a Аюб 25:4-6.
Job 15
1Теманхо волчу Элипаза жоп делира Аюбана: 2«Хьекъал долчо эрначу хабаршца жоп лур дара те?Мохан даьссачух хьо санна волчо шен кийра бузур бара те?
3Пайдабоцучу дешнашца цо ша бехказавоккхур вара те?
Цхьанна а мехала ца хуьлучу къамелашца иза къийсалур вара те?
4Амма ахь ур-атталла нехан суьпалла жим а йо,
адамо Деле доӀа дарна ахь дуьхьало а йо.
5Хьо къилахь хиларо Ӏамайо хьан бага.
Хьайн лаамца хӀилланчийн мотт буьйцу ахь.
6Со вац хьуна кхел йийриг, хьан бага ю,
хьан матто хьуна дуьхьал тоьшалла до.
7Адамашна юкъахь хьо дуьххьара кхоьллина ву моьтту хьуна,
я лаьмнел а хьалха хьо вина ву моьтту хьуна?
8Стигаларчу гуламехь Делан ойланашка ладуьйгӀирий те ахь?
Я дерриг а хьекъалалла хьуна кхаьчна те?
9Тхуна ца хуург хӀун ду хьуна хууш?
Тхо ца кхеттачух стенах кхетта хьо?
10Тхуна юкъахь къежбелла баккхийнаш бу,
ткъа уьш хьан дел а баккхий бу.
11Ца тоьу те хьуна Делера долу синхьаамаш,
хьайца кӀеда деш долчу къамелах тоам ца бо те ахьа?
12Стенна даьлла те хьан дог цу тайпана карзах?
Стенна бу те хьан бӀаьргаш, ткъес санна, къегаш?
13Хьайн са Далла дуьхьал хӀунда доккху те ахьа,
хӀунда дуьйлуьйту ахьа хьайн багара и тайпа къамелаш?
14 aАдам хӀун ду, Далла хьалха ша цӀена хилалур ду мотта?
Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта?
15Дела Шен дезачу маликех а ца теша,
Цунна хьалха стигалш а цӀена яц.
16Ткъа дегаза а, телхина а долу адам мила ду,
хи молуш санна, вонаш деш лелаш долу?
17Соьга ладогӀа, тӀаккха ас иза туьдур ду.
Сайна гинчух лаьцна ас хьоьга дуьйцур ду.
18Хьекъалалла долчара дийцинчух а,
цара шайн дайшкара хезнарг, хьул а ца деш,
дийцинчух лаьцна а хаам бийр бу аса хьоьга.
19Вайн дайшна бен дӀаделла ца хилла латта,
хийра нах царна юкъахь лелаш а ца хилла,
цундела дайшкара дерг цӀена а, нийса а ду.
20Ша мел вехачу деношкахь Ӏесаниг баланехь хьийза.
Къизачу стагана билгалдаьхна шераш дагардина ду.
21Къематечу маьхьарийн аз хуьлу цуьнан лерехь хезаш.
Машар лаьттачу хенахь талорхой цунна тӀелета.
22Боданах кӀелхьарваларе цо са ца туьйсу,
даим а шена хьалха цунна гуш дерг тур ду.
23Иза дӀасаоьхуш лела, ломъаьрзуна кхача а хуьлий ▼
▼Грекийн гочдар тӀехь: Иза дӀасаоьхуш лела, ломъаьрзуна кхача а хуьлий. Ӏебархойн тептар тӀехь: Иза дӀасаоьхуш лела, шена кхача а лоьхуш.
,цунна хууш ду боданан де тӀекхаьчнийла.
24Саготтоно а, синӀаткъамо а иза Ӏадийна латтаво,
тӀамца вогӀу паччахь санна, тӀегӀерта уьш цунна.
25И шадерг а цо Далла дуьхьал куьг айина хилар бахьана долуш ду,
Нуьцкъалчунна дуьхьал иза валар бахьана долуш ду.
26Курра дуьхьалволура иза Цунна,
ша ларвархьама деза турс а даьккхина,
27иза шех тоам бина волу дела а,
дозаллина севсина волу дела а.
28Иза йохийначу гӀаланашкахь вехаш ву,
адамаш чохь даха ца дезачу,
охьаэга кийча долчу цӀенош чохь.
29Иза дукха ханна хьал долуш хир вац,
цуьнан бахам а буьсур бац,
лаьтта тӀехь цуьнан долахь дерг алсамдер дац.
30Иза боданах кӀелхьарвалалур вац.
ЦӀеран алуно патарш дакъош долу
дитт санна, хир ву иза,
ткъа Делан Ӏаьнаро иза дӀавоккхур ву.
31Эрна долчух тешна Ӏаш ма хуьлийла иза,
цунах ша Ӏеха ма войла цо,
хӀунда аьлча эрналла цуьнан ял хир ю.
32Шен дахар чаккхенга дерзале, иза дакъаделла,
цкъа а сенделла дӀагӀур доцу га санна, хир ву.
33Хилаза йолу кемсаш охьаоьгу кемсийн таьлланг санна, хир ву иза,
я шен заза дожош долу зайт-дитт санна, хир ву.
34Ӏесачийн тобанарчун тӀаьхье хир яц, ткъа
кхаьънех доьгӀна цӀенош цӀаро дагор ду.
Шайн даг чохь вониг а кхуллу,
цара зулам дӀа а хӀоттадо.
Ӏесачеран кийрано мекарло йоккху».
35
Аюб
Copyright information for
CheCAC2012