна?
Царах доьналла дерш а ма эшна,
юхахьовса а ца кхуьуш,
бевдда боьлхуш ма бу уьш.
Массо а агӀор къемат ма ду царна тӀегӀерташ, –
боху Везачу Эло. –
6Сиха водуш верг а ведда, кӀелхьарвалалур вац,
ницкъ болуш верг а баланех хьалхавалалур вац.
Къилбаседехьа йолчу меттехь, Эпрат-хина уллохь,
ког а тасабелла, уьш охьаоьгур бу.
7Нил-хи санна, хьаладолуш дерг мила ду?
Цуьнан хиш санна, тӀехдуьйлуш дерг мила ду?
8Мисаран къам ду, Нил-хи санна хьаладолуш а,
хин гаьннаш санна тӀехдолуш а.
Цо боху: „Аса дерриг а латта дӀахьулдийр ду,
цу тӀера ерриг а гӀаланаш а, царна чуьра бахархой а хӀаллакбийр бу“.
9Дошлой, говраш тӀе ховша!
ГӀудалкхаш чехка хахкийта!
ТӀемалой тӀамана арабаха!
Шайн турсашца болу хушахой а, пӀатӀахой а,
иштта секхаӀедаш дулуш болу лудамхой а,
тӀаме хӀинца арадовла!
10ХӀара де массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан де ду.
ХӀара де Цо бекхам бо де ду.
Цуьнан мостагӀашна тахана бекхам хир бу.
Туьро уьш, ша дуззалц, дӀакхоллур бу,
ша Ӏаббалц, церан цӀий а молур ду,
хӀунда аьлча Эпрат-хина уллохь болчу къилбаседерачу махкахь
массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло Шена сагӀа кечдийр ду.
11ГалӀаде а гӀой, цигара хьайна молханаш схьаэца,
ва хьоме Мисаран къам!
Амма ахьа дарба леладар эрна хуьлу,
хӀунда аьлча хьуна хила дарба дац.
12Кхечу къаьмнашна хьан эхьах лаьцна хезар ду,
хьан белхаро дерриг а латта хьаладузур ду.
Цхьа тӀемало вукху тӀемалочух тасалур ву,
ткъа уьш ший а охьавужур ву».
Набухди-Нецар схьавалар
13 bМисар-махкана тӀелатархьама Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьаваларх лаьцна Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамаре иштта хаам бира: 14«ХӀара хаам дӀакхайкхабе Мисар-махкахула,дӀахаийта иза Мигдол а, Нуп а, Тахьпанхьас а гӀаланашкахь:
„Лардаран раьгӀнашкахь дӀахӀиттий, тӀамана кечло,
мостагӀчун туьро хьуна гонах мел долу къам дӀакхоллу дела.
15ХӀаллак хӀунда хилла хьан ницкъболу тӀемалой?
Уьш дуьхьал латталур бац, хӀунда аьлча
Везачу Эло лаьхкина буьгуш бу уьш“.
16Цо дукхахберш тасаболуьйтур бу.
Уьш вовшашна тӀе оьгур бу.
Цара бохур ду: „Дуьло, юхагӀур ду вай
вайн халкъана тӀе а, вайн махкана тӀе а,
хӀаллакдечу туьрах кӀелхьардовлархьама“.
17Цигахь цара эр ду: „Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун
эрна гӀовгӀа ян бен вац. Цо шен таро йолу хан дӀаяхийти“.
18Дийна волчу Сох чӀагӀо йо Аса, – боху Паччахьо,
Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, –
лаьмнашна юкъахь Табур-лам санна волу а,
хӀордана уллохь лаьтташ Кармал-лам санна волу а
цхьа ницкъболу куьйгалхо вогӀур ву шуна.
19Мисар-махкара бахархой, шайн массо а хӀума схьагулде,
йийсаре даха кечам бе, хӀунда аьлча
Нуп-гӀала ерриг а яссор ю,
цхьа а стаг шена чохь ца вехаш
ерриг а йохийна хир ю.
20Мисаран къам чӀогӀа хаза дуьхьарг санна ду,
амма къилбаседехьара ю тухуш болу моза цунна тӀебогӀу.
21Цо тӀелаьцна балийна болу тӀемалой
дустийначу эсех тера бу.
Уьш шаьш бевдда дӀагӀур бу,
дуьхьаллатта де доцуш, хӀунда аьлча
церан Ӏожаллин де тӀекхаьчна,
царна таӀзар хуьлу де ду тӀедеанарг.
22Мисаран эскар дедда дӀагӀур ду,
лаьхьано санна хиш-ш а деш,
мостагӀийн эскар улло кхочучу хенахь.
Уьш, шайн карахь дагарш а долуш,
хьун хьакхархой санна, цунна тӀе летар бу.
23Цара хьокхур ю мисархойн хьун, –
боху Везачу Эло, –
Цу хьун чохь дукха дитташ делахь а.
ЦӀоз санна, дукха ду мостагӀчун эскар,
уьш багарбина а вер вац.
24ЮьхьӀаьржачу хӀоттор ду Мисаран къам,
къилбаседехьарчу халкъан карагӀур ду иза».
25Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Ас кестта таӀзар дийр ду Ну-гӀалахь волчу Амин-харцдалла а, иштта ПирӀунна а, Мисар-махкана а, цуьнан деланашна а, паччахьашна а, пирӀунах тешна Ӏаш мел болчарна а. 26Уьш хӀаллакбан гӀерташ болчу церан мостагӀийн кара дӀалур бу Ас уьш – Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а, цуьнан баьччанийн а кара. Амма тӀаьхьо Мисар-махкахь хьалха санна нах бехаш Ӏаш хир бу», – боху Везачу Эло.
Везачу Эло Шен халкъ кӀелхьардаккхар
27 c«Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье,кхера ма ло, иштта Исраилан халкъ, ма къахка.
Аса хьо генарчу махках кӀелхьардоккхур а ду,
шаьш йийсаре дӀабигначу махкара
хьан тӀаьхьенаш паргӀатйохур а ю.
Якъубан тӀаьхье юхайоьрзур ю,
уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу.
Царна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац.
28Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, кхера ма ло, –
боху Везачу Эло, – Со хьоьца волу дела.
Шу дӀасалаьхкина мел долу къаьмнаш
Аса билггал хӀаллакдийр делахь а,
шу хӀаллак ца деш, дуьтур ду.
Шуна таӀзар ца деш Аса шу дуьтур дац,
амма Аса нийсонца Шуна таӀзар дийр ду».
Copyright information for
CheCAC2012