Job 1
Иблисо Аюб зер
1ӀуцӀа-махкахь вехаш вара Аюб цӀе йолу цхьа стаг. Иза ша хӀуманна а бехке воцуш а, догцӀена а стаг вара. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хӀуманах ларлуш вара иза. 2Аюбан ворхӀ кӀант а, кхо йоӀ а дара. 3Цуьнан ворхӀ эзар уьстагӀ а, газа а яра, кхо эзар эмкал а, пхи бӀе шуьста а, пхи бӀе виркхел а, иштта дуккха а ялхой а бара. Иза малхбалехьа бехаш болчу массо а нахана юкъахь уггар а дукха хьал долуш волу стаг вара. 4Цуьнан кӀенташа тойнаш хӀиттадора, рогӀ-роггӀана кхиберш шайн-шайн хӀусамашка схьа а кхойкхуш. Цара шайн кхаа йише а кхайкха бохуьйтура, уьш шайца дууш-молуш Ӏайтархьама. 5Тойнийн го дӀабирзинчул тӀаьхьа, Аюба шен бераш ша волчу схьакхойкхура, уьш Далла хьалха цӀанбайтархьама. Ӏуьйранна хьалххехь хьала а гӀоттий, цо хӀора берана тӀера дийнаташ дагоран сагӀа доккхура. Цо ойла йора: «Сан бераша къа латийна хила мега, шайн даг чохь Дела емал а вина». Аюба и хӀума массо а хенахь дора. 6 aТӀедеана стигалара гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дӀахӀутту де. Цаьрца цхьаьна шайтӀа ▼▼ШайтӀа – иза иблисан кхин цӀе ю.
а деъна. 7Везачу Эло цуьнга хаьттина: «Хьо мичара схьадеана?» Везачу Элана жоп луш, шайтӀано аьлла: «Со лаьтта тӀехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дӀаса а лелла, юхадеана со». 8ТӀаккха Везачу Эло шайтӀане аьлла: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хӀокху дуьнен тӀехь кхин цхьа а вац: иза ша хӀуманна а бехке воцуш а, догцӀена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хӀуманах ларлуш ву иза». 9 cВезачу Элана жоп луш, шайтӀано аьлла: «Лаа дуй те Аюбан Далла хьалха ларамах вуьзна хилар? 10Ахьа ларвеш ма ву иза а, цуьнан цӀа а, цуьнан мел болу бахам а. Цуьнан куьйгаша хьегна къа Ахь декъалдина, берриг а мохк цуьнан жаша а, дохно а буьзна лаьтташ бу. 11Амма Ахьа Хьайн куьг цуьнан долахь мел йолчу хӀуманна тӀе кховдадахь, иза Хьан юьхь-дуьхьал Хьуна лен волалур ву». 12ТӀаккха Везачу Эло шайтӀане аьлла: «Дика ду, цуьнан мел долу хӀума хьан карахь ду, амма цунах куьг ма Ӏотта». ШайтӀа Веза Эла волчуьра дӀадахара. Аюбан бераш а, бахам а хӀаллакьхилар
13Цхьана дийнахь Аюбан кӀентий а, зудабераш а дууш-молуш Ӏаш бара шайн воккхаха волчу вешин цӀахь. 14Аюб волчу веанчу цхьана геланчо хаам беара: «Стерчий охана тӀехь дара, царна уллохь яжош виркхелаш а яра. 15Амма цӀеххьана тӀелеттачу шебахоша ▼▼Шебахой – иза къилбера еана йолу талорхойн жӀуга яра.
хьан даьхни лаьхкина дӀадигна, ткъа ялхой тарраш диттина байина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама». 16Иза вистхилла валале, кхин цхьа геланча а веана, хаам бахьаш: «Стигалара Делан цӀе охьа а йоьжна, массо а хьан уьстагӀий а, ялхой а дӀакхаьллина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама». 17И стаг вистхилла а валале, кхин цхьа стаг а веана, хаам бахьаш: «Кхаа агӀонгара хашадхой тӀе а летта, цара эмкалш лаьхкина дӀайигна, ткъа хьан ялхой таррашца хӀаллакбина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама». 18ХӀара и къамел дина а валале, кхин цхьа стаг а веана, хабар дахьаш: «Хьан кӀентий а, зудабераш а дууш-молуш бара шайн воккхаха волу ваша волчохь. 19ЦӀеххьана яьссачу аренгара хьаькхначу мохо цӀийнан биъ пен охьабожийра. ЦӀа охьадоьжча, хьан бераш цу буха а дахана, дайина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама». 20Аюба, хьала а гӀаьттина, шена тӀера хӀуманаш этӀийра. Шен месаш дӀа а лергина, голаш тӀе а хӀоьттина, суждане вахара иза. 21Цо иштта элира: «Ненан кийрара верзина схьаволуш ма-хиллара, лаьттан кийра верзина дӀа а гӀур ву со. Везачу Эло дала а делла суна, Цо дӀа а эцна. Декъал хуьлийла Цуьнан цӀе!» 22И дерриг а ша деш, Аюба къа а ца латийна, Далла Ӏиттарш а ца йина.
Copyright information for
CheCAC2012