Job 17
Аюба кхидӀа а элира: 1«Сан дог доьхна лаьтта,чекхдовлуш ду сан денош,
со кошан йистехь лаьтташ ву.
2Сох кхаьрдаш берш суна гонах лаьтта,
сан бӀаьргаш церан мостагӀалла ган дезаш бу.
3Дала дезарг дӀалохьа, Дела, со дӀахецархьама!
Кхин мила хир ву сох дош дала лууш верг?
4Церан дегнаш Ахь кхетамах даьхна,
цундела Ахь цаьрга толам боккхуьйтур бац.
5Са яккхархьама стага шен доттагӀий емалбахь,
оцу адаман берийн бӀаьргаш кхулур ду.
6Сох нахе кицанаш даладойтург вина Цо,
юьхь тӀе шеташ етташ волу стаг ву со.
7Сан бӀаьргаш балано талхийна,
сан дегӀ ӀиндагӀ санна ду.
8Бакъахьа леларш оцунах эргӀадбуьйлу,
бехк боцурш Ӏесачунна карзахбуьйлу.
9Делан лаамехь верг шен новкъа тӀера вер вац,
ткъа куьйгаш цӀена дерш чӀагӀлуш дӀахӀуьттур бу.
10Ткъа шу – кхин а цкъа схьа а дуьйла, дист а хила!
Шуна юкъахь хьекъалалла дерг карор вац суна.
11Сан денош чекхдевлла,
ас йина ойланаш йоьхна,
сан деган сатуьйсийла дӀаяьлла.
12Цу наха буьйсанах де ду олу,
суна хьалха бода лаьтташехь,
серло тӀекхочуш ю олу.
13Ас сатуьйсуш долу цӀа эхарт бен ца хилча,
цигахь болчу боданехь сайна мотт ас биллича,
14бух боцучу Ӏинах, сан да аьлла, цӀе яьккхича,
кошан нӀаьнех сан нана я йиша ас аьлча,
15тӀаккха мичахь ю сан сатуьйсийла?
Сан догдохийла хьанна гур ду тӀаккха?
Соьца кхочур юй те иза эхартан кевне,
соьца цхьаьна Ӏожаллин чене юьжур юй те?»
16
Билдад
Copyright information for
CheCAC2012