‏ Job 11

1ТӀаккха наӀматхо волу Цупар Аюбе вистхилира: 2«Дуккха а дийцинчу дешнашна дуьхьал дала жоп дац те?
Дукха къамелаш деш верг бакъ ву ткъа?
3Хьан даьссачу къамелаша тхо дист ца хуьлуш сацор ду моьтту хьуна?
Кхаьрдаш волу хьо цхьаммо а юьхьӀаьржачу хӀоттор вац моьтту хьуна?
4Ахьа Деле боху: „Сайн хьехамехь со бакъ ву,
Хьан бӀаьргашна хьалха со цӀена ву“.
5Суна луур дара, Аюб, Дела хьоьга вистхила,
хьуна дуьхьал Цо Шен бага схьаелла.
6Шен хьекъалаллин къайленаш
Дала хьуна йовзуьйтур елахьара,
бакъйолчу хьекъалаллин цхьа агӀо хилла ца Ӏарна.
Суна луур дара хьуна хаийта, Далла
хьан къинойх цхьадерш дицдалийтина хилар.

7Делан кӀоргачу къайленашка хьо билггал кхачало те?
Нуьцкъалчу Делан бухбоцучу бакъдолчух хьан кхета ницкъ кхочий те?
8Иза стигалел лекха ду –
муьлха адам цига кхачалур ду?
Иза эхартал кӀорга ду –
муьлхачу стагана иза хаалур ду?
9Цуьнан барам лаьттал беха бу,
иштта иза хӀордал шуьйра бу.
10Цо, схьа а веана, милла а набахти чу а воьллина,
иза кхеле озийча, Цунна дуьхьал мила вер ву?
11Цунна харцонаш лелориг вевза.
Нагахь санна Цунна зулам гахь,
Цо иза дагахь латтор дац?
12Хьекъал доцург хьекъале верзийча,
виркхело йинчу вирах адам хир дара.

13Хьан дог чӀогӀа Далла тӀетевжаш хила деза,
Цуьнга дӀакховдо деза ахьа хьайн ши куьг а.
14Хьайн куьйгашна тӀе вониг латийнехь,
хьайгара генна дӀакхосса деза ахьа,
ткъа хьайн четар чохь зулам а ма Ӏайта.
15ТӀаккха хьанна а нийса бӀаьргаш чу хьажалур ву хьо,
цхьаннах а ийза ца луш лелар ву хьо, цхьаннах а кхоьрур а вац хьо.
16ТӀаккха хьайн гӀайгӀа билггал бицбийр бу ахьа,
дӀадахана хи санна бен, иза дага ца лоцуш.
17Хьан дахар делкъенан малхал къегар дара,
боданах Ӏуьйренан серло хир яра.
18Хьайн сатуьйсийла йолу дела, хьо маьрша хир вара.
Дала лар а веш, хьо кхерамбоцуш наб кхеташ хир вара.
19Цхьаммо а кхера а ца веш, хьо дӀавуьжур вара,
дукхахберш хьуна хьалха хьесталуш а хир бара.
Ӏесачеран бӀаьргашна са кӀезиг гур ду,
шаьш кӀелхьарбовла церан йиш хир яц.
ТӀаьххьара а, садалар бен, церан сатуьйсийла хир яц».
20

Аюба Цупарна жоп ло

Copyright information for CheCAC2012