Jeremiah 49
Ӏамминан къомана тӀехь кхел яр
1 aӀамминан къомах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Бераш дац ткъа Исраилан халкъан? Цуьнан долахь дерг кхочун верг вац ткъа? ТӀаккха МилкӀом-харцделан къомо гадахойн мохк хӀунда дӀалаьцна? Оцу къоман нах гадахойн гӀаланашкахь хӀунда бу Ӏаш? 2Зама тӀекхочур ю, – боху Везачу Эло, – Ӏаммин-махкарчу Рабба-гӀалин нахана Аса тӀеман орца даккхар хозуьйтуш йолу. Оцу гӀаланах къапалгийн барз хир бу, цунна гонах йолу ярташ а цӀерца хӀаллакйийр ю. Цара исраилхой шайн гӀаланашкара дӀабахийтира, амма исраилхоша Ӏамминхой цигара дӀалохкур бу, – боху Везачу Эло. 3Делха, Хьешбонан бахархой: хӀаллакйина ГӀай-гӀала. Тийжа, Рабба-гӀалин зударий, шайна тӀе сингаттаман бедарш а юхий. Белхарца шайн гӀалин пенашна юккъехь дӀасауьдуш хила, хӀунда аьлча мостагӀчо МилкӀом йийсаре дӀавуьгур ву, цуьнан динан дайшца а, элашца а цхьаьна. 4ХӀунда до аша шайн тогӀех дозаллаш, уьш токхе ю а бохуш? Ва тешаме доцу къам, хьайн хьолах тешна а Ӏаш, хьуна моьтту, хьуна тӀелата цхьа а ваьхьар вац. 5Амма Ас массо а хьан маьӀӀера хьуна тӀе къемат доуьйтур ду, – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло, – тӀаккха шу дӀадовдур ду, цхьаммо а шу юха цхьаьна схьа а гулдийр дац. 6Амма тӀаьхьа Аса Ӏамминхойн аьтто юхаметтахӀоттор бу», – боху Везачу Эло.Эдоман къомана тӀехь кхел яр
7 bЭдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гӀалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДӀадаьлла те церан хьекъал? 8Дадданан бахархой, бовдий, дӀагӀо кхузара, хьехаш чохь дӀаловчкъа, хӀунда аьлча Ӏесаван тӀаьхьенна бохам бийр бу Ас. Цунна таӀзар даран хан схьакхаьчна. 9Нагахь санна кемсаш схьагулйийраш хьо волчу багӀахь, таьллангаш тӀехь цара масех кемс схьаяккхаза юьтур яц те? Нагахь буьйсанна къуй багӀахь, шайна луъург бен цара ца лачкъайо те? 10Амма Аса Ӏесаван тӀаьхьенан мел долу хӀума схьадоккхур ду, Ас гучуйохур ю церан дӀалечкъийлаш, кхин уьш къайла ца бовлуьйтуш. Церан бераш а, гергарнаш а, уллоранаш а байина дӀабохур бу. Эдоман тӀаьхьенах цхьа а вуьтур вац. 11Дита хьайн бобераш, Ас дола дийр ду церан. Хьан бисина Ӏаш болу зударий а Сох тешна Ӏан мегар ду». 12Иштта боху Везачу Эло: «Нагахь таӀзаран кад мала декхарийлахь боцучара иза мала дезча, таӀзар даза хьо хӀунда дита деза, Эдоман къам? Хьо таӀзар доцуш дуьсур ма дац – ахь а таӀзаран кад мер бу! 13Аса Сайх чӀагӀо йо, – боху Везачу Эло, – Бацар-гӀала йохийна хилла дӀахӀуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цӀе а йоккхуш, неӀалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю». 14Везачу Элера болу хаам хезна суна, и хаам бахьаш геланча а ваийтина халкъашна тӀе: «Шайн эскарш схьа а гулдай, Эдомна тӀамца чугӀорта. 15Ас халкъашна юкъахь жима дийр ду хьо, ткъа адамашна юкъахь хьо дегаза хетар ду. 16Кхидолчу къаьмнашна кхерам тийсарх а, хьайн деган кураллах а хьо Ӏеха ма делла. Тархийн чӀажашкахь а, лаьмнийн баххьашна тӀехь а хьо Ӏаш ду, амма хьан цӀенош аьрзунийн бенашка кхоччуш лекха хилча а, цигара дӀа а хьо охьадуссуьйтур дара Аса», – боху Везачу Эло. 17«Эдом-махках нах кхаьрдар бу. Цигахула мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шайна гича. 18 cСедам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а, царна гонахара гӀаланаш а йохийна дӀаяьхначул тӀаьхьа ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта цхьа а стаг кхин хир вац Эдом-махкахь, цхьа а адам цигахь соцур а дац. 19Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогӀур а ву, цӀеххьана эдомхой шайн махкара дӀабовдуьйтур а бу. ТӀаккха Сайна луъург а оцу махкана тӀехӀоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаӀу валалур ву Суна дуьхьал? 