‏ Jeremiah 51

Бавелан къомана тӀехь кхин а кхел яр

1Иштта боху Везачу Эло: «Ас Бавелна а, Лев-Кхамай-мехкан
Лев-Кхамайн-мехкан – иза абатан элпашца къайлаяьккхина йолу «хашадхойн» кхин цӀе ю.
бахархошна а тӀе хӀаллакбо мох хьокхуьйтур бу.
2Хийра нах Ас Бавелан къомана тӀегӀуртуьйтур бу. ИрхдугӀучу хенахь кегаш мохо дӀахьакхаре терра, цара бавелхойн мохк бассор бу. Цунна тӀе бохам бечу дийнахь массо а агӀор оцу махкана го бийр бу цара. 3СекхаӀад кхуссучарна шайн Ӏад дула я шайн гӀаьгӀнаш тӀедуха хан ма ло. Бавелхойн кегий нах ма кхоабе! Дерриг а церан эскар, дохадай, хӀаллакде! 4Хашадхойн лаьтта тӀехь Ӏохкур бу байинарш, чевнаш хилларш а цигарчу некъаш тӀехь Ӏохкур бу». 5Шайн Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Исраилан къам а, ЯхӀудан къам а, йисина Ӏаш йолу зуда санна, ца дитина, церан мохк Исраилан Везачунна дуьхьал летийначу къинойх дуьзна делахь а. 6Довдий, дӀагӀо Бавелера, хӀораммо а шайн синош кӀелхьардаха, цуьнан къинош бахьана долуш хӀаллак ца хила. ХӀара зама Везачу Эло Бавелна бекхам бан лерина йолу зама ю, шайна доггӀург дӀало зама а ю. 7 bБавел Везачу Элан карахь дашо кад бара, дерриг а дуьне дахош болу. Къаьмнаша чагӀар молура цу кеда чуьра, ткъа цул тӀаьхьа, кхетам чуьра а довлий, лелара уьш. 8Амма цӀеххьана буьйжира Бавел-мохк, хӀаллак а хилира иза. Делха и бахьана долуш, лаха цуьнан чевнашна молха: иза тобала а мега шуна. 9 c«Тхо иза тобан гӀиртира, амма цунна дарба ца хилира. Бита иза, хӀора а вайн махка дӀагӀур ду вай, хӀунда аьлча цунна йина йолу кхел стигалшка хьалакхаччал ю, иза мархашна тӀе хьалаяллал ю».

10Сан халкъо боху: «Везачу Эло нийсонца вай меттахӀиттийна, ткъа вай хӀинца, Цийон-лам тӀе а дахана, дӀадийца деза вайн Везачу Дала динарг».

11Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хӀунда аьлча Иза Бавелан къам хӀаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цӀенна динарг бахьана долуш.

ТӀеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий!
12Байракх хьалаайарца омра де Бавел-гӀалин пенашна тӀелата, гӀарол а чӀагӀде, массо а меттехь гӀаролхой дӀа а хӀиттош, мостагӀчунна кӀелонаш а кечъе!»

Везачу Эло Бавелан бахархошна Ша дан леринарг дерриг а кхочушдийр ду.
13 dДукха хишна уллохь Ӏаш йолу а, шортта хазнаш йолу а Бавел-гӀала, хьан чаккхе тӀекхаьчна, хьан дахар дӀахеда хан тӀееана. 14Массо а ницкъийн Везачу Эло Шех чӀагӀо йина: «Бавел, Ас хьуна чу, цӀоз санна, дукха адамаш хоьцур ду, хьуна тӀехь толам баккхарна цара маьхьарий а хьоькхур ду».

Дела хаставаран йиш

15Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина,
Шен хьекъалаллица иза чӀагӀдина,
Шен хьекъалца лаьтта тӀехула стигалш яржийна.
16Цо къекъийтича, стигалан хиша гӀовгӀа йо.
Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо.
ДогӀанаш а догӀуш, Цо хаьштигаш туху,
Шен чӀоьнашна чуьра мох а арабоккху.
17ХӀора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву.
ХӀора куьпчи ша винчу цӀуно юьхьӀаьржачу хӀоттаво.
Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац,
церан кийрахь Ӏаь а, са а дац.
18Церан цхьа а тайпана мах бац,
уьш беламна йина ю.
Кхел ечу хенахь
уьш тӀепаза йовр ю.
19Амма Якъубан тӀаьхьенан Дела иштта вац,
хӀунда аьлча Иза массо а хӀуманан Кхоллархо ву,
ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду.
Цуьнан цӀе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.

