Job 19
1ТӀаккха Аюба жоп делира: 2«Мел хьийзор ву аша со,шайн дешнашца со хьоьшуш?
3Хьалха а уьттазза юьхь яьхна аша сан,
шаьш са готта хьовзорах оза а ца луш.
4Нагахь ас къа латийнехь а,
сан гӀалат соьца дуьсур ду.
5Нагахь санна со сийсазвина хилар суна тӀех а детташ,
суна хьалха шу лакхадовла гӀертахь,
6хаалаш: со охьатаӀийнарг Дела ву шуна,
Шен гураш суна гонах дӀа а хӀиттийна.
7Ас мохь бетта: „Со вуьйш ву!“– бохуш,
амма суна жоп луш цхьа а вац,
ас орца доху, амма суна нийсо ца йо.
8Суна хьалхара некъ Цо дӀалаьцна,
цундела со дӀа ца вахало,
сан некъаш тӀе Цо бода хӀоттийна.
9Соьга хилла болу ларам Цо дӀабаьккхина,
сан коьртара таж а дӀадаьккхина.
10Массо а агӀонгара тӀеетта Цо суна, со леш ву!
Сан сатуьйсийла дӀаяьккхина, орамашца схьадаьккхина дитт санна.
11Иза суна дуьхьал оьгӀазаллех вуьзна ву,
Цо со Шен мостагӀа санна лору.
12Цуьнан ардангаш суна тӀегӀерта,
шайна некъ а боккхуш,
цара сан четарна го бина.
13Сан гергарнаш суна уллора Цо дӀабаьхна,
со вевзарш а сох къехка.
14Сан тайпанах берш суна уллора дӀабевлла,
со вевзаш хиллачара со вицвина.
15Хьешашна а, ялхошна а со хийра хета,
царна гергахь со хийра стаг ву.
16Сайн ялхочуьнга кхойкху со, амма цо суна жоп ца ло,
цуьнга дехарш дан дезаш хуьлу со.
17Сан зуда сан Ӏаьнах къехка,
сан берашна а со боьха хета.
18Божаберашна а со сийсаза хета,
со шайна гучуволлушехь, сох кхарда буьйлало.
19Сан доттагӀашна а со боьха хета,
суна безнарш а суна дуьхьалбевлла.
20Сох, чкъор а, даьӀахкаш а бен, хӀумма а ца дисина,
валлал бен суна чохь са а дац.
21Къинхетам бейша! Къинхетам бейша сох,
сан доттагӀий, сох хьакхаделларг Делан куьг ду!
22ХӀунда лела шу суна тӀаьхьадевлла, Дела ма-леллара?
ХӀунда лела шу суна кхин а мотт бетташ?
23Сан дешнаш дӀаяздина делахьара!
Уьш тептар тӀехь дӀаяздина делахьара!
24Аьчка къоламца дошана тӀехула я
массо а ханна тӀулга тӀехь уьш хьаькхна делахьара!
25Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а,
Иза тӀаьххьара а лаьтта тӀехь дӀахӀуттур вуйла а.
26Цамгарша сан чкъор дӀакхаьллинехь а,
сайн дилхана юкъара суна Дела гур ву.
27Суна сайна гур ву Иза.
Сан бӀаьргашна гур ву,
тӀаккха Иза суна хийра хир вац.
Со хьаьгна ву иза хилийта!
28Аша иштта аьллехь: „Цунна тӀаьхьа муха довла деза вай,
баланийн бахьанаш цунна чохь карош хилча?“,
кхералаш туьрах, хӀунда аьлча
дералло туьре бекхам бойту.
ТӀаккха хуур ду шуна кхел юйла».
29
Цупар
Copyright information for
CheCAC2012