Jeremiah 7:12-14
12 aДуьххьара Сан Ӏаш йолу меттиг дӀахӀоттийна йолчу Шилун-гӀала а гӀой, хьовса, Аса цу меттигна хӀун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш. 13И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, – боху Везачу Эло, – Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгӀира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора. 14Цундела Шилун-гӀалина динарг Аса хӀинца Сан цӀе лелош долчу хӀокху цӀенна а дийр ду, шу оцу цӀийнах тешна Ӏаш доллушехь а, Аса хӀара меттиг шун дайшна дӀаеллехь а.
Copyright information for
CheCAC2012