‏ Jeremiah 52

Ярушалайм йожар

(ТӀаьххьарнаш 24:18–25:7)

1ЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦӀадукъ-ЯхӀун ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-гӀалара Ярми-ЯхӀун йоӀ яра. 2ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо а, шен дас ЯхӀу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 3Делахь а Ярушалайм-гӀалин а, ЯхӀуд-мехкан а бахархой Шена уллора дӀататтал чӀогӀа оьгӀазваханера Веза Эла.

Иштта ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира.
4 aЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тӀамца тӀевахара. ГӀалина уллохь меттамотт дӀа а хӀоттийна, ерриг а гӀалина гонах гунаш дира цара, иза схьаяккха кечам бархьама. 5ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до цхьайтталгӀа шо тӀекхаччалц, мостагӀаша го бина лаьттира Ярушалайм. 6Цу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀа де тӀекхаьчча, гӀалахь мацалла йолаелира. Цу чохь болчу бахархошна даа хӀума ца диснера. 7 bМостагӀчо гӀалин пенах доккха Ӏуьрг даьккхича, берриг а Ярушалаймера тӀемалоша дӀабовда кечам бира. Хашадхой гӀалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь лаьттачу кевнехула гӀали чуьра араделира массо а эскар. Иза Ӏариба-тогӀи йолчу дедда дӀадахара. 8Амма хашадхойн эскар тӀаьхьаделира ЦӀадукъ-ЯхӀуна. Ерихон-гӀалин аренашкахь уьш цунна тӀаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера берриш а тӀемалой цунна уллора дӀасабевдира. 9Паччахь схьа а лаьцна, цара иза Бавелан паччахь волчу схьавалийра Хьамат-махкахь йолчу Рабила-гӀала. Цигахь цунна кхел йира. 10Бавелан паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀун кӀентий цунна хьалха байира, иштта ЯхӀуд-махкара элий а хӀаллакбира цо Рабила-гӀалахь. 11 cТкъа ЦӀадукъ-ЯхӀун ши бӀаьрг а баккхий, цунна цӀестан буржалш тоха аьлла, омра дира цо. Цул тӀаьхьа Бавелан паччахьо иза, Бавеле дӀа а вигна, набахти чу воьллира. Иза ша валлалц цу набахти чохь ваьллира.

Везачу Элан цӀа дохор

(ТӀаьххьарнаш 25:8-17)

12Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь паччахьан гӀаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара. 13 dЦо Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, Ярушалаймера массо а цӀа а цӀе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цӀенош а дагийра. 14Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра. 15Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана уггар къечарах болу цхьаберш а, Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гӀишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агӀор бевлларш а йийсаре дӀабигира. 16Амма къечу нахана юкъара цхьадолу адамаш цо цу махкахь дитира, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама.

17 eХашадхоша дохийна дӀадехира Везачу Элан цӀенна хьалха долу цӀестан бӀогӀамаш а, цӀийнан кертахь меттахйохуш йолу цӀестан бухахӀотторгаш а, иштта цӀестан хӀорд а. Дерриг а цӀаста цара Бавеле дӀадаьхьира. 18Цара иштта дӀаяьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а, Везачу Элана гӀуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цӀастанах йина мел йолу пхьегӀаш а. 19Деших а, детих а мел йина хӀуманаш а дӀаяьхьира паччахьан гӀаролхойн хьаькамо: бошхепаш а, богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш а, цӀий чудуттуш долу боганаш а, тесаш а, къуьданаш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а, сагӀанийн боганаш а. 20Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна лерина бина ши бӀогӀам а, боккха яй а, шийтта цӀастанах бина сту а, меттахйохуш йолу кӀелхӀотторгаш а чӀогӀа еза яра. Оцу хӀуманашна дахана долчу цӀастанан барам буста а ца лора. 21ХӀора бӀогӀам берхӀитта дол лекха бара, ткъа цуьнан го буьстича, иза шийтта дол бара. И бӀогӀамаш юкъахь хара дара, ткъа церан пенаш биъ пӀелг шуьйра дара. 22Хьалхарчу бӀогӀамна тӀехь цӀастанах дина таж дара, пхиъ дол лекха а долуш. Цу тӀехь цӀастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бӀогӀамна тӀехь а дара иштта дина цӀестан наран стоьмаш. 23Массо а агӀор безткъе ялхитта наран стом бара, ткъа таж тӀехь уьш бӀе бара.

ЯхӀудхой Бавел-махка дӀакхалхар

(ТӀаьххьарнаш 25:18-21, 27-30)

24Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхӀу а, шолгӀа динан да волу Цапни-ЯхӀу а, Везачу Элан цӀа чу воьдийла ларъеш волу кхо гӀаролхо а йийсаре дӀавигира. 25ГӀалахь кхидӀа бисинчарах цо дӀавигира тӀемалойн хьаькам а, паччахьан ворхӀ хьехамча а, нах эскаре дӀаязбеш волу эскаран коьрта йозанча а, иштта гӀалахь шайна схьакарийна волу кхузткъа кхиволу стаг а. 26Уьш берриш а паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тӀе Рабила-гӀала дӀабигира. 27Хьамат-махкарчу Рабила-гӀалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира.

Иштта яхӀудхой шайн махках бехира, йийсаре дӀа а бигина.
28ХӀоккхул адам шен цӀера даьккхира Набухди-Нецара: ша паччахьалла дечу ворхӀалгӀачу шарахь ЯхӀуд-махкара кхо эзар ткъе кхоъ стаг араваьккхира цо. 29Набухди-Нецара Бавелехь паччахьалла дечу берхӀитталгӀачу шарахь Ярушалаймера бархӀ бӀе ткъе шийтта стаг араваьккхира. 30Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъе кхозлагӀчу шарахь Набузар-Адана ЯхӀуд-махкара ворхӀ бӀе шовзткъе пхиъ стаг араваьккхира. Верриг а йийсаре дӀавигнарг виъ эзар ялх бӀе стаг вара.

31ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхӀитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дӀахӀоьттинчу шеран шуьйтталгӀачу беттан ткъе пхоьалгӀачу дийнахь. 32Авил-Мардуха цуьнца бертахь къамел дора, ткъа Бавел-махкахь йийсарехь болчу кхиболчу паччахьийн ларамал цунна лекха ларам бира. 33ЯхӀу-Яхинна пурба делира шена тӀера тутмакхан духар дӀадаккха. Дуьнен чохь ша кхин мел йоккхучу хенахь кест-кестта паччахьна уллохь яа хӀума йоура цо. 34ЯхӀу-Яхин дуьнен чуьра дӀаваллалц, хӀора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург латтадора.
Copyright information for CheCAC2012