‏ Jeremiah 6

МостагӀаша Ярушалаймана го бар

1Довда, шайн дахар кӀелхьардаккха, бен-яманхой! Довдий, дӀагӀо Ярушалайм-гӀалара! ТакхоӀ-гӀалахь коьман маӀа лакха! ЦӀарца орца даккха Байт-КӀарам-гӀалахь! Къилбаседехьара боккха бохам а, доккха хӀаллакьхилар а тӀегӀерташ ду. 2Дакъазайоккхур ю Аса хаза а, коча а йолу Цийонан йоӀ
Цийонан йоӀ – иза Ярушалайм-гӀала ю.
.
3Шайн жашца Ӏуй ма-бахккара, паччахьаш шайн эскаршца схьабогӀур бу Ярушалайм-гӀалина дуьхьал. Цунна гонах шайн четарш дӀахӀиттор ду цара. Шена дӀаделла дакъа хӀораммо а дассор ду. 4Цара эр ду: «ХьалагӀовтта, дуьхьалдовла Ярушалаймана. Делкъахенахь тӀамца цунна чугӀуртур ду вай». Амма тӀаккха эр ду: «Жолам! ХӀинца тӀаьхьа ду: суьйре тӀееана, суьйренан ӀиндагӀаш дахлуш ду. 5ХьалагӀовтта, буьйсанна тӀе а летта, Ярушалайман гӀепаш йохор ю вай».

6ХӀара боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Дитташ схьа а хададай, Ярушалаймана гонах гӀалин пенна тӀеволийла кечъе. И гӀала таӀзар дан хьакъ долуш ю, иза гӀело ярх юьзна йолу дела. 7Хьоста чуьра арадолу хи санна, цунна чуьра арадолуш ду вон мел дерг. Цигара ницкъ бар а, къизалла а ю Суна хезаш. Цуьнан цамгар а, чевнаш а го Суна массо а хенахь. 8Меттайолахь, Ярушалайм, Сан дог хьайх ма даккхахьа. Хьайга бохург ахьа ца дахь, Ас хьуна букъ берзор бу, хьан латта дассор ду, цигахь цхьа а стаг ца вехачу тайпана».

Исраилан халкъ аьрха хилар

9Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «ТӀаьххьара йисина йолу кемсаш санна схьалахьор ду Исраилан халкъан дисина долу адамаш. Кемсаш схьалахьош волчо ма-дарра, хьайн куьйгашца таьллангаш дикка талла».

10Ас жоп делира: «Хьаьнга вистхила веза со, мила тӀетаван веза аса, сайга ладогӀийта? Наха шайн лергаш дӀакъевлина, цундела царна хӀумма а ца хеза. Везачу Элера долу дош царна сийсазалла санна хилира, царна тамехь дац иза. 11Амма со Везачу Элера йолчу оьгӀазлонах вуьзна ву, и оьгӀазло соьга сайна чохь ца сецало».

ТӀаккха Везачу Эло элира: «И Сан оьгӀазло арахь ловзуш долчу берашна а, кегийчу нахана а тӀе хьажае. Майрачунна а, зудчунна а тӀе дӀаӀанор ю, иштта хан яьлла волчу воккхачу стагана а тӀе.
12ТӀаккха церан цӀенош а, кхаш а, церан зударий а кхечарна дӀалур бу. Аса Сайн куьг тӀедуьллур ду кху махкахь дехаш долчу адамашна, царна таӀзар дархьама, – боху Везачу Эло. – 13КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тӀера динан дайшна тӀе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. 14 bСан къомана тӀехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хӀумма а дац бохуш. Цара Сан къам Ӏехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь. 15 cЭхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хӀума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цӀий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хӀаллакьхир бу. Нахана таӀзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш», – боху Везачу Эло.

Исраилан халкъо Делан некъ дӀататтар

16Иштта боху Везачу Эло: «Некъаш вовшахкхетачу меттехь дӀа а хӀоттий, хьажа, муьлха бу шира а, беркате а болу некъ. Цу некъа тӀе шу довлахь, шайна синтем а, машар а карор бу шуна».

Амма цара элира: «Тхо гӀур дац!»

17Везачу Эло элира: «Шуна тӀе гӀаролхой хӀиттийра Аса. Коьман маӀаца орца даккхаре ладогӀа элира Аса шуьга. Амма аша жоп делира: „ЛадугӀур дац!“– аьлла.

18Ткъа хӀинца ладогӀал, къаьмнаш. Тешаш а хилий, хьовсал Аса Сайн къомана хӀун дийр ду. 19ЛадогӀал, латта! Аса ЯхӀудан халкъана тӀе боккха бала боуьйтур бу. Ткъа и бала цара йина ойланаш бахьана долуш хир бу, хӀунда аьлча цара Аса аьллачуьнга тидам а ца бира, ткъа Сан товрат-хьехам дӀа а теттира. 20ХӀунда оьшу Суна Шебера хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, генарчу махкара мерза эрз а? Суна ца оьшу шуьгара дийнаташ дагоран сагӀанаш, иштта кхидолу шун сагӀанаш а Суна тамехь дац». 21Цундела иштта боху Везачу Эло: «Аса яккхий халонаш хӀиттор ю ЯхӀудан халкъана тӀе. Цу халонех когаш а тийсалуш, дай а, кӀентий а охьабетталур бу, лулахой а, доттагӀий а хӀаллакьхир бу».

Къилбаседехьара махкана чугӀортар

22Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехьара тӀедогӀуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тӀаме кечам беш ду доккха къам. 23Эскархойн карахь гоьмукъаш а, секхаӀедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богӀучу хенахь, карзахбаьллачу хӀордах тера бу. ТӀамана кийча бу уьш. Церан Ӏалашо – хьуна тӀелатар ю, Цийонан йоӀ».

24Ярушалайман бахархоша элира: «Царах лаьцна тхайга хаам кхаьчча, кхераделла, доьхна хьийзаш дара тхо. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара тхоьгахь. 25Кхаш тӀе а ма гӀо, некъа тӀе а ма довла: мостагӀчун тарраш а, боккха кхерам а бу гонах. 26Сан хьоме къам! ТӀеюха хьайна сингаттаман бедарш, тӀетаса хьайна чимаш. Хьайн цхьаъ бен воцучу кӀентан докъана ма-елххара, доггах елха. ЦӀеххьана хӀаллакдийриг вайна тӀелетар ву».

27Везачу Эло соьга элира: «Сайн къомана юккъехь дӀахӀоттийнера Аса хьо, Ярми-ЯхӀу, ахь Сайн къам, дети санна, зерхьама. Аса хьо гӀап санна вира, хьоьга Сайн къоман некъаш таллийта, уьш муха бу хьажийта. 28Уьш аьрха нах бу, царна юкъахь мотт беттар даьржина, уьш мекха йиллича кхулуш долчу эчигах а, цӀастанах а тера бу. 29Левси
Левси – пхьалгӀи чохь алу марсайоккхуш мох туху гӀирс; кховса: левсино болх бар – «левси кховсу».
чӀогӀа кховсуш ю, дашца цхьаьна цӀаро детих йоллу боьхалла дӀаяккхархьама. Дети лалош волчо эрна болх бина хилла, хӀунда аьлча халкъ хӀинца а вонах цӀан ца делла.
30Сан халкъана, юхатеттина долу дети аьлла, цӀе туьллур ю, хӀунда аьлча иза Везачу Эло юхатеттина».
Copyright information for CheCAC2012