‏ Jeremiah 49:1-6

Ӏамминан къомана тӀехь кхел яр

1 aӀамминан къомах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Бераш дац ткъа Исраилан халкъан? Цуьнан долахь дерг кхочун верг вац ткъа? ТӀаккха МилкӀом-харцделан къомо гадахойн мохк хӀунда дӀалаьцна? Оцу къоман нах гадахойн гӀаланашкахь хӀунда бу Ӏаш? 2Зама тӀекхочур ю, – боху Везачу Эло, – Ӏаммин-махкарчу Рабба-гӀалин нахана Аса тӀеман орца даккхар хозуьйтуш йолу. Оцу гӀаланах къапалгийн барз хир бу, цунна гонах йолу ярташ а цӀерца хӀаллакйийр ю. Цара исраилхой шайн гӀаланашкара дӀабахийтира, амма исраилхоша Ӏамминхой цигара дӀалохкур бу, – боху Везачу Эло. 3Делха, Хьешбонан бахархой: хӀаллакйина ГӀай-гӀала. Тийжа, Рабба-гӀалин зударий, шайна тӀе сингаттаман бедарш а юхий. Белхарца шайн гӀалин пенашна юккъехь дӀасауьдуш хила, хӀунда аьлча мостагӀчо МилкӀом йийсаре дӀавуьгур ву, цуьнан динан дайшца а, элашца а цхьаьна. 4ХӀунда до аша шайн тогӀех дозаллаш, уьш токхе ю а бохуш? Ва тешаме доцу къам, хьайн хьолах тешна а Ӏаш, хьуна моьтту, хьуна тӀелата цхьа а ваьхьар вац. 5Амма Ас массо а хьан маьӀӀера хьуна тӀе къемат доуьйтур ду, – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло, – тӀаккха шу дӀадовдур ду, цхьаммо а шу юха цхьаьна схьа а гулдийр дац.

6Амма тӀаьхьа Аса Ӏамминхойн аьтто юхаметтахӀоттор бу», – боху Везачу Эло.
Copyright information for CheCAC2012