Везачу Элан варзап

20Везачу Эло боху: «Бавел, хьо – Сан тӀеман диг ду,
хьо – Сан тӀеман герз ду.
Хьоьца Ас халкъаш а хьошура,
хьоьца Ас пачхьалкхаш а хӀаллакйора.
21Хьоьца Ас говр а, цунна тӀера бере а хьошура,
хьоьца Ас гӀудалкх а, иза лоллуш верг а хьошура,
22хьоьца Аса зуда а, стаг а хьошура,
хьоьца Аса воккханиг а, жиманиг а хьошура,
хьоьца Аса кӀант а, йоӀ а хьошура,
23хьоьца Ас Ӏу а, жа а хьошура,
хьоьца Ас ахархо а, сту а хьошура,
хьоьца Ас мехкада а, куьйгалхо а хьошура».

Бавелна дина таӀзар

24«Ткъа хӀинца ЯхӀудхойн бӀаьргашна хьалха Ас дӀадоькхур ду Бавелан къомана а, хашадхойн махкахь мел бехаш болчарна а цара Цийон-лам тӀехь мел дина вон бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – 25Со хьуна дуьхьалваьлла, Бавел! Хьо дерриг а дуьне хӀаллакдеш болу лам санна ю, цундела Ас хьуна тӀе Сайн куьг хьур ду, хьо терхеш тӀера лаьтта охьа а кхуссуш. Хьо багийна болу лам хир бу. 26ЦӀийнан сонна я цӀийнан бухана хьох цхьа а тӀулг схьаоьцур бац. Хьо массо а ханна яссаелла дӀахӀуттур ю», – боху Везачу Эло.

27«ТӀеман байракх хьалаайае! Къаьмнашна юкъахь коьман маӀа лакха! Бавел-гӀалина тӀелата халкъаш кечде! Араратан а, Менин а, Ашкиназан а пачхьалкхаш цунна дуьхьал яха омра де. Царна массарна а тӀехь баьчча хӀоттаве, цӀоз санна дукха говраш а хилийта. 28Бавелна дуьхьалдаха къаьмнаш кечде. Кечбе мадайхойн паччахьаш а, мехкадай а, куьйгалхой а. Кечде церан олаллехь долу дерриг а мехкаш. 29Латта лесташ а, хьийзаш а ду, хӀунда аьлча Везачу Эло Бавелна дан леринарг кхочушхуьлуш ду. Цунна Бавел-махках чохь адам Ӏаш доцуш дассийна латта дан лаьа. 30ТӀом бечуьра сецна Бавелан тӀемалой, уьш чӀагӀйинчу меттигашкахь сецна Ӏаш бу. Ницкъ дӀа а баьлла, уьш зударий санна хилла дӀахӀиттина. ГӀаланийн зайлаш бохийна дӀабаьхна, ткъа церан цӀенош догуш ду. 31Цхьа геланча вукху геланчина тӀаьхьа а кхуьуш, Бавелан паччахье цуьнан гӀала массо а маьӀӀера дӀалаьцна лаьтташ ю аьлла, хаам эцна вогӀу. 32Хиш тӀера массо а дехьаволийла дӀалаьцна лаьтташ ю, гонах йолу уьшалш йогуш ю, тӀемалой кхерамо Ӏадийна». 33Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: «КӀа ара кечъечу хенахь ког таӀош йолчу хьаьттарх тера ю Бавел. Жимма хан яьлча, ялта гулдан хан тӀекхочур ю». 34«Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара
тхо, дӀа а кхаьллина, дакъадаллалц хуьйдина.
Цо тхо яьсса пхьегӀа санна дӀахӀиттийра.
Саьрмико санна, цо тхо, дӀа а кхаьллина,
тхан уггар дикачух шен кийра бузийра,
ткъа йисинарг дӀакхоьссира.
35Тхуна массарна а йинчу къизаллех
Бавелан къам жоьпе озадойла, –
боху Цийонан бахархоша. –
Оха хьегна баланех хашадхойн мехкан
бахархой жоьпе озабойла», –
боху ярушалаймхоша.

