Jeremiah 7
Ярми-ЯхӀус Делан цӀийнан кертахь кхайкхам бар
1Везачу Эло Ярми-ЯхӀуга аьлла долу дешнаш иштта дара: 2«Везачу Элан цӀийнан ков долчу дӀа а хӀоттий, хӀара хаам дӀакхайкхабе: „ЛадогӀа Везачу Элера долчу дешнашка. ХӀокху кевнна чухула а бовлуш, Везачу Элана суждане оьхуш долчу ЯхӀудан халкъан массара а ладогӀа. 3Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло, Исраилан Дала: хийца шайн дахар а, шайн гӀуллакхаш а. Шайга бохург аша дахь, Аса кхузахь даха дуьтур ду шу. 4Ма теша шайна хезаш долчу харцкъамелех. Цхьаболчу наха боху: ‘Кхузахь ду Везачу Элан цӀа! Веза Эла Ша кхузахь волу дела, тхо кхерамехь дац!’ 5Амма шайн дахар а, гӀуллакхаш а нисдина, вовшашца нийсо а лелош, 6тӀебаьхкина болчу нахана гӀело а ца еш, байшна а, бисина Ӏаш болчу зударшна а гӀело а ца еш, бехк боцучеран цӀий а ца Ӏанош, шайна бала бахьар болчу харцделанашна тӀаьхьа а ца хӀуьттуш шу лелахь, 7Аса хӀокху лаьтта тӀехь даха дуьтур ду шу. ХӀара латта Аса шун дайшна дӀаделла ду, церан тӀаьхье абаденналц цу тӀехь яхийта. 8Амма шу ледеш долчу дешнех тешна Ӏаш ду, царах шайна пайда бер боццушехь. 9Къоланаш а деш, нах а бойуш, нахаца а лелаш, харц йолу чӀагӀо а еш, хьалххе шайна бевзина боцучу БаӀална а, кхечу харцделанашна а суждане а оьхуш, лелаш ма ду шу. 10Цул тӀаьхьа Сан цӀе лелош долчу цӀийнан керта тӀе а догӀий, Суна хьалха дӀахӀуьтту шу: ‘Тхо маьршадевлла’ – бохуш. Массо а и дегаза хӀуманаш лелорхьама, шаьш маьршадевлла моьтту те шуна? 11 aСан цӀе лелош долу хӀара цӀа шуна хьалха зуламхойн бен хилла дӀахӀоьттина те? Суна-м и шадерг а гина! – боху Везачу Эло. – 12 bДуьххьара Сан Ӏаш йолу меттиг дӀахӀоттийна йолчу Шилун-гӀала а гӀой, хьовса, Аса цу меттигна хӀун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш. 13И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, – боху Везачу Эло, – Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгӀира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора. 14Цундела Шилун-гӀалина динарг Аса хӀинца Сан цӀе лелош долчу хӀокху цӀенна а дийр ду, шу оцу цӀийнах тешна Ӏаш доллушехь а, Аса хӀара меттиг шун дайшна дӀаеллехь а. 15Аса Сайна уллора юхатоттур ду шу, шун гергара йолу Эпрайман тӀаьхье юха-ма-таттара“».Халкъо ла ца догӀар
16«Ткъа ахьа, Ярми-ЯхӀу, и къоман дуьхьа Соьга доӀанаш ма де, царах къинхетам бар а ма деха Соьга, хӀунда аьлча Суна хьан доӀа хезар дац. 17Хьуна гуш дац цара ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамнекъашкахь а деш дерг? 18 cБераша дечиг лахьадо, дайша цӀе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна ▼▼Стигалан зуда-паччахьна – иза ю Иштар цӀе йолу бавелхойн харцдела.
хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш охьадутту, Со оьгӀазвахийтархьама. 19Амма цара зен дийриг Со ву те? – боху Везачу Эло. – ХӀан-хӀа, шаьш-шайна зен ма до цара, шаьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош». 20Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгӀазло а, дералла а хӀокху меттигна тӀе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тӀе, иштта дитташна а, ялтина а тӀе. Сан дералла цӀе санна йогур ю, ткъа иза дӀаяйа стаг а хир вац». 21Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Даха а гӀой, Суна дийнаташ дагоран сагӀа даккхаран метта, цунах долу жижиг сагӀанийн кхидолчу жижигна тӀедилла. Суна цунах хӀумма а ца оьшу – аша-шаьш и дерриг а даа! 22Шун дай Мисар-махкара арабаьхначу дийнахь, Аса, цаьрга вист а хуьлуш, дийнаташ дагоран сагӀанех а, вукху сагӀанех а лаьцна цхьа а тайпа весет ца дира. 23Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугӀуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тӀе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, – аьлла. 24Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгӀира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тӀе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агӀор а ерзийна. 25Шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц Аса Сайн ялхой болу пайхамарш оьхуьйтура шу долчу. Аса уьш шу долчу кест-кестта бохкуьйтура. 26Амма шун дайша Соьга ла а ца дугӀура, Сох тидам а ца бора. Цара шайн юхахьараллица церан дайша чул а дукха вон лелийра. 27Ярми-ЯхӀу, ахьа и хӀума цаьрга дӀадийцахь а, цара хьоьга ладугӀур дац, хьо цаьрга кхайкхахь а, цара хьуна дуьхьал жоп лур дац. 28Цундела ахьа ала деза: „ХӀара къам – шен Везачу Делан озе ла ца дугӀуш долу къам ду, иштта цо ша нис ца дойту. Тешаме хилар къомана юкъахь кхин ца хуьлу – цунах лаьцна цхьа а вист а ца хуьлу“». ЦӀий Ӏенийна йолу тогӀи
29«Боьлхуш хила, оцу къоман нах! Шайн месаш, дӀа а ларгий, дӀакхисса.Ерзинчу лакхенашкахь тийжам бе,
хӀунда аьлча Везачу Эло хӀара къам дӀатеттина,
Ша оьгӀазвахийтина долу къам долчуьра Иза дӀавахана.
30Суна вон хеташ долу хӀума дина ЯхӀудан халкъо, – боху Везачу Эло. – Сан цӀе лелош долчу цӀа чохь цара шайн дегаза цӀуш дӀахӀиттийна, и цӀа бех а деш. 31 eБен-ХӀинам-тогӀи чохь йолчу Тупатахь цара сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий а, зудабераш а дагорхьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. 32Цундела, варелаш! – боху Везачу Эло, – тӀекхочур ю цхьа зама, адамаша хӀокху меттиган Тупат, я Бен-ХӀинам-тогӀи аьлла, цӀе йоккхур йоцу. Кху меттиган цӀе Байаран ТогӀи аьлла хир ю, хӀунда аьлча шайн байина болу нах цара кхузахь дӀабухкур бу, кхузара меттиг чекхъяллалц. 33Беллачеран декъий лаьттахь Ӏохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тӀера дӀалахка цхьа а стаг а хир вац. fАса сацор ду ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь а, Ярушалаймехь а ирсе аьзнаш а, церан самукъадалар а. Кхузахь цхьанна а хезар дац нускалан а, зуда ялочун а аьзнаш, хӀунда аьлча хӀара латта дассийна лаьтташ хир ду».34
Copyright information for
CheCAC2012