20ЛадогӀал Везачу Эло Эдоман бахархошна дан леринчуьнга, иштта Теман-гӀалин бахархошца Цо дан леринчуьнга а. Ас чӀагӀо йо, жа санна долчу Эдоман къома чуьра къонахий дӀакхоьхьур бу аьлла. Ас чӀагӀо йо, церан латта Аса хӀаллакдийр ду аьлла, цара мел лелийнарг бахьана долуш. 21Эдом южуш яьллачу гӀовгӀано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий Эрзийн хӀорд болчу кхаччалц дӀахезаш хир ду. 22Хьажал, хьала а даьлла, стигалара тӀедеанчу аьрзуно санна, мостагӀаша шайн тӀемаш дӀасадохуьйтур ду Бацар-гӀалина тӀехула. Эдомхойн тӀемалойн дегнаш оцу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду».Дамасакхана тӀехь кхел яр
23 dВезачу Элера хӀара хаам Дамасакхах лаьцна бу: «ЮьхьӀаьржачу хӀоьттина Хьамат-гӀала а, Арпад-гӀала а, хӀунда аьлча цаьрга вон хаам кхаьчна. ХӀорд санна, оцу шиннан дегнаш хьийзаш ду, гӀайгӀанехь хиларна церан синтем а бац. 24Дамасакх-гӀалин бахархой, дог а доьхна, юха а бирзина, бевдда дӀабаха кийча бу. Къемат тесна церан дегнашка, гӀайгӀано а, лазаро а уьш дӀалаьцна. Цаьргахь, берах хьийзочу зудчуьнгахь санна, лазарш ду. 25Сан сакъералуш хиллачу, гӀараяьллачу гӀалара нах дӀа хӀунда ца бевдда? 26Цигарчу майданашкахь а, урамашкахь а къона нах охьаоьгур бу, массо а тӀемалой а хӀаллакьхир бу цу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 27Ас цӀе тосур ю Дамасакхан пенех, ткъа оцу цӀеро Бен-Хьадид-паччахьан гӀепаш дӀакхоллур ю».Къедарна а, Хьацорана а тӀехь кхел яр
28Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара эшийначу Къедаран тукхамах а, Хьацоран пачхьалкхех а лаьцна Везачу Эло боху: «Къедаран тӀаьхьенна тӀамца тӀегӀорта, хӀаллакдай, дӀадаккха малхбалехьара долу халкъ. 29Церан четарш а, жаш а схьадохур ду, церан четарийн шаршуш а, церан бахам а, церан эмкалш а мостагӀаша дӀахьур ю. Наха цаьрга мохь хьоькхур бу: „Массо а агӀор къемат ду шуна тӀегӀерташ!“ 30ДӀадовда, сихха дӀагӀо кхузара, Хьацоран бахархой, бердашна юкъахь дӀаловчкъа, – боху Везачу Эло. – Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шуна тӀелата сацам бина. Шу муха дуьхьалдевр ду цунна, хӀара ойла йина. 31„ХьалагӀовтта, машарехь Ӏаш долчу, цхьана а хӀуманна гӀайгӀа а ца беш Ӏаш долчу халкъана тӀелата, – боху Везачу Эло. – Я неӀарш а, я гӀораш а цуьнан гӀаланийн дац, уьш цхьацца а бевлла Ӏаш бу“. 32МостагӀаша церан эмкалш дӀайохур ю, церан даьхний дӀалачкъор ду. И шайн гиччош тӀера месаш лоргуш болу нах Ас массо а маьӀӀехула дӀасабаржор бу, массо а маьӀӀера царна тӀе бохам хьажор бу Аса, – боху Везачу Эло. – 33Хьацор иштта чангӀалкхийн бен хилла дӀахӀуттур ю, массо а ханна яьсса аре а хилла. Адам цигахь цкъа а дехар а дац, цхьа а стаг цигахь соцур а вац».Ӏейламна тӀехь кхел яр
34ЯхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀун олаллин дуьххьарчу заманахь Ярми-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира. Иза Ӏейламан бахархойх лаьцна бара. 35Массо а ницкъийн Везачу Эло бохура: «Ас Ӏейламан секхаӀадкхоссархой хӀаллакбийр бу, оцу къоман уггар боккха болу ницкъ. 36Ас Ӏейламана тӀе иштта стигалан еа маьӀӀера биъ мох тӀехьажор бу. Иштта массо а меттехула дӀасабаржор бу Ас уьш. Дуьнен чохь цхьа а къам хир дац Ӏейламхой тӀе ца дуссуш. 37Церан мостагӀех а, уьш хӀаллакбан лоьхуш болчарах а кхерор бу Ас Ӏейламхой. Ас царна бохам боккхур бу, иштта Сан чӀогӀа дералла царна тӀе а ерзор ю, – боху Везачу Эло. – Ас Сайн тур царна тӀехьажор ду, уьш берриш а хӀаллакбина дӀабаххалц. 38Церан паччахь а, берриг а баьччанаш а хӀаллак а бина, Ас Сайн паччахьан гӀант дӀахӀоттор ду Ӏейлам-махкахь, – боху Везачу Эло. – 39Амма тӀаьххьарчу деношкахь Аса Ӏейламан къоман аьтто юхаметтахӀоттор бу», – боху Везачу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012