Везачу Эло Исраил-махкана гӀо дар

36Цундела Везачу Эло боху: «Ярушалаймхой, Аса нийсонца къастор ду шун гӀуллакх, ткъа шун мостагӀашна бекхам бийр бу. Аса Бавелан хиш схьадовлу меттигаш а, цуьнан хин шовданаш а дакъор ду. 37Бавел тӀулгийн оьла хилла дӀахӀуттур ю, цунах чангӀалкхийн бен хир бу. Бавел гича, нах къемате а хир бу, шок еттарца цунах кхаьрдар бу. Цхьа а стаг цигахь вехаш хир вац. 38Бавелан бахархой, лоьмаша санна, гӀигӀ деш лела. Церан гӀигӀ дар лоьман кӀорнин санна ду. 39Уьш хьагбеллачу хенахь Аса царна той хӀоттор ду, уьш баххалц царна малор а ду, уьш дикка сакъералуш ханна тӀекхаччалц. Цул тӀаьхьа царна массо а ханна наб кхетар ю, уьш цкъа а сама ца бовлучу тайпана, – боху Везачу Эло. – 40Аса уьш сагӀа даккха кечдина Ӏахарий а, уьстагӀий а, гезарий а санна дӀахьур бу».

Бавелан кхоллам

41Везачу Эло боху: «Ма эшийна ю Шейшак!
Шейшак – иза абатан элпашца къайлаяьккхина йолу Бавел-мехкан кхин цӀе ю.
Ма дӀалаьцна ю дерриг а дуьнено хестийнарг! Ма хили-кх Бавел къемате сурт къаьмнашна юкъахь!
42Бавелна тӀехула хӀорд баьржина, гӀергӀаш йолчу тулгӀенаша иза дӀахьулйина. 43Цуьнан гӀаланаш яссаелла ю, цуьнан латта дакъаделла дӀахӀоьттина ду. Цигахь вехаш цхьа а вац, цхьа а стаг вер вац цу гӀаланашна чухула. 44Ас Бавелехь таӀзар дийр ду Вел-харцдалла: цо дӀа мел кхаьллинарг Ас схьатосуьйтур ду. Иза волчу халкъаш кхин оьхур дац!

Бавелан пенаш а охьаэгна ду.
45Арадала Бавелера, Сан халкъ! ХӀораммо а шен са кӀелхьардаккха Везачу Элан чӀогӀачу оьгӀазлонах. 46Дог доьхна а ма хила, кхера а ма кхера, махкахула шайна хабарш хезча. Цхьана шарахь цхьа хабар хезар ду шуна, вукху шарахь – важа хабар хезар ду. И хабарш махкахь къизалла ярх лаьцна хир ду, цхьана баьччано вукху баьччанна дуьхьалдаккхарх лаьцна а хир ду и хабарш. 47Иштта тӀекхочуш ду Ас Бавелан цӀушна таӀзар дийр долу денош. Берриг а цуьнан мохк юьхьӀаьржачу хӀоттийна хир бу. Массо а махкахула байинчеран декъий Ӏохкуш хир ду. 48 fЦул тӀаьхьа стигал а, латта а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хир ду Бавелна хилларг бахьана долуш, хӀунда аьлча къилбаседехьара хӀаллакдо эскарш тӀелетар ду, – боху Везачу Эло. 49 gБавело исраилхой а, дерриг а дуьненан адамаш а хӀаллак-ма-дарра, цуьнан нах а хӀаллакбан беза».

