Job 14
Аюба элира: 1«Зудчо вина волчу стеган дахардоца ду, иза баланех вуьзна а ву.
2Зезаг санна, гучу а волий, маргӀалвулу иза.
ӀиндагӀ санна, водий, дӀавоьду иза, къайлаволуш.
3Иза ву-кх Ахьа тергал веш верг!
Хьайца кхеле кхойкхуш ву-кх Ахьа со?
4Боьхачунах цӀенаниг схьавер вуй?
Вер вац.
5Адаман дахаран денош дагардина ду.
Ахьа дуьстина цуьнан дахаран беттанаш,
царал тӀехвала цуьнан йиш а яц.
6Цундела ма вехьа иза тергал, витахьа иза,
цуьнан денош, тӀелаьцна волчу белхалочун санна, чекхдовллалц.
7Ур-атталла диттан а сатуьйсийла ю:
схьахадийча а, иза денлур ду,
иза керла патар ца долуш а дуьсур дац.
8Лаьттахь цуьнан орам къанлуш белахь а,
цуьнан юьхк бухахь яла йоллуш лаьттахь а,
9цхьажимма цунна хи тосалушшехь,
керлачу орамато санна, зӀийдагаш дӀахоьцу цо.
10Амма адам делча, иза телхий, дӀадолу.
ТӀаьхьара са дӀа а долий, адам кхин ца хуьлу.
11Ӏам чуьра хи къайладалар санна а,
хи дӀа а дахана, Ӏовраш якъалуш хилар санна а,
12иштта стаг дӀа а вуьжу, кхин хьала а ца гӀотту.
Стигалш мел юьсу, адам ден а лур дац,
шен даларан набарх сама а доккхур дац.
13Эхартехь со къайлавоккхуш велара Хьо.
ОьгӀазвахар дӀадаллалц со хьулвеш велара Хьо.
Цигахь Ӏен хан суна билгал а яьккхина,
цул тӀаьхьа со дагавогӀуш велара Хьуна.
14Веллачул тӀаьхьа вехар вуй те стаг?
Сайн къахьегаран дерриг а деношкахь
со паргӀатваккхаре хьоьжуш Ӏийр вара со.
15Хьо кхойкхур вара, ас Хьуна жоп а лур дара,
Хьайн куьйгаша кхоьллинчу сох хьоьгуш хир вара Хьо.
16Ас мел боккху ког Ахьа багарбийр бара,
амма сан къинош Хьуна дагадогӀур дацара.
17Соьгара даьлла зулам Ахьа тӀоьрмаг чу дӀадуьллур дара,
айса летийна къинош Ахь дӀахьулдийр дара.
18Охьабужу лам боьхна дӀабалар санна а,
тарх шен меттера меттахъялар санна а,
19хино тӀулгаш жимдар санна а,
хин Ӏовраша латта дӀадахьар санна а,
йохайо Ахьа адаман сатуьйсийла а.
20Стагана тӀехь Ахь кхоччуш толам боккху, тӀаккха иза дӀакхелха.
Ӏожаллехь цуьнан юьхь а хуьйций, Ахьа иза дӀа а хьажаво.
21Шен бераш сий долуш хилча а, цунна ца хаьа,
церан сий дайча а, цунна ца го.
Шен лазар бен ца хьоьгу цуьнан дегӀо,
шен гӀайгӀа еш бен дац цуьнан са».
22
Къамелийн шолгӀа дакъа
(15:1–21:34)
Элипаз
Copyright information for
CheCAC2012