Job 12
1ТӀаккха Аюба, жоп а луш, элира: 2«Ма бакъ ду иза! Шу нехан бага ю теша?Шуьца цхьаьна хьекъалалла лийр ма ду!
3Ткъа сан а ма ду хьекъал, шун санна.
Ткъа со а ма вац шул оьшуш –
иза хьанна ца хаьа?
4Деле кхойкхуш, Цо жоп луш хилла волчу,
сох белам хилла сан доттагӀашна.
Нийса а, кхачаме а волчу сох кхардам хилла.
5Синтем болчунна моьтту
бохамах кхарда веза.
Ког тасабелларг чутоттуш ву.
6ПаргӀат ду талорхойн хӀусамашкахь,
Дела оьгӀазвохуьйтурш а синтеме Ӏаш бу,
цара Дела шайн карахь лелош волуш санна.
7ТӀаккха хатта акхарошка – цара хьоьхур ду хьуна,
стигаларчу олхазарша дуьйцур ду хьуна.
8Лаьттаца къамел де – цо хьоьхур ду хьуна,
хӀорда чуьрачу чӀерашка а дийцийта хьайга.
9Царах массарах а хьанна ца хаьа,
Везачу Элан куьйго и дерриг а дина дуйла?
10Цуьнан карахь ду хьуна
массо а дийначу хӀуманийн синош а,
иштта массо а адамийн синош а.
11Маттана юучун чам хааре терра,
лергана а ца девза ткъа дешнаш
12Къеначаьргахь хьекъалалла карор ду хьуна,
дукха ваьхнарг кхетам болуш ма хуьлу.
13Делехь ду хьекъалалла а, ницкъ а,
иштта Цуьнгахь бу хьехам а, кхетам а.
14Цо дохийнарг юхаметтахӀотталур дац,
Цо чувоьллинарг паргӀатвер вац.
15Цо догӀа сацадахь, массо а хӀума якъалур ю,
Цо хиш схьахецахь, цара дерриг а латта хӀаллакдо.
16Цуьнгахь ницкъ а бу, говзалла а ю,
Цуьнан карахь ву Ӏехориг а, Ӏехийнарг а.
17Хьехамчаш Цо хьекъалх эшабо,
кхелахойх Цо сонтанаш а хуьлуьйту.
18Паччахьашна тӀера хаза духарш дӀа а дохий,
лейн бедарш царна тӀеюхуьйту Цо.
19Динан дай Цо даржах эшабо,
чӀагӀбина куьйгалхой херцабо,
уьш тоххара дуьйна белахь а.
20Тешамечу хьехамчийн къамелаш а сацадо,
къеначеран къасторан хьуьнар а эшадо.
21Сийлаллехь болчеран сий а дойу Цо,
ницкъ болчаьргара ницкъ а дӀабоккху.
22Боданехь хьулдинарг а Цо гучудоккху,
Цо Ӏожаллин бода а серлонга боккху.
23Цо халкъаш доьбуьйту, уьш хӀаллак а до.
Къаьмнаш нуьцкъала а до, юха уьш дӀа а дуьгу.
24Дуьненан мехкийн куьйгалхошкара хьекъал дӀа а оьций,
уьш некъаш доцучу аренгахула буьйлабелла лоьлуьйту Цо.
Куьйган уьшаршца боданехь лела уьш,
бехна нах санна, уьш тоьхкуьйту Цо».
25
Copyright information for
CheCAC2012