b Аюб 33:11.

‏ Job 13

1Аюба элира:
«И дерриг а сан бӀаьргашна гина ду,
суна иза хезна ду, со цу хӀуманах кхета.
2Шуна хууш дерг суна а хаьа.
Со а ма вац шул оьшуш.
3Амма Нуьцкъалчуьнга вистхила лаьа суна,
Далла хьалха сайн гӀуллакх лардан лаьа!
4Ткъа аша сан чевнашна харцонца лоьралла до,
шу дерриш а – пайда боцу лоьраш ду.
5ЭхӀ, кхин дист а ца хуьлуш, шу дӀасевцича,
иза, шун хьекъалалла ду аьлла, туьдур дара.

6ЛадогӀийша гӀуллакх лардан ас бохучуьнга,
сайн багахула ас туьдучун тидам бейша.
7Делан дуьхьа зуламе дерг бохур ду те аша?
Цунна гӀоьнна мекарниг дуьйцур ду те аша?
8Цуьнга озабезам бан лаьий шуна?
Делан гӀуллакх лардан гӀерта шу?
9Нагахь Цо шу зийча, дика хир дуй?
Я Иза, адам санна, левийр ву аша?
10Цо луьра таӀзар дийр ду шуна,
аша къайлаха озабезам лелабахь.
11Цуьнан возалло шу кхера ца до те?
Цунна хьалха шуна тӀе кхерам ца буссу те?
12Аш далийна кицанаш, овкъарш санна, эрна ду.
Шаьш лардан боху дешнаш поппаран турсаш санна ду.
13ДӀа а совций, со вистхилийта,
тӀаккха кхунах луъург хилахьара.

14Сайн дахар кхерамечу хьоле ас хӀунда хӀоттор дара?
Сайн са ас куьйга тӀе хӀунда дуьллур дара?
15Цо со билггал вийна дӀавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву
Цо со билггал вийна дӀавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву – я иштта: Цо со вийна дӀаваккхахь а, Цуьнга сатуьйсуш Ӏийр ву со.
.
Сайн лелар Цунна хьалха билггал лардийр ду аса.
16Цу тӀехь хир ду сан кӀелхьарвалар, хӀунда аьлча
Делах тешаш воцург Цунна хьалхахӀотта ваьхьар вац.
17Дикка ладогӀийша аса бохучуьнга,
сан кхеторан дешнийн тидам бейша.
18Аса сайн гӀуллакх кхетачу къепехь кечдина.
Суна хаьа, со бакъвина хир вуйла.

19Мила ву соьца къовса йиш йолуш верг?
Со дӀатуьйр а вара, вала реза а вара.
20Ши хӀума ма дахьара Ахьа суна тӀехь,
тӀаккха со лелар вацара Хьох къайлавуьйлуш:
21суна тӀера Хьайн куьг а дӀадаккхахьара Ахьа,
Хьайн къематаца со кхера а ма вахьара Ахьа.

22ТӀаккха дӀакхайкха соьга, ас жоп лур ду Хьуна,
я ас къамел дийр ду, ткъа Хьо суна жоп луш хир ву.
23Мел ду сан къа а, сан зулам а?
Сан аьрхалла а, зулам а гайтахьа суна!

24ХӀунда лечкъайо Ахь сох Хьайн юьхь,
хӀунда лору Ахь со Хьайн мостагӀа?
25ДӀасалела гӀа санна волу со кхераво те Ахь?
Декъа ча санна волчу суна тӀаьхьалела те Хьо?

26Къаьхьа кхел ю Ахьа суна йинарг,
жималлехь соьгара даьллачунна суна доькхуш.
27 bАхьа сан когашна буржалш тоьхна,
ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу,
ас юьту лараш тергалйо Ахьа.
Иштта со, мурйоьлла дечиг санна а,
нецаша йоу бедар санна а, телхаш ву».
28

Copyright information for CheCAC2012