a Аюб 19:25.

‏ Job 16

1Аюба цунна дуьхьал жоп делира: 2«И саннарг суна дуккха а хезна,
шун догъэцаро вон бен ца дахьа.
3Хир юй те пайда боцучу къамелийн чаккхе?
Иштта хабар деш хьо иракарахӀоттош дерг хӀун ду?
4Аса а дуьйцур дара хӀинца аша санна,
шу сан метта хилча,
соьга а далур дара хаза къамелаш,
кхардарца шуна дуьхьал корта а лестош.
5Аса а сайн маттаца шу чӀагӀдийр дара,
сан багахула даьллачо шуна синтем а бийр бара.

6Со вистхилча а, сан бала дӀа ца болу,
вист а ца хуьлуш со Ӏийча а, иза лах ца ло.
7Дала сан тӀаьххьара гӀора дӀадаьккхина.
Сан берриг а доьзал Цо бохийна-кх.
8Цо со схьа-ма-лаьцна,
ткъа иза суна дуьхьал тоьшалла ду.
Сан гӀора дайна хилар суна дуьхьалдаьлла,
сох бехкаш а дохуш.

9Делан оьгӀазлоно со цоьсту,
Шен цергаш суна хьекха а еш,
Цо соьца мостагӀалла леладо.
Сан МостагӀчо Шен ира хьажар суна тӀедерзадо.
10Адамаша шайн баганаш суна дуьхьал гӀаттийна,
дов дарца сан беснеш тӀе етта цара,
уьш массо а суна дуьхьалбовлу.
11Дала со вочу адамийн кара дӀавелла,
Ӏесачеран буьйна со дӀа а кхоьссина.
12Со синтеме Ӏаш вара, амма со кагвира Цо.
Вортанна тӀера схьа а лаьцна, со войра Цо.
Со Шен гӀакх санна вина дӀахӀоттийра Цо.
13Цуьнан пхерчий массо а маьӀӀера схьадетталуш ду,
Цо сан жаннех къа ца хеташ Ӏуьтту,
сан стим а лаьтта тӀе охьаӀанийна.
14Со пен болуш санна, юх-юха со вохош ву Иза.
ТӀемало санна, суна тӀеуьду Иза.

15Аса сайн чкъурана сингаттаман бедарш а тегна,
гӀора а дайна, дог доьхна чена юккъе охьа а хиъна.
16Велхарна сан юьхь цӀийелла,
сан бӀаьргаш тӀехь Ӏожаллин ӀиндагӀ ду.
17Иза иштта делахь а, сан куьйгаша цхьанна а
ницкъ ца бина, сан доӀа цӀена ду.

18Латта! Ма даккхахьа сан цӀий къайла!
Ас хьоькху мохь къайлаха дӀахьулбина ма хуьлийла!
19 aДелахь а, стигалахь сан Теш ву,
лакхахь ву суна ТӀехӀуттуш верг а!
20Сан юкъалеларг суна доттагӀа хилла дӀахӀоьттина,
Деле а хьоьжуш, ас бӀаьрхиш Ӏенадечу хенахь.
21Стеган дуьхьа цо Деле доьху,
адамо шен доттагӀчун дуьхьа ма-деххара.
Сан дахаран шераш чекхдовлуш ду,
юха ца воьрзучу новкъа волуш ву со».
22

Copyright information for CheCAC2012