Jeremiah 47
ПӀелаштамхойх лаьцна болу Везачу Элан хаам
1 aПирӀун Ӏази-гӀалина тӀелатале хьалха Ярми-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элера пӀелаштамхойх лаьцна болу хӀара хаам кхаьчна. 2Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехь хиш ду хьаладовлуш,ткъа царах тӀехйолу Ӏовраш хир ю.
Уьш тӀеевр ю пӀелаштамхойн махкана а, цу тӀехь мел долчу хӀуманна а тӀе,
гӀаланашна а, царна чохь Ӏаш долчу адамашна а тӀе.
Цигара нах орца даха буьйлалур бу,
махкахь мел Ӏаш берш боьлхур бу.
3Царна ницкъ болчу говрийн когийн татанаш хезар ду,
гӀудалкхаша еш йолу гӀовгӀа а хезар ю.
Цу гӀовгӀана юкъахь дай шайн берашка дӀахьажа а,
царна гӀо дан а кхуьур бац, хӀунда аьлча
гӀора дӀадаьлла болчу цара
шайн куьйгаш охьадохуьйтур ду.
4Берриг а пӀелаштамхой хӀаллакбен де тӀекхаьчна,
Цора-гӀалина а, ЦӀадан-гӀалина а
дисина долу гӀо дӀахеда хан тӀекхаьчна.
Везачу Эло хӀаллакбийр бу пӀелаштамхой,
КаптӀар-гӀайренах схьаваьлла мел виснарг.
5Шайн сингаттам а гойтуш,
Ӏази-гӀаларчу наха шайн кортош дӀадошур ду,
Ашкхилун-гӀалара нах бист ца хуьлуш хир бу.
ПӀелаштамхойх дийна мел диснарш,
дукха хир ду шу, шайн догӀмаш а хедош,
шайгара боккха сингаттам гайтархьама?
6„Мел лелар ду хьо, Везачу Элан тур,
саццаза таӀзар деш? – боху аша. –
Юхадерзахьа хьайн батта чу,
сацахьа, меттадолахьа“.
7Амма иза муха соцур ду, нагахь
шега Везачу Эло омра дича?
Ашкхилун-гӀалина а, хӀордан йистана а,
тӀелата омра дина Везачу Эло».
Copyright information for
CheCAC2012