Бавелехь бехаш болчу исраилхойх лаьцна хаам

50«Туьрах кӀелхьардевлларш, шу Бавелера сихха, ца соьцуш, дӀадаха деза. Шаьш геннахь долуш, Веза Эла шайна дагаваийта, Ярушалайм а шайн даг чохь хилийта». 51Аша боху: «Тхайна сий мел доцург хезча, тхуна чӀогӀа эхь хетара. Везачу Элан цӀийнан кертахь йолчу езачу меттигашна чу кхечу къаьмнех болу нах баьхкича, тхо чӀогӀа юьхьӀаьржачу хӀиттина дара». 52Везачу Эло боху: «ТӀекхочуш ду Ас Бавелан цӀушна таӀзар дийр долу денош. Массанхьа а цуьнан лаьтта тӀехь чевнаш хилларш узарш деш хир бу. 53Бавел стигала кхаччалц лакхаяьлла хилча а, цо цигахь шена яккхий чӀагӀонаш йина хилча а, Ас тӀаккха а цунна тӀе нах хьажор бара и гӀала йохаяйта», – боху Везачу Эло.

Бавел кхин дӀа а яссор

54Везачу Эло боху: «ЛадогӀа! Белхар ду Бавелера схьахезаш,
йоккхачу йохоран гӀовгӀа хеза хашадхойн махкара.
55Везачу Эло билггал йохор ю Бавел-гӀала,
цунна чохь мел йолу гӀовгӀа дӀа а туьйш.
Яккхий тулгӀенаш санна, мостагӀий цунна тӀегӀертар бу,
церан буьрса маьхьарий дӀа а хозуьйтуш.
56Бавел йохорхьама эскар цунна тӀегӀертар ду.
Цуьнан тӀемалой йийсаре буьгур бу,
кегдина хир ду церан секхаӀедаш.
Веза Эла – бекхаман Дела ву,
Цо кхоччуш бекхам бийр бу.
57Ас малор ду церан баьччанашна а,
хьекъалчашна а, мехкадайшна а,
меттиган куьйгалхошна а, иштта церан тӀемалошна а.
Царна массо а ханна, кхин сама а ца бовлуш, наб кхетар ю» –
боху Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо.

58Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Бавелан стаммий пенаш баххаш тӀе кхаччалц дохор ду,
цуьнан лекха кевнаш а цӀерца дагор ду.
Халкъаша къахьегнарг эрна хир ду,
къаьмнаша бина болх цӀеро багийна хир бу».

Ярми-ЯхӀус бина болу Делера хаам Бавеле бахьийтар

59ЯхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀус олалла до доьалгӀачу шарахь Сари-ЯхӀу цуьнца цхьаьна Бавеле вахара. Сари-ЯхӀу Махьси-ЯхӀун кӀентан Нери-ЯхӀун кӀант вара, ткъа иза паччахь Ӏаш волу меттигаш Ӏалашйийриг вара. Ярми-ЯхӀу-пайхамаро цуьнга цхьа хаам дӀабелира. 60Ярми-ЯхӀус Бавелна тӀекхача безаш болчу бохамех лаьцна дерг а, Бавелах лаьцна кхин бина хаамаш а дерриг а тептар тӀе дӀаязбинера. 61Сари-ЯхӀус Ярми-ЯхӀуга элира: «Хьожуш хилалахь: хьо Бавеле кхаьчначул тӀаьхьа хӀара дерриг а цигахь дӀадешалахь, иза массарна а дӀа а хозуьйтуш. 62Цул тӀаьхьа ала: „Веза Эла! Ахьа хӀара меттиг хӀаллакйийр ю ма аьлла, кхузахь цхьа а стаг а, дийнат а кхин а ца Ӏойтуш, кхунах массо а ханна яссийна меттиг дӀа а хӀоттош“. 63 hХьо и тептар дӀадешна ваьлча, цунах тӀулг дӀа а бехкий, иза Эпрат-хина юккъе кхосса. 64Изза Бавел-гӀалина а хир ду: иза кхин хьалагӀатталур йоцуш хи буха гӀур ю, Везачу Эло цунна тӀе бен болу бохам бахьана долуш».

Цу тӀехь Ярми-ЯхӀун дешнаш чекхдовлу.
Copyright information for CheCAC2012