‏ Jeremiah 5

Ярушалайман къа

1Везачу Эло элира: «Даха а гӀой,
Ярушалайман урамашкахула а,
майданашкахула а лахийта
нийсо кхочушъеш волу,
Суна тешаме хуьлуш волу цхьа стаг.
ТӀаккха Аса Ярушалаймана гечдийр дара.
2Шаьш дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо яхь а,
цунах а ца тешаш, харцонца бист ма хуьлу уьш».
3Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу!
Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра.
Ахьа царна таӀзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира.
Цара шайн яххьаш тӀулгал а чӀогӀа чӀагӀйина,
Хьуна тӀедерза царна ма ца лаьара.
4Амма аса сайга элира: „Уьш къен нах хила мега,
цаьргахь хьекъал дац.
Цундела царна Везачу Элан некъ а,
Дала тӀедиллинарг а ца девза.
5Со халкъан баьччанаш болчу гӀур ву.
Царна хууш хила деза Везачу Элан некъаш а,
шайна Дала тӀедиллинарг а“.
Амма цара массара а Цуьнан дукъ шайна тӀера дӀадаьккхина,
шайн Цуьнца йолу массо а зӀенаш а хедийна.
6Цундела хьуьнхара лом царна тӀе кхетар ду,
аренгарчу барзо а уьш цоьстур бу,
цӀоькъаберг а церан гӀаланашна уллохь кӀелхуур ю,
царах араваьлларг ватӀорхьама,
цара лелийна зуламаш совдовларна а,
церан тешнабехк хилар доккха хиларна а».
7«Муха вала веза Со хьуна къинтӀера, ЯхӀуд-мохк?
Массо а хьан бераш Сох дӀахерделла.
Уьш цӀушна суждане оьхуш бу, деланаш уьш боццушехь.
Аса царна мел оьшург латтийнера,
амма уьш ямартлонца лелара,
тобанашца нахаца лелаш болу зударий болчу а оьхуш.
8Уьш юстийна йолу говраш санна бу,
шайн хьайна хиларца лулахочун зудчуьнга дог хоуьйтуш болу.
9Иштта леларна Аса таӀзар дийр дац те? – боху Везачу Эло. –
И санна долчу халкъана Аса бекхам бийр бац те?
10Хьала а гӀовтта, цуьнан кемсийн бошмашкахула
дӀа а гӀо, уьш йоха а еш.
Амма кхоччуш уьш йохо ца оьшу –
керла гаьннаш дӀа а даха, хӀунда аьлча уьш Везачу Элан дац.
11Исраилан а, ЯхӀудан а халкъаш
Суна кхоччуш тешаме доцуш лелара», –
боху Везачу Эло.

Везачу Эло Исраилан халкъ дӀататтар

12Цара Везачу Элах лаьцна харцдерг дуьйцура: «Везачу Эло тхуна хӀумма а дийр дац, тхуна цхьа а тайпана вон дерг а хир дац, тхуна мацалла а гур яц. 13Пайхамарша аьлларг мох санна эрна хир ду, Везачу Элан дош цаьрца цахиларна. Цара аьлларг царах шайх гӀойла», – бохуш. 14Цундела массо а ницкъийн Везачу Дала боху: «Оцу наха иштта дешнаш аьлла дела, хьан багахь долчу Сан дешнех, Ярми-ЯхӀу, Аса йогуш йолу цӀе йийр ю. И нах Аса дечиг санна хуьлуьйтур бу, ткъа цӀеро уьш дӀакхоллур бу.

15Исраилан халкъ, – боху Везачу Эло, – Аса кхуза генарчу махкара къам далор ду, иза шуна тӀелатийта. Иза, ницкъ болуш, шира къам ду. Цуьнан мотт хьуна ца хаьа, цо бохучух хьо кхетар дац. 16Церан Ӏад-ботт схьадиллина долу каш санна ду, ткъа уьш шаьш чӀогӀа майра нах а бу. 17Цара хьан ялта а, мел болу кхача а дӀабуур бу, хьан кӀентий а, зудабераш а хӀаллакдийр ду, хьан уьстагӀий а, стерчий а дӀадуур ду, иштта хьан кемсаш а, инжираш а дӀакхоллур ю. Цара шайн таррашца хьуна чӀагӀйина хеташ йолу а, шу сатуьйсуш йолу а массо а гӀаланаш хӀаллакйийр ю.

18Амма цу деношкахь а Аса шу массо а хӀаллакдийр дац, – боху Везачу Эло. – 19Нагахь санна хьайга хӀун бахьана долуш до Везачу Эло тхуна и зенаш аьлла хаттахь, цаьрга жоп ло: „Шайн махкахь, Со дӀа а теттина, кхечу деланашна аша гӀуллакх даре терра, хӀинца шайн боцучу махкахь а болуш, хийрачу нахана гӀуллакхаш дийр ду аша“».

Дала Шен халкъана дӀахьедар дар

20Везачу Эло элира: «ДӀакхайкхаде и хӀума Якъубан тӀаьхьене а, иштта ЯхӀудан халкъе а: 21 a„ЛадогӀа, Ӏовдал, кхетам боцу къам. Шун бӀаьргаш ду, амма шуна хӀумма а ца го, шун лергаш ду, амма шуна хӀумма а ца хеза. 22 bСох кхоьруш хила ца деза те шу? – боху Везачу Эло. – Суна хьалха дегош хила ца деза те шу? ХӀордана гонах гӀамаран доза дӀахӀоттийнарг Со ву шуна! ХӀорд оцу дозанал тӀехбаьлла цкъа а дӀасабаржийта мегар дац. ТулгӀенаш хин йистах мел еттаяларх, церан дозанал уьш араевр яц. ТулгӀенаш мел карзахйовларх, цу хин йистал уьш арайовлалур яц“. 23Амма хӀара халкъ чӀогӀа аьрха халкъ ду. Уьш, дӀа а бирзина, дӀабахара. 24Цара цкъа а ца олу шайга: „Вайн Везачу Делах кхера деза вай. Цо вайна гуьйранна а, бӀаьста а догӀа а доуьйту, ялта чудерзочу хенахь мел оьшург а ло“. 25Аша лелийначу зуламаша хӀара дика хӀуманаш шуна генадаьхна, аша летийна долу къинош бахьана долуш Дала деш хилла долу диканиг шух дӀакъастийна.

26Сан къомана юкъахь вонаш дукха бу: уьш олхазарш лецархой санна, шайн цӀаьлгаш дӀахӀиттош бу, амма церан цӀаьлгаша лоьцуш дерш олхазарш дац, адамаш ду. 27Олхазарш чохь долу цӀелиг санна, церан хӀусамаш харцонех юьзна ю. И харцонаш бахьана долуш уьш лакха а бевлла, цара хьал а гулдина, 28церан догӀмаш дазделла, уьш берстина. Цара дечу вон гӀуллакхийн доза дац. Кхел ечу хенахь байшна нийсо ца кхочуьйту цара, ткъа къечу нехан бакъонаш цара лар ца йо.

29Цу бахьанина царна таӀзар дан ца деза те Аса? – боху Везачу Эло. – Бекхам бан ца беза те Аса хӀара санна долчу халкъана? 30Оцу махкахь цхьа инзаре а, къемате а хӀума хилира: 31пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хӀума деза. Амма хӀун дийр ду те аша, чаккхе тӀекхаьчча?»
Copyright information for CheCAC2012