‏ Job 2

ШайтӀано юха а Аюб зер

1Юха а Стигаларчу гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дӀахӀиттира. Царна юкъахь шайтӀа а дара. 2Везачу Эло хаттар дира цуьнга: «Хьо стенгара схьадеана?» – аьлла.

Везачу Элана жоп луш, шайтӀано элира: «Со лаьтта тӀехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дӀаса а лелла, юхадеана со».

3Везачу Эло шайтӀане элира: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хӀокху дуьнен тӀехь кхин цхьа а вац: иза хӀуманна а бехке воцуш а, догцӀена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, иза массо а вочу хӀуманах ларлуш ву. Иза хӀинца а чӀогӀа шен кхачамалла ларъеш ву, цуьнан бехк боццушехь, иза дакъазаваккхийта ахьа Со иракарахӀоттийнехь а».

4Иблисо жоп делира Везачу Элана: «ЦӀокана дуьхьал цӀока ло. Шен дахарна дуьхьал стага массо а хӀума дӀало. 5Хьайн куьг дӀа а кховдадай, цуьнан даьӀахках а, дилханах а кхетахьа. Аса жоп ло-кх, иза Хьан бӀаьргашна хьалххахь Хьуна лен ца волалахь!»

6Везачу Эло шайтӀане элира: «Дика ду, иза хьан карахь ву, амма цуьнан дахар ахьа кхоо деза».

7ШайтӀа Везачу Элана уллора дӀадахара. Цо Аюбан дегӀа тӀе когаш тӀера дуьйна коьрта тӀе кхаччалц ноткъа оьхуш долу даӀ туьйхира. 8Цу даӀ тӀе хьакха кхийрачу пхьегӀех йолу гериг схьа а эцна, овкъарш тӀе охьахиира Аюб. 9Цуьнан хӀусамнанас цуьнга элира: «Хьо хӀинца а чӀогӀа хьайн кхачамалла ларъеш ву? Далла ле, тӀаккха хьо лийр ву!»

10Амма Аюба цунна жоп делира: «Ахьа дуьйцург хьераяьллачо дуьйцур дара. Делера диканиг схьа а оьцуш, вониг дӀататта деза те вай?» И дерриг а ша деш, шен дешнашца Аюба къа ца латийна.

Аюбан доттагӀий

11Аюбана хиллачу бохамах лаьцна цуьнан кхаа доттагӀчунна хезира. Уьш шайн-шайн меттигашкара арабевлира: теманхо волу Элипаз а, шуахьахо волу Билдад а, иштта наӀматхо волу Цупар а. Уьш вовшахкхийтира, Аюб волчу кадам бан а, цуьнан догъэца а бахархьама. 12Геннара Аюб гина болчу царна иза ца вевзира. ЧӀогӀа мохь а бетташ, билхира уьш. Шайна тӀера бедарш а этӀош, коьрта тӀехула ченаш стигала хьалакхуьссура цара. 13ВорхӀ дийнахь а, ворхӀ буса а Ӏийра уьш, лаьтта охьа а хевшина, цунна уллохь. Цара вовшашка цхьа а дош ца олура, хӀунда аьлча царна гора Аюбехь болу бала боккха хилар.
Copyright information for CheCAC2012