‏ Jeremiah 48

Муабахойх лаьцна болу Везачу Элан хаам

1 aМуаби-махках лаьцна Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Декъаза ю Набу-гӀала, иза дакъазаяьккхина хир йолу дела.
Кхиръятим, юьхьӀаьржачу а хӀоттийна, схьалаьцна хир ю.
Цуьнан гӀап, юьхьӀаьржачу а хӀоттийна, йохийна хир ю.
2Муабин къоман кхин сийлалла хир дац.
Хьешбонехь цунна дуьхьалдаккха зулам кечдеш бу:
„Дуьйло, хӀаллакдийр ду вай и къам“, – бохуш.
Хьо а, Мадмон-гӀала, дӀатийна хир ю,
тур хьуна тӀаьхьадаьлла лелар ду.
3Хьоронайм-гӀаларчу наха маьхьарий детта:
„Мел бохам бина! Мел чӀогӀа йохийна!“

4Муабин къам хӀаллакдина ду.
Цуьнан бераш чӀогӀа доьлхуш ду.
5Лухьайте хьалаболучу новкъахь
адамаш ца совцуш доьлхуш ду.
Хьоронайм тӀера боьдучу новкъахь
гӀайгӀане маьхьарий ду хезаш
мостагӀаша дохор бахьана долуш.
6Довдалаш, кӀелхьардаккхалаш шайн дахар!
Яьссачу аренгахь йолчу куллах тарлолаш.

7Шайн корматаллех а, шайн бахамах а
тешна шу Ӏийна дела,
йийсаре кхочур ду шу.
Шун дела волу Камош а гӀур ву йийсаре,
шеца динан дай а, элий а буьгуш.
8ХӀора гӀали чу хӀаллакдеш верг вогӀур ву,
цу гӀаланех цхьа а йоха ца еш а юьсур яц.
ТогӀеш а хӀаллакьхир ю, шера аренаш а яссалур ю.
Дерриг а Везачу Эло ма-аллара хир ду.
9Муабин къомана тӀемаш лойша,
иза, тӀема а баьлла, дӀабахийта.
Цуьнан гӀаланаш яссалур ю,
хӀунда аьлча цу чохь Ӏен стаг хир вац».

10(НеӀалт хир ду Везачу Элан лаам ледара кхочушбечунна! Иштта неӀалт хир ду шен туьре цӀий ца Ӏанадойтучунна а.)

11Везачу Эло элира: «Муабин къам массо а хенахь паргӀат дара, йийсарехь а иза ца хиллера. Иза, чагӀар санна, хьаьъна лаьтташ дара, цхьана кеда чуьра вукху кеда чу а ца дуттуш. Цундела цуьнан чам а хьалхалера бара, цуьнан хьожа а хьалхалерниг яра.

12Делахь а, кестта тӀейогӀур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса чагӀар дуттурш боуьйтур йолу. Ткъа цара Муабин къам, чагӀар санна, охьаӀанор ду. Цуьнан кедаш цара дассор ду, ткъа кхабанаш, кескаш яьхна, йохор ю. 13ТӀаккха Муабин халкъ юьхьӀаьржачу хӀуттур ду Камош бахьана долуш, Исраилан тӀаьхье, Бетал-гӀалахь болчу цӀуйх а тешна, юьхьӀаьржачу хӀоттаре терра. 14Шуьга муха алалур ду: „Тхо турпалхой ду,
тӀом бан ницкъболу адамаш ду тхо“?
15Бассалуш бу Муаби-мохк,
цуьнан гӀаланаш а ю йогуш,
цуьнан тоьлла кӀентий а бу хӀаллакьхуьлуш, –
боху Шен цӀе массо а ницкъийн
Веза Эла йолчу Паччахьо. –
16ТӀекхочуш ду Муабин къам хӀаллакьхилар,
бохам цунна тӀекхача сихбелла.

17Тийжар хӀоттаде цу къоман дуьхьа,
цунна гонах мел Ӏаш долчу къаьмнаша а,
цуьнан цӀе евзаш мел долчу халкъаша а.
Ала: „Маржа-яӀ! Нуьцкъала къам дӀадаьлла,
цуьнан сийлалла хӀинца дайна лаьтта“.
18Дибонахь дехаш дерш, охьадисса шайн сийлаллин лакхенгара,
лаьттарчу чена юккъе охьаховша.
Муаби-мохк хӀаллакбийриг хьуна тӀелета,
ткъа Цо шун массо а гӀепаш йохор ю.
19ӀаруӀерахь дехаш долу адамаш,
некъа йисте дӀа а хӀиттий, хьовса.
ДӀауьдуш болчу божаршка а,
кӀелхьарбовлуш болчу зударшка а
хаттар де: „ХӀун хилла шуна?“
20ЮьхьӀаьржачу хӀоьттина Муабин къам,
хӀунда аьлча иза дохийна.
Мохь бетташ, белхар де, Арнон-хин йистехула
дӀахаийта Муабин къам хӀаллакдина хилар.

21ТаӀзар дина шерачу аренашкахь йолчу гӀаланашна: Хьулон-гӀалина а, ЯхӀац-гӀалина а, МейпаӀат-гӀалина а, 22иштта Дибон-гӀалина, Набу-гӀалина, Байт-Диблатаймна, 23Кхиръятимна, Байт-Гамулна, Байт-МаӀунна, 24Кхиръют-гӀалина, Бацарна – ерриг а Муаби-махкарчу уллорачу а, генарчу а гӀаланашна. 25Муаби-мехкан ницкъ дӀабаьккхина, цуьнан куьг кагдина, – боху Везачу Эло.

