Jeremiah 9
1Сан коьртах хин хьоста хилла делара,сан бӀаьргех хин шовда хилла делара!
Дийнахь а, буса а воьлхур вара со,
сан хьомечу къомах хӀаллакбинчарна.
2Яьссачу арахь буьйса яккха меттиг
сан долахь хилла елара.
Сайн къам дуьтур дара аса,
сайн халкъ долчуьра со дӀагӀур вара,
уьш массо а тешаме боцу дела –
ямартчу нехан тоба ю уьш!
3«Церан мотт, Ӏад санна, аьшпашна буьйлина бу.
Шаьш тешаме цахиларна махкахь нуьцкъала хилира уьш.
Цхьана вочу хӀуманна тӀаьхьа важа вониг до цара,
амма Со къобалван ца лаьа царна», – боху Везачу Эло.
4«Ларлуш хила шайн доттагӀех,
шайн гергарчарах цхьаннах а ма теша,
хӀунда аьлча хӀора гергарчо Ӏехаво,
ткъа хӀора доттагӀчо эладита даржадо.
5– 6ХӀораммо а шен доттагӀа лево,
цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу.
Шайн мотт цара харцдолчунна тӀетабина.
Къинош а летош, уьш Суна тӀе ца берзало.
ГӀело а йина, цара кхин а гӀело йо.
Ӏеха а вина, цара кхин а Ӏехаво.
Ткъа Со къобалварх уьш дӀакъехка ▼
▼Грекийн гочдар тӀехь: Къинош а летош, уьш Суна тӀе ца берзало. ГӀело а йина, цара кхин а гӀело йо. Ӏеха а вина, цара кхин а Ӏехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дӀакъехка. Ӏебархойн тептар тӀехь: Къинош а летош, цара шаьш кӀадбо. Хьо Ӏехорна юкъахь Ӏаш ву. Ткъа шаьш Ӏеха а деш, цара Со къобал ца во.
», –боху Везачу Эло.
7Цундела массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху:
«ЦӀарца санна цӀандийр ду Ас Сайн халкъ,
Ӏазапашца зуьйр ду Ас Сайн къам.
Кхин хӀун далур ду те Соьга царна,
Сайн хьомечу халкъо летийначу къинна?
8Церан меттанаш Ӏожаллин пхерчий санна ду,
цаьрца нах Ӏехабо цара.
Шен лулахошца цара мерза мотт буьйцу,
амма шайн даг чохь ямартло латтайо.
9Аса таӀзар дийр дац те царна и хӀума бахьана долуш? –
боху Везачу Эло. –
Сан даго бекхам бийр бац те
цунах терра долчу къомана?»
10Лаьмнашна ас белхар хӀоттор ду,
яьссачу аренгахь долчу дежийлашна
тийжар хӀоттор ду ас.
Цхьана а стага цаьргахула некъ
ца баккхарна, уьш дассийна ду.
Бажа Ӏоьхуш цигахь ца хеза,
стигалара олхазарш цигара дӀадахара,
бежанаш цигара дӀадахара.
11«Аса тӀулгийн оьла йина дӀахӀоттор ю Ярушалайм,
ткъа цунах чангӀалкхийн бен хир бу, – боху Везачу Эло. –
ЯхӀуд-махкара гӀаланаш Ас йохийна яссор ю,
цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац».
12Вуй те дуьнен чохь цу хӀуманах кхетар волу хьекъалча? Вуй те Везачу Эло хьекъал делла волу стаг, цу хӀуманах кхето йиш йолу? ХӀунда хӀаллакдина хӀара латта, цхьа а шена тӀехула новкъаваьлла стаг а ца гуш, хӀунда яссийна хӀара аре? 13Везачу Эло иштта жоп делира цу хаттарна: «Иза иштта хилира, хӀунда аьлча Аса шена дӀабеллачу товрат-хьехамна тӀера Сан халкъ дӀадирзира – Сан озе а цара ла ца дугӀура, Аса тӀедиллинчуьнца а уьш ца лелара. 14Уьш, шайн аьрхачу деган некъ а лехна, БаӀал-харцделанашна тӀаьхьахӀиттира, шайн дайша шайна ма-хьеххара». 15Цундела Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса цу къомана сагал-буц яор ю, цунна дӀаьвше хи а малор ду. 16Аса уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржор бу, я царна а, я церан дайшна а девзаш хилла доцучу къаьмнашна юккъехь Ӏойтур бу. Ас Сайн тур царна тӀехьажор ду, царна дан дезарг Айса чекхдаккхалц».
Ярушалаймера наха орца даккхар
17Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «ЛадогӀа, тийжаран зударий схьакхайкха,царах уггар говзанаш схьакхайкха,
уьш кхуза схьабахкийтархьама».
18Наха элира: «Сихха схьа а баьхкина, цаьрга вайна тӀаьхьа тийжар хӀоттадайта,
вайн бӀаьргийн негӀарийн чоьш тӀера бӀаьрхиш охьаэхийта,
юьхь тӀера хин тачанаш охьаэхийта».
19Цийонна тӀехь тийжам хеза: «Вай баккъалла а хӀаллакьхилла,
вай баккъалла а юьхьӀаьржачу хӀиттина.
Вайн мохк бита безаш ду вай,
вайн цӀенош дохийна дӀадаьхна».
20ЛадогӀа, зударий, Везачу Элан даше. Цуьнан багара схьадевлла долу хӀара дешнаш шуна дӀахозийла:
«Шайн зудабераш маьхьаршца делха Ӏамаде.
ХӀара тезетан тийжам вовшашна Ӏамабе:
21„Ӏожалла еана схьакхаьчна,
иза вайн корашкахула чуеана,
вайн гӀепашна чоьхьаяьлла.
Иза урамновкъара вайн бераш а,
майданашкара вайн кегий нах а
хӀаллакбан гӀерташ ю“».
22Ала: «Иштта боху Везачу Эло:
„Аренашкахь дӀасадаьржина долу кхо санна,
байинчеран декъий хир ду Ӏохкуш.
Ялта хьокхуш волчунна тӀехьа
Ӏохкуш долу хьаькхна кӀа санна,
Ӏохкуш хир ду байъиначеран декъий.
Уьш схьагулдан стаг а хир вац“».
23Иштта боху Везачу Эло: «Шен хьекъалх дозалла деш хила ца веза хьекъалча,
шен ницкъах дозалла деш хила ца веза ницкъ болуш верг а,
ткъа хьал долуш верг шен хьолах дозалла деш хила а ца веза.
24 bАмма дозалла дан лууш волчо
Со шена кхетарх а, вовзарх а дозалла дойла.
Лаьттахь безам а, бакъдерг а, нийсо а лелош волу
Веза Эла Со хиларх цо дозалла дойла.
И хӀуманаш ду Суна чӀогӀа тамехь дерш», –
боху Везачу Эло.
25«Варелаш, хан тӀейогӀур ю, – боху Везачу Эло, – шайн догӀмашкахь бен сунт ца биначарна Ас таӀзар ден йолу. 26Мисар-махкарчу а, ЯхӀуд-махкарчу а, Эдом-махкарчу а, Ӏаммин-махкарчу а, Муаби-махкарчу а, иштта яьссачу аренгахь бехаш болчу шайн гиччош тӀера месаш лоргуш болчу нахана тӀехь Аса таӀзар дийр ду, хӀунда аьлча массо а и къаьмнаш баккъалла а сунтдина дац, ткъа Исраилан массо а тӀаьхье цуьнан дагахь сунтдаза ю».
Copyright information for
CheCAC2012