a Аюб 21:17.

‏ Job 18

1Иштта жоп делира шуахьахо волчу Билдада: 2«Маца совцур ду те шу и къамелаш дечуьра?
Ойла ейша, тӀаккха дийр ду вай къамел.
3ХӀунда лору тхо бежанаш санна?
Шун бӀаьргашна хьалха тхо кхетам боцуш ду хӀунда моьтту?
4Хьо оьгӀазвахханчохь хьайн са доу ахьа.
Хьо бахьана долуш дуьне дассо деза ткъа,
я тарх шен меттера дӀахилийта еза ткъа?

5 aӀесачун серло а кхулур ю,
цуьнан цӀеран алу а лепар яц.
6Цуьнан четар чохь серлонах бода хир бу,
цунна тӀехула болу къуьда дӀабовр бу.
7Цуьнан чӀогӀа болар а лахлур ду,
шен ойланаша иза вужуьйтур ву.
8Цуьнан когаша иза бойнна тӀе вуьгуш ву,
бойнан машшаш тӀехула иза воьдуш ву.
9Цуьнан кӀажа гуро дӀалоцуш бу,
кӀелоно иза схьахоьцуш а вац.
10Къайлаха речӀанаш цунна лаьттахь йоьгӀна ю,
цуьнан некъаш тӀе доьгӀна гураш а ду.

11Массо а агӀор цунна тӀегӀерташ кхерамаш бу,
иза цхьана меттера вукху метте вуьйлуьйтуш.
12Мацалло цуьнан ницкъ дӀакхоллу.
Бохам цунна уллохь кийчча лаьтта.
13Цамгаро цуьнан чкъор дӀакхоллуш ду,
къизачу Ӏожалло дегӀан меженаш юуш ю.
14Шен хӀусаман паргӀатонера схьа а ваьккхина,
къематийн паччахь волчу вуьгур ву иза.
15Цуьнан метта четар чохь кхин стаг Ӏийр ву,
цуьнан хӀусамна тӀе тесна саьмгал хир ду.
16Лахара цуьнан орамаш а дакъалур ду,
лакха тӀера цуьнан гаьннаш а маргӀалдулур ду.
17Дуьнен чохь иза дагавойтуш мел долу хӀума йойур ю,
урамашкахь цуьнан цӀе кхин яьккхина хир яц.
18Серлонгара бодане иза дӀалоллур ву,
кху дуьнен чуьра иза дӀавоккхур ву.
19Шен халкъана юкъахь бераш я кхин йолу тӀаьхье хир яц цуьнан,
иза Ӏийначу меттехь цхьа а дийна вуьсур вац.
20Малхбузера берш цуьнан кхолламах инзарбевр бу,
малхбалера берш цунна хиллачух Ӏадийна лаьттар бу.
Баккъалла а, иштта хир ю вочун хӀусам,
Дела къобал ца винчун цӀа иштта хир ду».
21

Аюба жоп ло

Copyright information for CheCAC2012