26Вахон малар мала Муабин къомо, хӀунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна. Иза шен Ӏетторашна юкъахь керчар ду, шех нах а бийлош. 27Хьо Исраилан къомах доьлуш дара, Муабин къам? Иза къола деш лаьцна дара, цуьнан цӀе йоккхушехь, дела а доьлуш, корта лесттол?

28Йита гӀаланаш, муабахой, тархашна юкъахь даха ховша. Хьеха чу воьдийла йолчохь шайн бенаш а дина, Ӏаш долу кхокхий санна хила. 29Тхуна хезна Муабин кураллех лаьцна. Цуьнан куралла йоккха ю! Цо ша даздо, деза детта, шех дозалла до, ткъа цуьнан дог кураллех дуьзна ду. 30Суна девза цуьнан дозалла дар, – боху Везачу Эло, – ткъа иза эрна ду. Цо мел дийриг лаьттар дац. 31Со а ву Муаби бахьана долуш воьлхуш, цуьнан хӀора вахархочунна тийжаш ву Со. Кхир-Хьарасан бахархошна Со воьлхуш ву. 32Со ЯӀзирерачу бахархошца цхьаьна тийжаш ву Сибмерачу кемсийн бошмех лаьцна. Ва кемсийн бошмаш, шун таьллангаш ЯӀзир-гӀалина уллорачу хӀордана тӀе кхаччалц Ӏохкуш яра. Ткъа хӀинца хӀаллакдийриг аш кхиийначу кемсашна тӀелетира. 33Ирс а, синкъерам а дӀабаьлла Кармалахь а, Муаби-махкахь а. Ас совцийна муттдоккхургана чуьра охьаоьхуш йолу чагӀаран Ӏовраш, кхин хьошур яц кемсаш, самукъадаларца маьхьарий а детташ. Маьхьарий деттар ду, амма уьш синкъераме маьхьарий хир дац.

34Доьлхуш ду Хьешбонера а, ЭлиӀалера а адам, церан белхар ЯхӀац-гӀала кхаччалц дӀахезаш ду, иштта ЦӀоӀар-гӀала дуьйна Хьоронайм-гӀала а, ӀагӀлат-Шалши а дӀахезаш ду иза. Нимраймара хи а дӀасецна. 35Ас сацор ду, – боху Везачу Эло, – муабахоша шайн дезачу гунаш тӀехь сагӀанаш дахар а, шайн деланашна хаза хьожа йогӀу хӀума ягор а.

36Иштта сан дог, шедаг санна, Муаби-къомах тийжаш ду. Сан дог Кхир-Хьарасан бахархошна доьлхуш ду, хӀунда аьлча церан массо а бахам хӀаллакьхилла. 37ХӀораннан корта баьшна бу, маж а яцъелла, массеран а куьйгаш хедийна, массарна а тӀехь сингаттаман бедарш ю. 38Муаби-махкарчу цӀенойн хӀора тхевнна тӀехь а, цуьнан майданашкахь а лаьтташ белхар ду, хӀунда аьлча Ас иза, ца оьшуш йолу пхьегӀа санна, хӀаллакбина, – боху Везачу Эло. – 39Ма хӀаллакьхилла Муабин къам! Ма тийжаш ду иза! ЮьхьӀаьржачу а хӀоьттина, шен букъ берзийна цо! Массо а цунах кхаьрдар бу, ткъа цунна гонах мел долу къаьмнаш кхералур ду, цунна хилларг а гина».

40Иштта боху Везачу Эло: «Хьажал! Стигалара тӀееанчу аьрзуно санна, мостагӀаша шайн тӀемаш дӀасадохуьйтур ду Муаби-махкана тӀехула. 41Цуьнан гӀаланаш а, гӀепаш а схьайохур ю, хӀора муабахочун дог цу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду. 42Муабахой хӀаллакбийр бу, уьш кхин къам хир дац, хӀунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна. 43Ӏадор а, ор а, гур а хир бу шуна, Муаби-мехкан бахархой, – боху Везачу Эло. – 44Ӏадорах веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву, хӀунда аьлча Ас Муаби-махкана тӀе таӀзаран денош далор ду, – боху Везачу Эло. – 45Хьешбон-гӀалин пенийн ӀиндагӀехь бевдда боьлхурш гӀо доцуш лаьтта, хӀунда аьлча Хьешбонера цӀе елира, ткъа Сихьон-паччахьан гӀалара алу марсаяьккхира. Цу цӀеро муабахойн бӀаьштигаш ягайо, оцу гӀовгӀа ечеран туьтанех цӀе летира. 46Къа ду хьан, Муабин къам! Камош-харцделан халкъ, хьо хӀаллакьхилла! Хьан кӀентий кхечу махка дӀабигина бу, ткъа хьан зудабераш йийсаре дӀадигина ду.

47Амма тӀаьххьарчу деношкахь Аса Муабин къоман аьтто юхаметтахӀоттор бу», – боху Везачу Эло. Муабина тӀехь кхел ярх лаьцна хааман чаккхе кхузахь ю.
Copyright information for CheCAC2012