Job 10
Аюба кхидӀа а элира: 1«Сан синна сан дахар къахьделла.Сайна чохь сецор бац аса сайн латкъамаш.
Ас буьйцур бу сайн даг чохь болу бала.
2Аса эр ду Деле: „Ма ехьа суна кхел.
Дийцахьа суна, стенна тӀехь со бехкево Ахь?
3Хьуна тамехь ду те суна гӀело яр а,
Хьайн куьйгаша виначух кхардар а,
ткъа Ӏесачийн ойланех Хьо воьлуш хилар а?
4Адаман ши бӀаьрг бу те Хьан,
я адамна санна са го те Хьуна?
5Тхан дахар санна доца ду те Хьан дахар?
Адаман санна ду те Хьан шераш?
6Цу бахьаница ас къа латийна хилар Хьо лоьхуш ву те?
Цундела ас зулам динийла Хьо леррина толлуш ву те?
7Со бехк боцуш вуйла Хьайна хуъушехь,
Ахь со дӀа ца хоьцу,
со Хьан куьйга кӀелхьара ваккха стаг а вац.
8Хьан куьйгаша кеп йина а, кхоьллина а ма ву со,
кхачаме а, цӀенна а, ткъа хӀинца хӀаллак хӀунда во Ахьа со?
9Дагадаийтахьа, Айхьа со поппарх вина, нисвина хилар.
ХӀинца юха а сох чан ян воллу те Хьо?
10Ахьа со, шура санна, охьавоьттира,
ткъа юха, кӀалд санна, вукъвира Ахьа со.
11Дилха а, чкъор а диллира Ахьа суна тӀе,
даьӀахкашца, пхенашца вовшахтесира Ахьа со.
12Ахьа суна дахар делира,
хедар боцу безам а белира,
гӀайгӀа барца сан са а лардеш.
13ХӀара хилла-кх къайлаха Хьан даг чохь дерг,
суна хаьа, иза Хьан даг чохь хиллий.
14Аса къа латийча, Ахь цуьнан тидам бийр бара,
аса латийнарг таӀзар доцуш дуьтур а дацара.
15Со бехке велахь – декъаза хуьлийла со!
Со бехке вацахь а, со корта хьалаайа а ваьхьар вац.
Эхь хетарх вуьзна ву со,
балано со вахийна.
16Со жимма хьалатаьӀӀашехь,
лом санна, тӀаьхьаволу Хьо суна,
Хьайн тамашийна ницкъ
юха а суна дуьхьалбоккхуш.
17Ахьа суна дуьхьал керла тешаш боху,
Хьайн оьгӀазалла чӀагӀ а еш.
Юх-юха а керла тобанаш суна дуьхьалйовлуш ю.
18ХӀунда ваьккхина Ахьа со сайн ненан кийрара схьа?
Цхьана а стеган бӀаьрг кхетале со велла велара!
19Со цкъа а хилла а ца хиллехьара!
Ненан кийрара схьаволлушехь,
коша чу виллина со хиллехьара!
20Сан дахаран денойх кӀезиг бен дисна дац те?
ДӀаверзахьа соьгахьара, жимма со воккхавейта,
21юхавоьрзур воцучу меттиге со дӀакхалхале –
бода а, Ӏожаллин ӀиндагӀ а долчу махка,
Ӏаьржа бода лаьттачу а, низам ца хуьлучу а махка,
серло а боданах тера йолчу махка“».
22
Цупара Аюбаца къамел до
Copyright information for
CheCAC2012